Шина а бараме баха нах ир-карахIиттийнарг вара ши де хьалха инстаграмехула рохIинджа къоман бала балхош вистхилла Кадыров Рамзан.
«Ас хоьтту: Стенна тийна Iа Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш? Европехь цхьаьнхьа эккхийтар дича, стаг вийча, вайн хаамийн гIирсаша сихха хоуьйту, политикаш, кхиберш къамелашка бовлу. Кхaа дийнахь масийтта эзар стаг вийннашехь, массо а тийна Iа.
Со цунна реза ву моьтту шуна? Вац дера. Вуно чIогIа реза вац. Оьрсийчоь цигарчу тахана зуламаш деш хьийзачу «шайтIанашна» тIекарло еш елахь, со дуьхьал ву Оьрсийчоьнан позицина. ХIунда аьлча, сан сайн хьажам бу, сайн позици ю. ЭрдогIана оцу тIехь нийса позици лаьцна, оха иза къобалйо».
Мьянма - Оьрсийчоьнан доттагI
РИА-Новости агенталло ши бутт хьалха динчу тоьшаллица, Оьрсийчоьнанний, Мьянминний тIеман министрша бартбина герзашца гергарло лелон, гIашлойн а, хIордийн а ницкъаш цхьаьна чIагIбан, иштта, медицинехь а, эпсарш Iаморехь а гIодан. И хаам министран Шойгун гIовсо Антонов Анатолийс баржийра барт хIотточу бIаьстенан дийнахь.
«Оцу берто аьтто лур бу, - элира Антоновс, - вайна духьалхIуьттучу халонашца къийса а, Оьрсийчоьнан а, Мьянмин а кхерамзаллина дуьхьалдуьйлу хьелаш юхадаха а».
ТIеман министралло ша бинчу бертах йолу информаци шоръеш, хаийтира гергарло Мьянмица терроризмца латточу къийсамехь а лелар дуйла. Ткъа юкъарлонаш ду оцу махкахь тIеман спортхой Iамочу, салташна оьрсийн мотт хьоьхучу тIегIан биста кхаччалц.
Мьянмерчу Аракан махкара бусалба къам рохIинжа бухарчу буддисташа а, Iедалан ницкъаша а террора кIел далладо, иза харцо ю, Мьянма кхетамчу яло еза, цига гуманитаран гIо кхачон деза аьлла яра дахначу Iай а, кху бIаьста а Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташо тIеэца гIоьртина резолюци. Цунна блок туьйхира Китайно, а Оьрсийчоьно а. Зазадоккху-беттан 17-гIа де дара тIаьххьара блок тоьхнарг.
Оьрсийчоьнан позици кхин хийца ца елира цул тIаьхьа баьхкинчу беттанашкахь. Нийсса кIира хьалха ду, «Мьянмерчу Ракьхайн махкахь жигардаьлла «Ракьхайнан рохIинжаш кIелхьарбоху эскар» цIе йолу тIемалойн тобанаш полицина, меттигерчу эскаршна тIелета, цара 11 эскархо а, дуккха а бахархой а байина, и тайпа талораш дар оха емалдо, уьш Мьянмин Iедал малдархьама деш ду», аьлла, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедича.
Кремлна дуьхьал ваьллий те Кадыров?
Кадыров Рамзана ша рохIинджа хьийзор ловр дац, нагахь санна Оьрсийчоьно иза магош делахь, цуьнан позици а ца йо къобал олучу денна дацара Кремло Мьянмерчу хьолан хьокъехь керла дIакъадийна хIумма а.
Цундела хеталора Мьянмера хьал-де лардечарна Нохчийчоьнан куьйгалхо бусалба вежарийн дуьхьа хьаьнцца а – ур-атталла Путинца а - эгIа кийча ву, аьлла.
Амма мичара яьллера Путинан политикна оццул ира Кремлна критика ян майралла?
Жоп долуш ду. Москох митинг хилла де даьлча, ткъа Соьлж-ГIалахь и санна митинг йоьдучу сахьташкахь Оьрсийчоьнан дипломатин официалан векало Захарова Марияс шен фейсбукехула даржийначу дIахьедаро йосту къайле.
Оьрсийчоьно Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташонан резолицина блок хIоттийра бохург бакъ дац, и санна йолу фейкаш яржориг Reuters ю, яздира Захаровас Соьлж-ГIала гуламна етталучу Iуьйрана.
Тамаше ду Захаровас яздинарг. Бакъ долчух тера дац. Масситтаза хIиттийна Оьрсийчоьно рoхIинжа къома тIехь латточу геноцидна дуьхьал кечйинчу резолюцина блокаш. Цул совнаха, Мьянмин Iедало официалехь баркаллаш а баьхна Китайна а, Оьрсийчоьнна а цара Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацехь резолици чекх ца ялийтарна.
Делахь а, кIирандийнахь Москох бусалбанаша хIоттийна гулам берзале, Соьлж-Г1аларниг болабалале прессехула Мьянмерчу хьолаца доьзна сихха арахьарчу гIуллакхийн министралло ша динчу дIахьедарехь ца боху кхин рохIинжа къоман тIемалойх вониг, ткъа ша и къам хьахош, дош а т1ехь аьлла цо ловчу баланах лаьцна.
ХIара ю арахьарчу министраллан информацин, зорбанан Департаменто кIирандийнан делкъале яржийна комментари. «Леррина тергалдо Мьянмерчу Ракьхайн махкара хьал. Сагатдойту цигахь лаьттачу тIемаша, маьршачу нахалахь а, иштта, Iедалан эскаршлахь а баларш ду, гуманитаран хьал телхина аьлла баьхкинчу хаамаша. Кхойкху конфликтехь дакъалоцу агIонаш юкъаметтигаш тоечу диалеге йовларе», боху Оьрсийчоьнан дипкорпусера кIирандийнахь итт сахьт даьлча, Мьянмин векалтна хьалха митинг а йоьдуш арахецначу документо.
Мьянмица доьзна кху деношкахь дипломатино дечу дIахьедаршкахь хила боьлла хийцам тергалбича, цхьацца дешнийн керла маьIнаш зийча, ала дац Кадыров Рамзан шеггара лела, Кремле а ца хоттуш рохIинджашкара хьал-де далхон воьлла.
Ткъа хIун дара иза Оьрсийчоьнан позицица гараволуш санна гар, хетадалийтинарг? Тарло иза вайна тIедогIучу деношкахь Кремло довзийта…
P.S. ХIара материал арахоьцучу юкъанна даьржина оьршоьтан сарахь Китайхь Мисaран куьйгалхочуьнца къамелдеш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Мьянмин хьокъехь дина къамел. Шина а президенто емалдина Мьянмехь агIонаша вовшашна ницкъбар, кхайкхина Iедал а, цунна дуьхьаллаьттарш а машаран диалоге. Кадыровс динчу дIахьедарийн хьокъехь аьлла Путина, шена уьш хезна дац, зийча хадор буш а церан мах.