Нохчийчохь шашах кхоллалуш дац Малхбалехь я Малхбузехь вехачу махкахочун васт. Муха го дозанал арахьа веха нохчо мехкан куьйгалхочунна? Муха вист хуьлу иза цуьнга? Масалш.
Кадыров: «-Ахь цIадуьйла ца бохура тхоьга? – ВаллахIи, биллахIи, таллахIи ца бохура! Ас шаьш доллучохь деша а боху, яхь йолуш, юьхь йолуш, дин а долуш, нохчалла йиц а ца еш, тоьлла дахийша, министраш гIойша цигахь, депутаташ гIойша цигахь!....
...Европера шу лаьхкинчу хенахь, шуна даха меттиг хир бац. ТIаккха оха аш аьллачу хIора дашна жоп доьхур ду шуьга. Массо сайт хаьа шуна суна, хIора дош дIаяздеш ду шуна, шайна кханоненна вон болх ма бе!»
Махкахбевлла нохчий беламе гойтуш, аьшнаш беш хаало прессехь, иштта театрехь, масала. Гойту васт-стереотип мухIажиран цхьаъ ду – мотт дIатесна, гIиллакхах воьхна, дай ламастех хаьдда.
«Европера нохчий йоI ирахь Iаш», «Париж», «Вовшахкхетар» - оцу могIара ю хIитточу спектаклийн цIерш.
Германехь йоI маре яхийта кечъеш нана, я Нохчийчуьра шен веше Франце телефон етта йиша, я массех Малхбузерчу пачхьалкхера хьажахIитта цIабахкинчу воIаршца къамелде да гойтуш хIотточу суьртехь беламе, нохчаллах хаьдда гойту васт.
Театрера аьзнаш: «Эльза хьан маре йоьду хан хилла, эцца немцочуьнга а яхана йовр ма ю хьо! Ферштейн? – Ферштейн, ферштейн!... Алё, Эдик! - Мадам, мадамуазель, силь ву пле, тужур! – ХIун тужурка ю ахь юьйцург?! …Ас зуда кхузара яло ца мега?..»
Муха лов Европерчу нохчаша шаьш иштта гуш даймахкарчу хьаькамашна а, прессина а, шайх лаьцна театр йоьлуш?
И хаттар Маршо Радионо дира уггаре дукха Европехь нохчий бехачу Австрерчу вахархочуьнга Казбеке. Ца тов цунна.
Казбек: «ЦIерачара и КВН-ш йохуш, кху Европерчу нохчех лаьцна и хIуманаш хIунда дуьйцу, леладо ца кхета со. Цигахь верг, кхузахь верг нохчо вац? Оццул галдаьлла хьал ду-те олйи хета суна. Мотт ца буьйцучо ца буьйцу.
Европе схьадаьхкинера бохуш, тхох лелош долу и хIуманаш ца тов суна, сан накъосташна а ца тов. Бу, мотт дика ца хуурш а бу. Цигахь а ма буй уьш-м. Тхан Австрехь, масала, мотт Iамош бу, маьждигаш ду, дуккха а нохчийн юкъараллаш ю нохчаллах тIаьхье ца ходуьйтуш, кхиош».
Делахь а, шалхадолу цIераваьллачу, махканна юьстах вехачу нохчочун васт ша Нохчийчохь а. МогIарчу бахархоша кхин мах хадабо, кхечу бIаьргашца хьожу даймахканна юьстах бехачу нохчийн.
Лианас, Соьлж-ГIаларчу яхархочо, дийцира шена хетачух. Цунна хийра ца хета цкъачунна махкал арахьа беха нохчий.
Лиана: «Театрехь хIитточу васташна Европерчу нохчаша дегабаам бан ца беза – уьш забарш ю. Массаьрга цIа дуьйла бахар а нийса дац. Дешна а хилча, дIатарбелла а хилча нах. Дешна нах оьшу цIахь. Амма болх хуьлда иза, кхиболу аьттонаш хуьлда – дерриг а ду церан, цундела цIадуьйла соьга алалур дацара.
Тахана а дукха адам ду дIадоьдуш. Массеран а бу аьттоне сатийсам, могашалла тоян дIаоьху. Масала, сан йишин кIантана дарбадан 3 миллион сом оьшура, тхоьга цунна операци яйталур яцара, ткъа Германехь йира. Цундела билла бехк бац дIабоьлхучарна, баханчарна, я иза билла беза аьлла а ца хета.
Вай цхьа нохчий ду, аренгахь болучара а лардо шайн дин а, яхь а. Шайн кегий доьзалш а эцна, тIом болуш дIабахана уьш. Кхузахь паргIато елахьара, дIаоьхур а бацара нах, цIа а богIур бара. Iедало аьтто бахь, уьш цIа а богIур бу. Кхузахь белхаш бац. Гергарлонаш дацахь, цхьа а хIума дIа а ца доьду. Хетарг ала вошех ваьхьаш а воцу хьал ду кхузахь».
Даймахке са ца туьйсуш цхьа а нохчо ву олийла дац дозанал арахьа. Амма децIахь цуьнан васт шалхадаьлла мел лела - Iедалан бIаьргаш чохь цхьаъ, бахархошна гарехь кхин – воьдийла дац Малхбалера я Малхбузера цIа, олу хIораммо а санна.
Ткъа массара а ларбо хийцамаш – Оьрсийчохь политикан хьал кIаддаларе, Нохчийчоь демократехьа йирзина, маьршаяларе, адамна даха паргIато йоссаре...