ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьан боху Пушкин а, Лермонтов а вайгахьа хилла?..


1851,ГIуран-беттан 10-чу дийнахь Гехи-хитIехь инарла Слепцов вер" Сурт диллинарг - Козлов Александр, репродукци.
1851,ГIуран-беттан 10-чу дийнахь Гехи-хитIехь инарла Слепцов вер" Сурт диллинарг - Козлов Александр, репродукци.

19-чу бIешарахь - "экха", 20-чу бIешарахь - "бандит", 21-чу бIешарахь - "террорист". Заманан йохалла нохчашна тIехь лелла цIерш, стенна эшна уьш тахка? Хьанна оьшу нохчочух тахана а "дуьненаюкъара террорист" ван? Оцу хеттаршна жоьпаш а карош, шен дахаран башхаллица сакхте эладитанех цIан ца делча ца долу нохчийн къам.


Хица хьаьдда йогIу тулгIе;
Ламчохь буьйса тийна ю;
Шийла цхьамза маракъуьйлуш,
ГIалгIазакхи наб еш ву,
Самавала, гIалгIазакхи:
Нохчо теба бердашца.

ГIалгIазакхи, пийсак хьоькхуш,
Хин бухахь ов такхош ву.
ГIалгIазакхи, хе хьор ву хьо,
Аьхка луьйчуш хьийзачохь
Хе хьош долу бер санна:
Нохчо теба бердашца.

Дог хьаьгначу хин йистошца
Хаза лаьтта гIаланаш;
Cинкъерам бу шен чIинг хьийзош,
Же, хIай оьрсийн мехкарий,
Шу сихонца цIехьа гIолаш:
Нохчо теба бердашца.

Пушкин Кавказехь, сурт диллинарг - Адвадзе В.И.,1957
Пушкин Кавказехь, сурт диллинарг - Адвадзе В.И.,1957



1820-чу шарахь оьрсийн классика Пушкин Александра язйинчу «Кавказан йийсархо» поэми тΙера Чергазийн Илли ду иза. Ша поэт дийна волуш а, веллачул тΙаьхьа а иттанаша композиторша эшаре даьхна и дешнаш. Царна тIехь кхоьллина йиш Пушкинал сийлаллехь тΙаьхьависина а воцчу композитора Алябьев Александра.

Иштта яздина, лекхна, лоькхуш а ду кхечу литературан классикан Лермонтов Михаилан «ГΙалгΙазакхийн аганан илли». И дехачу шина бΙе шера чохь дуккхаъчу похΙманчаша кхоьллина цунна шен-шен композици.







Наб елахь, сан жима гаки,
Олило- ва - болило.
Стиглахь тийна сирла бутт Iа,
Хьан аганчу хьожуш.
Дуьйцур ду ас хьуна туьйра,
Локхур ю сайн йиш;
Ткъа ахь наб е, бIаьргаш хьабдай,
Олило- ва - болило.

ТIулгаш лепош, Терк ду догIуш,
ТулгIе гIергIаш еттало;
Дера нохчо, бердах теба,
Ирдеш вогIу шаьлта шен;
Амма хьан да хьунаре ву,
Вахчавелла тIемашкахь.
Дижа, гаки, паргIат хилий,
Олило- ва - болило.
Хан йогIур ю девзаш хьуна
БIонан дахар муха ду;
Майрра ког хьайн луьйта буьллуш,
Кара герз ахь оьцур ду.
Сайн бIаьхочун нуьйрах аса
Дарин цуьргаш тоьгур ду.
Наб елахь сан хьоме гаки,
Олило-ва - болило.

Оьрсийн коьрта классикийн похIмалла, церан байташа, синан кΙаргене а кхочуш, ешархочунна мехала кхача луш хилар шеконе дилла ца хΙутту наггахь верг а. Дуьнено а поэзин лаккхарчу тΙегΙане кхаьчна лору и ший а поэт. Амма Кавказан тема оцу шиннан кхолларехь шатайпа меттиг дΙалоцуш а, цара ламанан къаьмнех лаьцна яздинарг дуккхаъчара шайн-шайн маьΙнехь кхеттош а бахам бу.

