Оьрсийчоьнан маьIданийн урхалло бакъо елла «Роснефть» компанина Нохчийчохь йолучарна тIе кхин а йиъ меттиг мехкдаьтта схьадаларца талла. Билгалаяьккхинчу меттигех кхоъ Соьлж-ГIалин йистошкахь ю, цхьаъ - Нажи-Юьртан кIоштахь. "Роснефт" декхаре йина Нохчийчохь даккха тарлучу мехкадаьттан а, газан а барамаш билгалбаха.
Тахханалц мехкдаьттан керла меттигаш таллар дIахьош а дацара Нохчийчохь. 1999-чу шарахь дуьйна кхуза чуеъначу «Роснефть» компанино дукха сиха даьккхира нохчийн мехкдаьтта шен дола. Оцу бакъонах белла мах а бара беламе. «Грознеский рабочий» газетан коьрта редактор Турпалов Лоьмас оцу хенахь дуккхаза а далхийра Москохарчу "хьешаша" нохчашна дина къола. Цо оцу хьокъехь дийцира Маршо Радиога а.
Турпалов Лоьма: «Роснефть» Нохчийчу шозлогIа тIом дIаберзале чуеъна ларалуш ю. !999 шеран ГIуран-баттахь цуьнга дIаеллера республикан мехкдаьттан комплекс. Цу хенахь, махкахь 19-20 меттиг яра мехкдаьтта доккхуш. ХIораннах «Роснефть» компанино делира 1500... сом (!) ахча. Оцу ахчанах 6-7 кийла жижиг бен а ца догIура хIетахь.
«Роснефть» компанино Нохчийчуьра ша хьаладаьккхинчу мехкдаьттах, ала догIу, тIадам а буха ца буьтуш, пачхьалкхан дозанал арахьа дIадухкуш ду хIинца а. Иштта, масала, 2008-чу шарахь цо 8 миллиард сов сом даьккхира. Цунах Нохчийчу юхакхаьчнера 1,5 миллиард . Оцу ахчанах 512 миллион сом, мехкдаьттан комплекс ларъярна, бухадисинарг алапашна а, цхьацца кхечу гIуллакхашна а дIасадахара. И ахча тоьаш а дац кхузара маьхдаьннан комплексан шен хьашташ кхочуш дан а, хIета-м муххале а кIезиг дара. И система хIинца а хийцаелла яц, бохуш, кхин дIа а дийцира Турпалов Лоьмас.
Турпалов Лоьма: "Мехкдаьтта схьадаккха еллачу лицензех «Роснефтехь» 51 процент акцеш ю, ткъа вайн, нохчийн, Iедалехь 49 процент бен яц, оцу бахьаненна дерриг а мехкдаьтта оцу компанин карахь ду. ДIадохка а, дIадахьа а бакъо ю цуьнан. ХIинца шарахь 2 миллион тонн доккхуш ду, бохуш дуьйцу, цунах 12 миллиард сом хуьлу. 10-I5 процент юхайогIу Нохчийчу, важа ахча «Роснефтна» дуьсуш ду-кх".
Цхьа ши кIира хьалха, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана рогIехь бартбеттарца дIахьедар дира, «Роснефть» компанино шена тIелаьцна декхарш кхочуш деш дац, аьлла. Оцу пачхьалкха компанин коьрте Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран уллера доттагI волу Сечин Игорь хIоттор дика хIума лоручу Нохчийчоьнан куьйгалхочо, ...шен и дойла дацахь а, бехке йира «Роснефть», кхузахь мехкдаьтта чекхадоккху завод еш яц, аьлла.
Шо хьалха, генна кхайкха а деш, Соьлжа-гIала йистехь и завод йилла йолийра. Амма, масех бутт балле и болх сецира. ХIинца и майда лаьтташ ю, гонаха еккъа цхьа керта а йолуш. Бинчу бартаца, 2013 шарахь и завод болх бан йолаяла езащ яра. Амма схьагуччул бен кхин жигаралла яц цигахь. Нохчийн республикана шен мехкдаьттах цкъа а пайда баьлла ца хилар билгалдоккху «Грозненский рабочий» газетан коьрта редактора Турпалов Лемас.
Турпалов Лоьма: "Нохчашна оцу мехкдаьтах цкъа а пайда болуш бац. Кхузара дIа а хьой, цигахь иза чекх а доккхий, дIадухку. Масех шо ду Нохчийчохь иза чекхадоккху завод йийр ю боху. Ама иза еш яц. Иза йича, дуккха а белхан меттигаш хир яра. «Роснефть» компанино кхузахь доккхуш долу мехкдаьтта башха дукха дацахь а, цу системехь болх бечарна а, цхьацца хьакамашна а каракхача дика хIума-м хуьлу, аьлла, хета суна".
Нохчийчохь мехкдаьтта даима а хилла лечкъош а, шена тIехь цхьацца бозбуанчаллаш лелош а. Ишшта, цхьацца ницкъаша оцу мехкдаьттанехула политикан тIеIаткъамаш а бо махкана. Шена цIе нийса тиллина юйла оцу маьIдано хаийтира шина тIамна юккъехь а - могIарерчу наха иза шаьш доккхуш, кхехкош, духкуш беъна хиллачу муьрехь. И зама хIинца гена яьлла, дIаяхана, амма цо шел тIаьхьа шех Iехабеллачеран чарташ а дитина. Кхин дай бу Нохчийн мехкан. Ткъа царна мел лаарх а, уьш мехкдаьттан дай ца хилало.