Ахмадов Муса
Нохчийн мотт
Кхераме дац суна мехаш,
Къизачу зуламан ор а. –
Нохчийн мотт соьца мел беха,
Онда бу сан лаьттахь орам.
Генарчу шахьаршкахь шелло,
Ца хезаш вайн меттан аьзнаш.
Даймахках хьоьгуш, са гIелло,
Хийрачу мохо веш аьшнаш.
Нохчийн мотт – хьо сина гIортор,
Хьоьца ду тхан хилларг, хиндерг…
Лар яйъа милла а гIортарх,
Лар йовр яц – тIулга тIехь йитнарг.
Хьан лараш – зуьретийн юьххьехь,
Ширачу шумерийн кхерчахь,
Адаман лараман дуьхьа
ГIиллакхаш туьйсинчу кертахь.
Хьан аьзнаш, – шираллин хьаьркаш,
ХIорангахь – эзарнаш шераш.
Ма гойла дIадовлуш, даьржаш,
Хьан къайле ястаза дешнаш!
ЦIа, барзакъ, марзонаш, уьйраш
ДIаяьхьна къизаллин мохо,
Лаьтта со, ловш дерзийн гуьйре,
Хаддаза мохь бетташ даго:
ТIевогIург, соьгахь дац деши,
Дац соьгахь дуьненан даьхни,
Ду соьгахь дайх дисна дешнаш,
Нохчийн мотт –
тахханалц баьхнарг.
ДIаэца, ма байта доьза,
Iалашбеш, сийде вайн меттан!
Нохчийн мотт мел беха хьоьца,
Чиркх хир бу дайн корехь летта.
Кхераме дац хьуна мехаш,
Къизачу зуламан ор а. –
Нохчийн мотт хьоьца мел беха,
Онда бу хьан лаьттан орам.