Лермотов Кавказехь. Решетнев М.С., 1995
Лермотов Кавказехь. Решетнев М.С., 1995
​Пушкинан Александран а, Лермонтов Михаилан а бΙаьргаш чохь стенна нисвелла нохчо дера, акха, къиза аьлла хΙоттийна хаттар а ца деза цхьаболчу кавказхошна тахана. Царех ву, масала, нохчийн литератор, историк Нашхоев Мурад. Цуьнан яккхий претензеш ю оьрсийн классикаша-поэташа шайн байташкахь нохчий, я кхиболу кавказхой вон гайтина аьлла къамелаш дечаьрга.

Нашхоев: "Массарна а цхьа хIума дицделла, я хIуьттаренна дицдинехь а, цара тидаме ца оьцу, стенна боху иштта Лермонтовс я Пушкина. ХIун ду цара иштта бахаран маьIна? Кхерамаш царна туьйсуш кхузахь а ма лелла, паччахьан эскар делахь а, эпсарш белахь а.

Лермонтов ас чIогIа лору. ХIунда лору? Цхьа бакъдерг аьлла цо ВаларгтIех лаьцна, цигахь тIом бина цо. Дуьхьал дIааьлла цо, кхузахь зулам лелош верг оьрсийн паччахь ву, оьрсийн салтий бу, оьрсийн инарлаш бу. Оцу агIор иштта нийса яздар дика хета сунна.

Соьга хаьттича, Пушкинан цхьа дийцар ду-кх («Эрзруме вахар»), цу тIехь цо цхьаьллиг цхьа дош вон ца аьлла Ушурма-Имамах а, Тиймин Биболатах а. ХIунда ца аьлла? Цунна хаьа, мила хилла Ушурма, мила хилла Таймин Биболат.

Лермонтов велахь а, кхин велахь а, сунна товриг ду, шаьш, салташа, инарлаша лелориг –вайн ярташ ягор, хIаллакъяр цара довзуьйтуш хилар".

Оьрсийн поэташкара Пушкинера а, Лермонтовгара а дешан говзалла яккхар яц вайн Ιалашо, ткъа дан лиича а далучех а дац иза. Кху къамелехь вай толлург ду цара кхоьллинчу кавказхочун васто, иза стагга а хьоьгур воцуш, маьттаза хиларо хΙун политикан пайда беъна, бохьу бохург.

Шайн дайша а санна, тахана къоман маршо герз а карахь къуьйсучу муьлххачу а нохчочух террорхо, я дуьненан террорхо во Оьрсийчоьно. Стенгара дуьйна схьадогΙу иза, хΙун бух бу исторехь оцу маьттазчу цΙеран, аьлла, ойлане ваьлларг дукха хьолахь кхочу оццу Пушкина а, Лермонтовс а, и санначу кхечу оьрсийн классикаша а нохчочух лаьцна яздинчунна тΙе.

Оцу тΙе деара нохчийн къоман лехамашца бераллехь дуьйна а шен дахар а доьзна, цуьнан хилларг, лелларг а девзаш, маьрша кхане кхолла лаам а болуш схьавеъначу историн Ιилман докторан Абумуслимов Сайд-Хьасанан къамел а. Цуьнан шатайпа ду Пушкинан а, Лермонтовн а, адамийн паргΙатоне сатуьйсуш баьхна ларалучу кхечу классикийн а кавказхойх мел доглозура бохучу хаттарна жоп.

Абумуслимов: "Вайн, ночхийн, кица ду-кх, чано, шена кIорни яа дагадеъча, ченала карчийна, олуш. Вайна дуьхьал 18-чу, 19-чу а шерашкахь гIазакхийн пачхьалкхо ша тIом болийча, шен халкъана а, дуьненна а хьалха ша лелориг нийса ду ала, харц сурт кхолла долийна. ХIорш адамаш дац, акхарой ю, хIорш кхечу агIор кхетар болуш бац, шаьш бита мегар болуш, маьрша бита мегар болуш нах бац, аьлла, цунна кIел бух балош, шайна а, дуьненна а хьалха и кхолла долийна сурт ду иза.

ХIоразза а вайна къома тIехь цхьа харцо ян езаш хилча, юх-юха метах а доккхуш, схьадахьаш а ду иза. Советан Iедал догIуш а, цул тIаьхьа а Кавказан къаьмнаш гIиттина ма дуй. 1918-чу шарахь а, вайн къаьмнаш сийдоцуш ду, хIаллакдича бен кхетар дац, бохуш, икъамелаш оцу хенахь а деш хилла.

