Оцу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро тхо дагадийлина масех кIоштерчу гIеметта хIиттинчу бахархошца. Царех цхьаъ ву Новр кIоштера Абуев Iиса.
«Дукха гена кхийда а ца оьшу, - элира цо , - пхьийтта-ткъа шо хьалхалерниг дац тахана данне а. Адам малоне дирзина. Массо хIума а атта деза. Хьалхо хIора а кертахь кхобуш хьелий дара, ткъа хIинца ах сов юьртара нах оза етт болуш а бац. Дама а эцна, хьайн цIахь бепиг дича, ах сов ахча чохь дуьссушехь, цхьа наггахь воцург, массо а юьртахо туьканара бепиг оьцуш ву. Хьалха санна дIалоллуш жа дац я бажа бац».
Теркйистерчу Лаха Неврера ю 40 шарахь хьехархо болх бина Эльмурзаева Ваидат. Цунна хетарехь, вайнехан гIиллакх-Iадаташ диц а деш, къинхьегамах туьлуш, херлуш бу нохчий. Шайн керташкахь юьйш-ерзош хIума а йоцуш, къух даьлла лаьтташ дакъош а долуш, атта кхиалуш йолу, мел кIадбоццу хIума а, хорсам, хох, саьмарсекх, масала, туьканара оьцу дукхахболчу юьртахоша боху Ваидата. Цо бахарехь, цIе яьлча санна сиха, дицлуш ду кегийчарна вайнехан Iадаташ. Ваидата иза тIекхуьучу чкъурана нохчийн мотт тIаьхь-тIаьхьа ледара хаарца дузу.
Аренцарчу кIошташкахь бен дац ишта сурт, аьлла хета тарло хьал ца хуучунна. Баккъал а хIун ду техьа ломан кIошташкахь?
Жимма хьалхо даьхний кхабарехь, махкана жижиг, шура-кIалд, стоьмаш, кхидолу сурсаташ латторехь хьалханчех цхьаъ хилла ю Нажи-Юртан кIошт. Цигахь наггахь стаг вацара шен долахь керт йина, гоне дерзийна докъар хьоькху латтанаш доцуш. Мел хийцаделла лаьмнашкара Iер-дахар а, гIиллакхаш а?
Цунах шена хIуучух дуьйцуш ю МехкаштIара яхархо Магамадова Зулпат.
Зулпат: «Замане терра хийцаделла аьлла хета массо хIума а. И башхалла ю-кх хьалхалерчу дахарца дуьстича. ХIетахь дуккха а кхобуш даьхний хилла, лелош томканаш, хIаьжкIаш, буракъаш хилла. Даьхний доцуш наггахь бен вацара.
Хьалха санна хастоьмаш лелабо бохург а аьттехьа а дац. ХIинца массо хIума а кийчча ю. Мел оьшург туьканахь ду. Бежнашца дерг чIогIа ледара ду. Кхаш, пайда бац бохуш, дIадохуш ду наха. Бежанна яориг еза. Хьалха санна, тIебирззина къахьега ца лаьа.
Эцца лулахь, Дагестанехь, даьхнийлелор дуккха а гIолехьа ду. Цара дика латтош ду тхо а. Церан хьалхалера Iадаташ дика даьржина ду хIинца а, хьалхалерра белхаш а ду. УстагI а, даьхний а чIогIа дика леладо цара. Кхузахь хIинца мангал а хьокхуш, докъар дIаIалашдийраш кIезиг бу, вуно кIезиг бу. Кхабар пайда бац бохуш, дIадаьхна даьхний. И мангал цахьакхар бахьанехь жима делла-кх даьхний а».
Къамел дечара билгалдаккхарца, латтанаш дуьйш-дерзош берш а, даьхнийлелорхой а , ялташ кхиорхой а дебар бу, Iедало леррина цхьа программа тIе а лаьцна, ца дича а хIумма а доцу синкъераме ловзарш дита а дитина, хьаннал къахьега луучарна ахчанца-бохчанца гIо дахь.
Лаам хилча, боху кхечара, нохчийн матте болх байта а, иза хьашт-дезаре берзо а яккхий таронаш ю урхаллехь болучеран, тIаккха цуьнца, маттаца цхьаьна, диц ца далийта а, карладаха а тарлуш ду гIиллакх-Iадаташ…
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832