Карладоху цу дийно халкъан эшаран дешнаш.
„…Шелваларна ва кхоьруш, мацваларна ва кхоьруш,
аганан кохкараш малделла, вожарна ва кхоьруш,
со тахна воьжна де ахь муха ловр ду-те?
Со вина сан нана собаре хилалахь...“
ТIаккха карладовлу хийла ша хала кхиийна кIант хьалахIоьттинчу, цунах шена гIортор хиллачу дийнахь вен а вийна, я тIепаза вайна бисинчу нанойн сибаташ. Цара шайца даима а лелош хилла шайн оьрсаша я оьрсашца цхьаьна арабевллачара лецна дIабигина, лар йоцуш байначу кIентийн суьрташ.
Дукха дегIаца а, киснашкахь а лелорна лилхина, ситтина хуьлура и суьрташ, цхьаццадерш хено маждина. Цара хаамийн гIирсашкахь я адамийн бакъоларъяран цхьаьнакхетараллашкахь болхбечарех цхьаъ шайна гича, хьала а дохий, гойтура и суьрташ, „хьажахь, ца гина хьуна, бIаьрг ца кхетта хьан цхьанхьа а, яздехьа, схьахоьцур вац-те, цо дина хIумма а ма дацара“, олий.
Карлайолу ГIойистера пхи кIант тIамехь вийна нана. Карлайолу Соьлж-ГIалин йистехь Iуьллучу Катаямера иштта пхи кIант вийна йолу нана. Карлайолу РегIатIехьара кхо кIант туьтмIаьжгаш йоьхкинчу оьрсийн эскархоша устаг1ийн готичу а лилхина, дIавигича дуьйна схьа церан лараш лоьхуш лелла йолу нана.
„Сайнчарах хIумма а ца хезна хьуна?“ - олий, хоттура цо даима а цу хенахь Соьлж-ГIалахь сих-сиха карош хиллачу цIейоцчу кешнашкахь керла-керла декъеш карийначохь тхо вовшахкхетча.
Карлайолу 2012-чу шарахь Соьлж-ГIалара ГIалгIайчу йоьдучу жимчу, шех нахалахь „марштрутка“ олучу автобус чохь сайна евзина хилла цхьа зуда. ТIехьажча, 45, я мел дукха а 50 шо хир долуш яра иза. Суна цкъа а гина йоцчу цо, ша со йолу меттиг а лехна, цига ян гIерташ яра элира, шена сийсара гIенахь хьо гинера, аьлла.
Суна иза юьхьанца коьртана телхана хила мега аьлла хийтира. Цу хенахь дукха хуьлура шайга даьхкинчу вонаша, я нийса аьлча, мостагIчун къизалло шайга дахкийначу вонаша коьртана галбаьхьна, хьекъалх тилла нах. Амма сиха кхийтира, и зуда коьртана телхана-м тешна а яцара, мелхо а, шегарчу иманах а, собарх а милла а цецвала а йиш йолуш, тамаше турпал-зуда хиларх.
Ши кIант дIавигинера цуьнан оьрсийн эскарерчу чаьлтачаша, шайн цIера лаьцна. Цхьа а бехк-гуьнахь а воцуш. Хьалхарниг, 26 шо дерг, ша зуда ялийначу буса, тойне гулбелла нах шайн-шайн цIабирзинчул тIаьхьа, сахуьлучу хенахь чулилхинчу эскархоша дIавигинера, Iадийначохь жима нускал а, тIеетталуш нана а юьтуш.
Иза вигина меттиг, я цуьнан лар ца карош бIаьрзе нана а лелаш, бутт балале шозлагIа кIант, 18 шо бен а доцуш волу, иштта чу а лилхина, тIеетталучу нанна масатоьпан мукъ тоьхна, йожа а йина, дIавигинера БТР-ашца неIаре баьхкинчу салташа. И шиъ бен кхин доьзалхо а ца хиллера цуьнан, къона йолуш йисина, уьш лелош Iийна йолчу.
Цо соьга суьрташ гайтира, „нана яларш, хаза хилар бен кхин бехк ма бацара кху шиннан, мичахь ву-те хIара шиъ?“ бохуш. „ Ца гина хьуна и шиъ цхьанхьа а, хьахош а ца хезна хьуна?“
Суна ца хаьара цу шиннах хIумма а. Амма и зуда цкъа а йиц ца ло. ХIун хилира-те цунах? Цуьнан шина кIантах? Шерашкахь оьрсийн чалтачаша Нохчийчуьрчу сайн журналистан некъашлахь, мел гинчу къизаллашна юкъахь, тIепаза байначийн сибаташна юкъахь, эрча даьхначу декъешна юкъахь, берашна боьлхучу наношна а, наношна доьлхучу берашна а юкъахь цкъа цу зудчуьн санна гIайгIане а, сирла а, собаре а сибат ца гина суна.
Цуьнан сибат - цу тIеман сибат, цу тIамо шаьш хала кхиийначу кIентех, цу кIентех шайна гIорторш хуьлучу дийнахь баьхначу нанойн васт санна хетало суна хIинца а.
Иза а, кхин эзарнаш нохчийн наной а - итт, пхийтта, ткъа, ткъе пхеа шарахь шайн кIентех лаьцна цхьа а хIума ца хууш, амма уьш цкъа мацца а, шаьш далале, Дала цIаберзор хиларх тешаш, дийна ца берзабахь, дIадолла дакъа дерзийна а, церан дог эца, царна сатийсам бала йиш яцахь а...