ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бозбунчалла лелорна шен "гергара стаг" лаьцна Кадыровс


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан хелхар деш ву Нохчийн меттан де даздеш, 25Охан2014.
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан хелхар деш ву Нохчийн меттан де даздеш, 25Охан2014.

Шен а, Iедалан цIарах лелаш хилла болу бозбончалхой гучбаьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Царна бехке дуьллуш ду, нах Iехош ахчанаш дахар.

Хьакамашца а, иза векал волчу Iедалшца а, тахана Нохчийчохь забар йойла доцийла хаа, махкахь вехачу муьлхачу стагана. Ур-аттала кегийчу берашна а, хорш йогIу вуо лелаш хилча, милицига дIаэра ду аьлча. Оццула уозало Iедалах, воккхий-жима а ца къаьсташ. Амма, хIара материал яц, нах кхераран бахьанех. Иза ю, ма хуьллу кIеда-мерза аьлча, адамийн а, Iедалан а юкъметтигах.

ВорхI юьртан да ву, лаккхарчу Iедалан белхахо ву ша, республикан кхерамазаллийн кхеташонан декъашхо ву бохуш шайна тIевеъча, цуьнга цара ахчанаш делла. ХIинца и жима стаг дIалаьцна. Иза вара, меттигерачу телехьожийлехь гойтуш.

Корт вахьтаIIийна, дезчух костюм а йохна, кочахь галстук а йолуш верг ву Висаргов Мохьмад цIе йолу жима стаг. Иза боккъулийна Iедалан балхахь, оццу кхерамазаллийн кхеташонехь болх бина ву 7 шарахь, амма, масех бутт хьалха цигара дIаваьккхина, цхьацца низам доцу хIумш гучу а даьлла. Цуо дийцарехь, йохьар лаьцна хилла юьртдай.

Схема башха дIоггара хьекъале а ца хилла. Ша Iедалан лаккхара белхахо ву, цундела аш ахча дал деза бохуш дуьзна цуо шен киса. Ала догIу, дуьйцуш дац, юьртдай оцу хIуманна Iаьмма бацахьарий, цара хIунда делла, низам а дуохош и ахча.

Кхин цхьа стаг а ву, Iедалан цIарах бозбончалла а лелош, шен таро юза гIерташ хилла схьалаьцна. Иза Автурханов Рамзан ву. Цуо ша Кадыров Рамзанан уллера гергар стаг ву, ша Iедалан цIарах цхьацца проекташкахь дакъалацийта аьтто бу бохуш хIума лелийна Москохахь.

Цигахь цуо йохьарлаьцнарш хилла банкираш. Оцу шинна а стаган хьокъехь, бозбончалхочуьнна ахча деллачу юьртдайна хьокъехь а, иза царна мичара даьлла, схьадехначу хенахь дIадала аьлла, таллам бар тIедожийна чоьххьарчу гIуллакхийн министрина.

Кавказехь, лаккхарчу хьакамийн гергарло, ян цуьнца цхьа фамили хилча а, дахаран ах аьтто санна лору. Луларчу ГIалгIайн махкахь, Евкуров Юнус-Бекан гергарчу стага Евкуров Руслана, массийта шо хьалха, цигахь чекхяьккхира йоккха бозбончаллийн проект. ХIинца I5 бIе туьма делча, цхьа бутт баьлча, 800 эзар сом схьаоьцуш, гIо дийра ду ша аьлла, зулам динера цуо. Нахана хилла зе ду 5 миллион сом. Маршо радиога дуьйцу зе хилла, шен цIе яьккха ца лучу, Долаково олучу, юьртара вахархочо.

Долаковора вахархо: «Нахе цуо кховдинера и хIума. Ша президентан шича ву, цуьнан вашас, Увайсас векал а вина ву, юридикийн гIо дан нахана. ХIорангера I5 эзар сом хилахь, шен аьтто бу бохура цуо, кIезгачу бизнесан субсидеш яха хIоранне а 800 эзар сом далийта аьлларг Евкуров Руслан Саюпович ву бохуш верг ву».

Бутт а ши бутт а баьлча, шайна ахча хира доцийла хиъча, наха аьрзанаш дан долийна прокуратуре а, талламан комитете а. Доьххьара шега, хьан цIен а йогIуш даьккхина тхоьгара ахча аьлла наха реза боцуш хабар даийтича, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо омра деллера Долаково оьвлана Бендер Остапах лаьцна кино гайта аьлла.

Шен цIе, сел кIоршмечу зуламца яьккхар ца деза даржхошна. Евкуров Юнус-Бекан шича-махчалла долуш ву нах Iехийнарг. Цуо ахча нахера даьккхина 2-3 шо кхаьчнехь а, и гIуллакх тахана а дижина дац. Евкуров Руслан арахь яьккха хан а тоьхна арахецна кхело. Нах Iехош, шен гергарчу стеган цIаро гIо ма дара, цунна гIо дина цуо араволуьйтуш а, бохуш реза бац цхьаболу бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG