Низамо лучу бакъонах пайда а оьцуш, хенал хьалха набахтера аравала йиш хир ю бакъоларъярхочун Титиев Оюбан кестта
"Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочо Титиев Оюба шена Шеларчу кхело ши кIира хьалха хан тохар орзе цадаккха сацийна. Баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелорна аттачу хьелашкахь колонехь даккха диъ шо кхайкхийна цунна кхелахочо Зейнетдинова Мадинас. Сацам низаме бирзина кху беттан хьалхарчу дийнахь.
Дина таIзар кIеда ду прокуратуро хьехначул – цо доьхура Титиевга набахтин луьрачу хьелашкахь 4 шо даккхийтар а, 100 000 соьманна гIуда тохар а. "Еза" категори ца луш, "юккъерчу" бараман категори къастийна кхело Титиевгара даьллачу "зуламна".
ХIара денош тIедахккалц хууш дацара, хIун сацамбо цо – орзе доккху шена кхайкхийна таIзар я иза а ца деш, ах хан текхна ваьлча низамо магош ма-хиллара, набахтера ша аравалийтар доьху. ХIинца цхьалхадаьлла и хаттар: Шелан кхелан сацам къовсаме а ца боккхуш, Охан-беттан 9-чу дийнахь шен еха тарлуш йолу маршо (УДО) йоьхур ю Iедале Титиевс.
"Кхело къастийначу таIзаран кепо а, чохь ас яьккхинчу хено а набахтийна а, прокурорашна а могуьйту кху беттан 9-чохь со лаьцначуьра арахеца. Оцо суна таро ло айса беза лоруш болу "Мемориалера" болх бан кхидIа а", аьлла ду бакъоларъяран центро шен сайтехула довзийтина Оюбан дIахьедар.
Изоляторехь яьккхинчу хено шена гайтина ша мел оьшуш ву а, болх метта ца хIоттийча ша ца волийла а – цигахь дукха бу цуьнгара гIо оьшу пекъарш. Иштта боху ша Титиевс. Кхел шена таIзар а кхайкхош йоьрзур ю бохург шеконехь а дацара, таханлерачу Нохчийчохь стагга а дац бехках хьалхавоккхийла, аьлла Оюба.
"Вай пачхьалкхо низамах муха пайдаоьцу хууш ду, кхеташ ду, кхело шега ма-ялло кIадо йина суна. Массарна а хаьа со бехке воцийла. Ткъа суна мехала ду Шелахь дина таIзар наханна беламе хетар а, со цIена хиларх уьш тешар а", яздо бакъоларъярхочо.
Кхеланна реза ду шаьш бохург дац цуьнан сацам къовсаме цабаккхар, хIоьттинчу хьолехь юьхьара ца эцча ца йолу тактика ю, хаамбо Титиевн адвоката Заикин Петра а. Цунна хетарехь, Iедална цхьа а бахьана дац Титиевс набахтехь токху хан цаяцъян –лаьцначохь набахтин хьаькамашна цатов хIума цкъа а ца далийтина шегара Оюба. Цу тIе, хенал хьалха набахтера арахоьцучуьнга "низамо ца боху бехк тIеэца, набахтин куьйгалхочунна, прокурорна стаг мукъаваккха лиичхьана чекхдолу дерриг а", билгалдоккху адвокато.
"Иза Оюба ша бина къастам бу, ткъа тхо тIетайна цунна луучунна. Оха къобалдо цунна хетарг, амма сацаман да иза ша ву ", аьлла "Мемориалан" "Горячие точки" ("ГIоьртина хьал лаьтта меттигаш") программин куьйгалхочо Орлов Олега. Ткъа Оюба ша яздинчу кехатехь боху, иштачу сацаме ша валийна шен гергарчарна а, доьзалн а хетачо, чIагIдо Орловс.
"ХIета а, вета а Оюб набахтера кеста аравала торуш хилча, дац маьIна аппеляци ян, аьлла гергарчара. Оцу позицина реза ца хилча ца волу ша иза а. Тхуна а лаьа Титиев сихха набахтера араволийла, тхайн агIор далург а дийр ду цунна гIоьнна, гергарчарна а санна, тхуна а оьшу иза тхешан балха тIехь ", боху Орловс.
Набахтех мукъаваьлча, Титиевс болх Нохчийчохь бийр буй, аьлла динчу хаттарна жоп иштта делира мемориалхочо: "Оюбца дийца деза тхан иза, тидаме эца деза оцу махкахь цунна мел кхераме ду. Ша Оюб-м сихонца реза ву шен болх меттахIотто, я цунах иза вац юкъараваьлла а. Изоляторехь Iачу юкъанна лецначарна гIодеш хьийзина иза. Ткъа муьлхачу меттехь, муха цо болх дIахьор бу, иза мукъваьлча дийцаредийр ду оха ".