И цIе мел «чIогIа» йогIуш хилла, цунна тIехьа мел йоккха моттаргIа яра гойту кхаарийдийнахь Воронежехь ехачу Курсаева Маликиций, Абдулаева Мархиций шога хьаьвзинчу полисхоша а, меттигерчу бахархоша а.
Шаьшшиннан шича-маьхчалара бераш а эцна, лулахь еха и шиъ араяьлла мохе. ТIехь еха кучамаш хиларо а, кортош кIевлина хиларо а гатйина меттигерчу полисхошна и шиъ бусалбанех юйла, «террорхо ю яц талла догIийла» (шаьш полисхоша видеочохь ма-баххара).
Паспорташ хаьттина цаьрга. Цхьаьнгахь хилла иза, вукхунгахь – 17 шо долчу йоIехь – ца хилла. Полисхоша ницкъаша дIаийзайо и шиъ шайн белха декъе талламаш бан. Шаьш динарг схьаала, стенна ян еза полице, олий, дуьхьалйолу Малика а, Марха а. Ницкъаша дIаийзайо божарша и шиъ. Хан гена ялале схьакхочу дов лаьттачу метте шина зудчун гергарнаш а.
Абдулаева Мархас дерриг а и дов даьккхина шен телефон тIе, даржийна социалан машанашкахь. Дукха нах дарбина полицина дуьхьал интернетехула гиначо. Муха, хIун дара дийцира ша Мархас. Цо яьккхинчу видеочохь го дов шолгIачу тIегIане доьрзуш гергара божарий тIекхаьчча.
Шагбеллачу полисхоша каетта зударех, тухий, хьовзавой дIавуьгу шайн гергарчарна орцанна баьхкинчех Абдуллаев Руслан а, Яндарбаев Шемал а. Ткъа тIегулбеллачу меттигерчу оьрсаша юьхь-дуьххьал багаетта нохчашна, и къам массо а агIор емалдеш.
Воронежехь полисхоша нохчий хьийзорна ша вуно оьгIазвахана вуйла хаийтина Кадыров Рамзана. Хилларг «эхье хIума», ша догдоху Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колокольцевс толлуьйтург хиларх зударшца харцо лелор, яздина цо шен инстаграмехь.
Нохчийчохь президентан цIарх адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдис а боху ша дуьззина толлур ду хилларг, жоьпалле боьхур бу кортош къевлина хиларна воронежхошна нохчийн зударий кхераме бу бохуш хьийзинарш.
Дов-м дирзина хир ду. Ткъа - хьу?
Дов дерзо Соьлж-ГIалара арабаьхначех цхьаьнца къамел хилира Маршо Радион. ЦIе шен ала ца лиинехь а, цо доцца хаийтира девнан тIаьхьалонах дерг.
Кадыровн векал:«Полицин куьйгаллица а, сан сайн кхузарчу куьйгалхошца а къамелаш хилла. Рамзанан цIарх дерриг а листина. Вуно дика, цхьа а новкъарло йоцуш дирзина. Иштта дика гIуллакх цкъа а дац чекхдаьлла. Тахана вайн нах кхузахь паргIат Iаш а бу. Дела реза хуьлда нахана, бала кхачарна а, сагатдарна а!»
Инцидент Кадыровн векало ма-баххара йирзинчух тера ду. Амма ца йирзина хьу иштаниг кест-кеста Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь ловчу дуккхаъчу нохчийн дегнаш чохь. Фейсбукехь, ватсапехь, кхечу массо машанашкахь дийцаредо наха, мел лан деза бехк-гуьнахь а доцуш нохчашна полисхой, кхиболу низамхой кочаэхар, бохуш.
Шина зудчо шаьшшиъ шу доллу Оьрсийчоьнан яхархо ю, шаьш стенна хьийзайо, хоьтту Воронежерчу полисхошка а, тIегулбеллачу воронежхошка а. Амма маьхьарий беттачу тергамхошна ца хета нохчий массарна а цхьабосса юкъара йолчу пачхьалкхера бахархой, ца хета ур-атталла лан тору нах а. Иза ду Соьлж-ГIаларчу хьакамашна а, массо а нохчашна а юхькъаме доцург.
Воронежерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалла толлуш ю инцидент, аьлла даржийна меттигерчу прессо.