ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нохчийчоь цΙинъелча, цΙийнах кхетар ду вай а...»


Полша --Варшавана уллерчу "Дебак" цIе йолчу мухIажирийн хIусамера нохчийн къона ши мухIажир, 16Чил2008
Полша --Варшавана уллерчу "Дебак" цIе йолчу мухIажирийн хIусамера нохчийн къона ши мухIажир, 16Чил2008

Кхушара шийттазлагΙа билгалдоккхуш ду дуьнено МухΙажиран Де. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино иштта де рузманца къастор дозу дуьнентΙехь тΙемаш, къизалла ца хедаш лаьтташ хиларца а, цара миллионашкахь адам шаьш дехачуьра дохош, махкара махка лоьхкуш хиларца а. МухΙажир ваьлла, дуьне ма-дду ваьржина веха тахана официалера боцчу барамашца 200 эзар нохчо.


Кхеташ ду, мухΙажиралла совгΙат доцийла а, муьлххачу къоман а стаг шен нахана юккъехь вуьззина ирсе хуьлийла а. Амма нохчех хилларг хилла ду, хьал кхечу тΙегΙантΙе даккхар баккхийчу хьаькамийн карахь ду.

Ткъа доккхачу декъанна оццу таханлерчу хьаькамийн бехканна бевлла бу эзарнаш доьзалш даймахках а. Цундела Ιалашо ю ала а дац баккхийчу я кегийчу президентийн мухΙажирийн дахар юхадендан, уьш баккъала а даймахка берзо а, церан дахар адамийнчух дΙатардан а.

Мел теша Германера нохчий кху тΙаьххьарчу заманахь Кадыров Рамзана шаьш цΙехьакхойкхуш дечу дΙахьедарех, мел дукха бу цигахь даймахка дΙабахана нохчий, хаьттира Маршо Радионо Германерчу вайнехан юкъараллин жигархочуьнга Душуев Рахьмане. Цо дийцарехь, къезиг бу иштанаш, мелхо а тΙеоьхуш бу Германе децΙера нохчий хΙинца а.

Душуев Рахьман: "Шайн лаамехь дIасабоьлхуш, юхабогIуш леларш дукха бу. Иза дика а ду. Амма, кхузазь Iийр бац, аьлла, дIабахна,цIахь севцца нах ца хаабелла суна. Схьаоьхуш а дукха бу нах, кхузахь, Германехь, тIе ца лоцу, бохуш, кхузахь кIезиг совцахь а. Ткъа кхузахь буьсурш а бу кIиранах цхьаъ-шиъ доьзал. Сайн алам хилча, ас кхуза и нах бохкуьйтур бвцара. Кхуза вогIург, деша а дешна, Iилма а Iамийна, шен Нохчийчохь бух а, орам а чIагIбеш къахьоьгуьйтур дара ас. Кхузарчу вайннахе кхара олуш ду: " шуьца кхуза кхаьчна бераш-доьзал шун бу, ткъа кхзухь дина бераш тхан ду". Иза бакъ хета суна а. ХIунда аьлча, чIогIа хала ду кхузахь ларвала а, шен нах ларбан а, къоман хIума лардан а. Галвала атта меттиг ю хIара. Цундеоа хала ду кхузахь".

Скандинаверчу нохчийн мухΙажирех жоп луш а, церан хьашташка виллина хьожуш а ву Швецехь веха Тарамов Майрбек. Цуьнца а дира оха дийцаре изза хаттар – буй хΙинца а тΙеоьхуш нохчий Швеце, Норвеге, Финлянде.

Тарамов Майрбек: "МухIажирш тахана а схьаоьхуш бу. Нохчийн махкара а схьаоьху, Оьрсийчуьра а схьаоьху. Швеци тIаьххьарчу хенахь чIогIа дуьхьал ю тIеоьхучу нахана. ТIе ца лоцу нах, шуна юхадерза кхераме дац, бохуш. Ас, масала, кехаташ яздо, ду дера, кхераме муха дац, бохуш, массийттаза юхабаханарш хIаллак а бина, дIабаханарш хьийза а бо, цаьргара информаци йоккхуш а лела, ара а бевлла, герзаца къахьегнаберш-м буьйцучохь а дац. И саннарг, церан, кадыровгIеран, караводахь-м, тIепаза войъуш ву. Хьийзош бу нах".