Вай Сибрех дохуьйтуш а, дахийтича а изза сурт хIоттош хилла. ЦIерш тайп-тайпана тохкуш хилла, замане хьаьжжина. Нагахь 19-чу, 18-чу бIешерашкахь «акхарой» олуш хиллехь, I9-чу бIешерашкахь, Советан Iедалехь, вайх «бандиташ» олуш хилла. Ткъа тIаьххьарчу заманахь «террорист» цIе тIехь дIаяхна вайна.
Вайн къомаца дIадаханчохь лелийна а, хIинца лелаен а харцо бакъян, шаьш цIандала, вай бехке дан кхоьллина а, кхуллуш а сурт ду иза. И цхьаъ ду.

Кху дуьнентIехь цхьана къомана тIехь ирча сурт кхолла пропагандисташа, яздархоша долийча, оцу вукху къомах цхьа дакъа долуш хилла, аш лелориг харцо ю, и къам шен маршо, бакъо къуьйсуш ду, цуьнца аш лелориг харцо ю, кхоьллина сурт нийса дац, уьш оьзда нах бу, олуш.

Амма Оьрсийчохь, ахь милла а вийцича а, схьаоьцур вай I9-гIа бIешо, ваьлла вац иштаниг. Ас масалш далор ду. Схьаэца Пушкин. Цо бехказа воху Евмолов, Котляровский, шу дика ду, бохуш. Уггаре а бу боху церан демократаш…Добролюбов, хьажа хьо цо дуьйцучуьнга, я Некросовс бохучуьнга хьажа, царна муха го вайца лелош йолу харцо.

Масала, Добролюбов ву-кх демократ хилла бохуш вуьйцуш. Цо, хIетахьлера тIом чекхбаьлча, Шемал-Имам вохийначул тIаьхьа, эххар а чекхбели-кх оьрсех 25 эзар салтичун са дIахьош хиллла тIом, боху, харцонца шаьш дохийна вайн дахар дуьйцуш а дац, шен къоман гIаIгIа бу хьалхабоккхуш.

Схьаоьцур вай Толстой. Иза, вайна ма-хаъара, шеен лаамца веъна Кавказе тIом бан. Делахь а тIаьхьа оцу хIуманах кхета, тIекхиа гIерташ хилла иза. Делахь а вайга болу цабезам каг ца бела цуьнан. Исбаьхьаллин методаш тидаме эцча а, стеган васт ца муха кхуллу у тидича гуш ду-кх иза. Цхьа цабезам гIаттош сурт ду цо нохчочун хIоттош.

Толстойс шен «Хьаьжамурд» тIехь МахктIе йохош, аьлла, далош долчу суьрто а гойту иза. Баккъал а хилли хIума ду цо яздийриг. Бакъду, ягийнарг МахктIе яц, Дубин-Эвл ю. Цо цигара сурт къаддеш яздина. Оьрсийн эпсара яздинчух пайда а оьцуш, хIоттийна ду Толстойс цигара сурт. Тешаша хаам беш хилла, цигахь берш, пенах а детташ, хIаллакдора, бохуш. Ткъа Толстойс цхьа сурт бен ца гойту, цигахь а бер цхьамза Iоьттина дийна гойтуш бен а дац.

ГIорта-м гIоьртина Толстой нийсоне кхача, кхано къанвелча, цхьа ког коша кхаьчча, олуш ма-хиллара. Анализ ян гIоьртина, амма тоъал аьтто ца баьлла, сунна хетарехь.

Я схьаоьцур вай чIоггIа вуьйцуш волу Достоевский. Иза воккха психолог ву боху, Кавказехь цкъа а хилла а вац. Цуьнан ю-кх «Деллачу цIа чуьра йозанаш», чохь кхобу лецна нах буьйцуш. Адамийн амалш кIорга евзаш ву иза. Амма цо цу тIехь буьйцу полякаш, чергазийн тоба. Вуьйцу нохчо а. Воьлуш, кхарна хьесталуш вверг дика вуьйцу Достоевскис. Ткъа хер а вела, юьстах гIайгIане Iаш хуьлу нохчо, вон стаг ву, иза цхьанненна а везаш а вац, кура а ву.

Психолог, психиатр а волчу Достоевскига хаттар кхоллало, хIунда реза ца хилла и нохчо шеца чохь болучарна, олий. Вайна ма хаьаий, хьовзаме даьлла дахар, набахти муха хуьлуш хилла. Бухарчу нехан боьхаллах, церан барт бацарх, цара лелочу вон хIуманех цец-акъ ваьлла хир ву нохчо. Оцу агIор хаттар хIоттон дезара Достоевскис, и хIунда вара иштта, аьлла.

