ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха-МартантIера лецарш: тайнигна тIера - шина маса тоьпе кхаччалц


Маршо Радионе кегийнах лецарх дийцинарш бу кIоштан полицехь кхобучех цхьаьннан уллера гергара стаг A. Х. а, лецначийн лулара кхин цхьа вахархо А. М. а.

Цара йовзуьйту цхьаболучийн цIерш: Тутаев Абубакар, Джанаралиев Мовсар, Мусханов Мохьмад, Бисултанов Биби, Хасаров Юнади, Артаев Русбек, Удаев Сайд-Iали, Гераев Селам.

Хьалха-Мартанан малхбалерчу йистехь, Усамовн урамехь лаьттачу 6779-чу тIеман декъанна гергахь иккхинчу инцидента тIера доладелла дерриг.

Шен гергара жимха полицино дIалаьцна волчу мартанхочо А.Х. (юьззина цIе юйцийла дац Маршо Радион, амма цунгахь ду цо дина тоьшалла) иштта дуьйцу хилларг.

«…Цхьаъ сан чуьра ву. Купара лаьцна 7-8 ву. Вуьйш «лакхахьора» бу, школаш, центр йолчу агIор. Кегийнаш бу уьш. Цаьргара яьккхина хIумма а яц, хIетахь, дуьххьара иза долалуш.

7-гIа школа ю «Бенойн юкъахь», цунна тIехьа а бахана, пултца долу беракема ловзош хилла цара – цунна тIехь камера а яц, кхин хIумма а яц. Иза мохо дадийна, тIеман декъан керта кхоьссина.

МухсановгIеран ву боху беракема ловзош хилларг. Цо вахана, салташка дIадехна шен беракема. Цара схьа а деана, цуьнга дIаделла иза.

Оцу декъан куьйгалхойх ву хилларг дестийнарг, нохчо, цо ша Iедале дерг ца хаийтича ца волу, аьлла, полице хаийтина боху.

Полицино и кIант дIавигина, цуьнгара телефон дIаэцна, телефонехула юкъарлонехь болу кегийнаш а лецна.

Цхьаннан телефончохь сурт карийна, Къозан Iома тIехь даьккхина. СуьртатIехь кол ю, боху, тIекхоьссина Iаьржа байракх а йолуш. Иштта, оцу тIехула дIалахьийна ву и дуьххьара дIавигина 15 стаг.

Цул тIаьхьа Iедало, кхечаьргара а санна, тхан чуьра а яьхьина компьютер. Дуккха а хан хьалха чуьра дIадайина доллушехь, маса топ а карахь даьккхина тхан нахах цхьаьннан сурт карийна полицина.

Иштта аьхкина, сан гергарниг а левина, карийна, чуьра ши маса топ дIаяьхьина.

И герз тоххара дуьйна дIадиллина лаьттина ду. АртаевгIаьргара даьккхина иза. Кхин куьг Iоьттина, лелийна герз а дац.

Оцу герзан истори иштта ю. 1998-чу шарахь МартантIехь шина доьзалан дов а иккхина, вовшашна герз тоьхча, оцу АртаевгIеран стаг вийра (салафиташца бара и тIом).

АртаевгIар Кадыров Ахьмадна тIебахара, вахабитех Iалашбала шайна гIодоьхуш. Ахьмада дIало а аьлла, Кадыров Рамзана ша цаьрга дIаделла герз ду иза.

Яьхьначу шина маса тоьпах цхьаъ дIавигинчу Артаев Русбекна тIеязйина. ШолгIаниг кхечунна тIеязъян гIерта Iедал, тIеэца бохуш, ницкъ а беш.

Бахарехь, кегийрхой тобанахь герзаца карчамбан гIоьртина аьлла ю тIеяьхьна бехктакхаман артикл».

XS
SM
MD
LG