Европехь тхов-къело а йолчу мухΙажирна магош дац бухарчу Ιедалша Оьрсийчу, я Нохчийчу воьдуш-вогΙуш лелар. Амма и низам талхораш дукха а бу даймахке даима а сатесна хуьлучу нахаолахь. Оцу агΙонах иштта дийцира Тарамов Майрбека.

Тарамов Майрбек: "ХIинца хIара дуьйццучара, дехар дара нахе цIа ца эхар. Кхарна, шведийн Iедална а, кхучу Европерчу Iедалшна а билла бехк бац. Шу мухIажирш ду, мухIажирш тIамана кIелхьара бевлла, бевдда нах ма буй. Массеран а са ма гатлой даймохк ган, шайн нах ган а. Юхабоьрзуш, хIумма а хир дац, олий, боьрзу. Кхерам юхатотту. Ткъа цунах хIун хуьлу? Кху Iедална а ма гой нах дехьа-сехьа оьхуш, хIан, хьанеха мухIажир ву, аьлла, " позитив" а яьккхина, шен цIа воьдуш ву, цунна стенна латтош ю и статус, олуш а нисло. Цундела оцу дIасалелачу наха ойла ян еза, шаьш кхечарна а новкъарло йойла, царна некъ дIахадабойла".

Дуьнено а билгалдоккхуш долу мухΙажиран де тахана Оьрсийчоьно а хьехадо газеташкахь, интернетехь. Дуьйцу мискачу нехан къадалхош. Амма наггахь а бац хьахош нохчий мухΙажирш. Цуьнан бахьана иштта го Тарамов Майрбекна.

Тарамов Майрбек: "Шайн пачхьалкхехь дика, хаза дахар а ду, дика, хаза Iойла а ду, бохург ма ду иза, мухIажирш боцуш хилча хуьлу-кх иштта, и сурт гайта леладеш ду иза, и политика. Вайна дагадогIу-кх, Кадыров Ахьмад волчу хенахь а нах цIаберзон мел къахьийгира цара. Азербайджане, Гуьржийчу автобусаш тIаьхьа оьхуьйтуш, алапаш лур ду, белхаш лур бу, петарш лур ю, бохуш. Ткъа хьаьжча, луш хIумма а яцара. Я хIинца а хир а яц. Иза ерриг а политика ю.ТIамах бевдда нах, мухIажирш, ца хилийта лелош. Уьш ца хилча, Нохчийчохь мел леллачух а олийла дац "тIом", дика Iойла ду, олий, нисло. Оьрсийн политикаша, цигарчу а, цIерачу а Iедалша лелош дерг иза ду. Дуьйцуш цхьаъ ду, дийриг кхин ду. ПайхIамаран хьадис ду-кх: " ма хьажа цара дуьйцучунга, хьажа цара дечуьнга". Хьаьвсича Оьрсийчуьра сурт вайна схьагуш ду-кх".

Шаьш дехачу мехкашкарий Оьрсийчуьрий дахаран, маршонийн хьелаш стигал, латта санна башхалло йолуш лору Европерчу мухΙажирша. Цундела бац церан Нохчийчу цкъачунна юхабаха лаам. Оцу хьелашкахь коьртаниг хΙоран нохчочунна а нохчо висар, дайн гΙиллакхаш, ненан мотт шайца кхабар, аьлла хета Европерчу вайнехан хьалханчашна. Ткъа оьшуш долу хьал хенан йохалла кхуьур ду, царна хетарехь – мухΙажирш цΙехьа берззал маьрша Нохчийчоь.
XS
SM
MD
LG