Мухха а дийцича а, уггаре бу бохучара а вай харц гойтуш, хIун хилла техьа нохчаша къуьйсур, аьлла, шайна ца кхетарг ца теллина царах цхьамма а. Ишттаниг , сунна хууш, оьрсашлахь ваьлла вац.

Цхьа Лермонтов ву, амма цуьнан «Аганан илли» олуш йолчу байта тIехь а нохчо ву къиза, дера. Берашна школашкахь хьоьхуш ма ю иза. Берийн кхетамца ма дуьсий иза. ДIогахь къиза Гамзалов ву (Толстойн «Хьаьжамурд»), Пушкин а ву «Нохчо лела хил дехьа», бохуш, дера нохчо, бохуш Iаш шен тептар тIехь Достоевский а ву, дIога хьажча - Добролюбов, дIогахь – Некрасов…

Ткъа дерриг а бахьана хIун ду? ХIун дина нохчаша? Нохчийн царна тIебаьхкина? Ца баьхкина. Нохчий шайн цIахь Iаш хилла, хIорш бу-кх баьхкинарш. Шайн маршо ларйина-кх нохчаша. Хьеста ца луш, охьа ца товIуш. И ду. И бакъдерг схьа ца олуш, шайн къизалла, харцо бакъян гIерташ лелла. Орамаш цигара схьа ду".

Абумуслимовс ма-баххара, оьрсийн яздархоша, публицисташа даима а латтийна Кремлана кегий къаьмнаш олалле дерзорехь тΙетовжа бух. Ченан, цкъа ша кΙорни яа хIоттале, шен дог къахьдан деза. Цо ша-шен тешо еза, и кΙорни ирча юйла а, цо шена вониг дахьаххьий бен, диканиг ца дохьийла а, и ца хилча шена пайде дуйла а. Оцу ойланца ча чΙагΙъелча, цунна атта ду, къорни и а йиина, шен гай дузон а, цунах ша паргΙатъяларх йоккхаеш хьийза а.

Оьрсийчоьнца шен мел тΙемаш латтахь а, цуьнца ца хилча ца болу барт а лохуш, иза цхьана ханна карабахь а, кара а беш схьадогΙу нохчийн къам ца кхеташ хΙуманаш а лела кху дуьнентΙехь.

ОфхΙанистанехь лаьттачу тΙемашкахь а, Иракъехь Малхбалено ницкъаша карчам беш а бухарчу муджахΙидашца цхьаьна, церан некъ юьхьара а эцна, леташ бу нохчий боху хаамаш баржабора дерриг а дуьненан зорбано. Тахана Ингалсенан я, Пакистанан, Ιаьрбан мехкийн я Японин хаамийн гΙирсашка ладоьгΙча, нохчий бу тΙемаш беш Шемарчу гΙаттамхошца цхьаьна.

Маршо Радио дуккхаза а гΙиртина кху беттанашкахь цхьаъ мукъане а и тайпа нохчо каро.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин уггаре а дукха хΙума хуучу декъехь - тΙеман сервисехь - болх беш ву дукха хенахь дуьйна Урдунера нохчо Махьмуд Рамзан. Цо а лехна Нохчийчуьра Мисара я Шема кхаьчна, дера тΙемаш барца къаьсташ бу бохуш буьйцу нохчий. Шен лехамийн жамΙ цо иштта довзуьйту.

Махьмуд: "Газеташкахь яздийриг ас а дешна. Тхо долчуьрчу къайлах сервисера и хабар соьга а даийтинера, талла аьлла. ТIаьхаьдевлла хьовсуш ду-кх, хIун ду, дац. Уьш бу бахар бен, хиина дац суна. Арабевлла, элира тхоьга, и ду-кх хууш дерг".

Махьмуд Рамзан а санна, Урдунерчу нохчех ву дуьненна а евзачу Би-Би-Си телерадиоагенталлехь болх беш волу ал-Шишани БатΙал Мурад. Цо шена тΙекхача хала дацаре терра, дукха теллина, бу я бац нохчий Шемарчу тΙемашкахь дакъалоцуш. Иштта къамелашка вийлина цигарчу тΙамехь нохчий бу бохуш яздечу журналисташца. Шена зеделларг иштта довзуьйту ал-Шишани Мурада.

Ал-Шишани: "Дикка хан ю со оцунна тIаьхьаваьлла. ТIьаххьарчу итт шера чохь ОвхIанистанехь нохчий бу бохуш маситтаза даьржира. Цул тIаьхьа Иракъехь бу Нохчийчьра бахана тIемаш беш кегий нах, аьлла, даьккхира. Хнца доладелла, Шемахь бу шортта нохчий бохуш. Маситтаммо кхайкхийра, нохчий тIом беш бу, аьлла. Амма цхьачунна цхьаммо а схьагайтина дац, уьш хIун нохчий бу, мила ву, цIе муха ю, аьлла.

Малхбузехь а маситта журналисто яздира, ас хатта а хьаттира цаьрга, со тIекхоч-кхочучуьнга, шуна муха хиира уьн нохчий буйла, аш цаьрца къамел диний, нохчийн мотт хаьий шуна, уьш билггал Нохчийчуьра буйла, суьйлий я гIезалой боцийла, аьлла. Цхьаммо а сунна жоп луш дац".

Стенна оьшу 7 миллиард адамах лаьттачу дуьненна миллион бен а доцу нохчийн къам массо а вонна юкъахьекхон, бацахь а, нохчийн тΙемалой бу шайн доцчу гΙуллакхна юкъагΙерташ, бохуш. Кремло шен хьашташ чекхдаха кхоьллина «дуьненаюкъара террорист» боху цΙе стенна юзу нохчашца? Оцу хаттарна жоп иштта го историн Ιилман докторна Абумуслимов Сайд-Хьасанна.

Абумуслимов: "ХIинца ши цIе ма юй вайца лелаш, цхьана агIор оьрсаша кхоьллина, вукху агIор дуьненна тIоьхула яьржина. Хьалха а хиллла иштта. Нохчий чIогIа тIемалой бу, бохуш.

И даржориг оцу пачхьалкхийн меттигера Iедал ду. Шаьш лара ца дича, тхо ларалур дара, и нохчий тхуна дуьхьал лаьтташ бацахьара, уьш чIогIа тIемалой бу, цаьрца ларадала хала ду, бохуш. Иза шайна бехказлонна, арахьарчу журналисташка, масала, ингалсхошка, даржадойту цара. Чуьранаш бац, арара тIебаьхкинарш бу шайна дуьхьал лаьтташ алархьама. Чуьрчу проблемашца лара ца луш, уьш арахьара чуеъна проблемаш ю бахархьама даржош ду иза.

Эладита даржориг угаре хьалха Оьрсийчоь ю. ХIунда аьлча, вайн къам маршонан новкъахь ду, из аду дерриг а бахьана. Кхин хIумма а дац вайгара даьлла.

ХIокху дуьнентIехь дIасаваьлла хьажна со. Вонаш а хир бу вайна юкъахь, амма вайн къам оьзда а ду, яхь йолуш а ду, вовшашна гIо деш къам а ду. Дуста ма дустий хIума. Вайн къам ду аьлла а ца боху ас. Къинхетаме а ду вайн къам. Вай цIахь тIемаш болуш, хаьа вайна, вай муха дара бухарчу оьрсашца – царна гIонна хьаьвзара. Оьрсийчоь тIелетта йоллушехь дара вай оьрсашца дика.

Масала, Ростовн, Ставрополан мехкашкахь гуламаш а беш, бухар нохчий дIабаха бохуш хьийзара оьрсий. Ткъа вай цаьрца дика дара. Вайна къезиг хIума хетара могIарчу нахана бекхамаш бар.

Вайх лаьцна дуьйцург цхьа а бух болуш хIуманаш дац. …Вайгахь кхачамбацарш дац а ца боху ас. Амма бакъдерг бакъ ду".

Нохчашна ирча цΙерш тохкуш хенашца чΙагΙбелла орам иштта бу. Оцу шайна тΙехь лелачу цΙерша холчахΙоттаво хийла нохчо. Цхьаверг къийсало цунна дуьхьал. Кхиверг, къар а лой, ша нохчо хиларх а догмусталой веха.

Вордан хьал дена дика хаьа, олуш ма-хиллара, нохчашна шайна дика хаьа шаьш стенна бехке ду. Хаа луучу кхечу дуьненна а хаьа иза, амма цо могуьйту лелаш дерг ма-дарра лела.

Оцу хьелашкахь нохчийн къомана, юьстахара тΙедохьург доллучохь а дуьтуш, шена чохь цΙиндаларрий, кхетамца, хааршца чΙагΙдаларрийн бен, кхин хIума дуьсуш ду ала а дац.
XS
SM
MD
LG