Вайнехан зударша ма-алллара аьлча, юьхь-чодий бен гуш доцуш, гIалахь я юьртахь къевлина духар дуьйхина, дуккха а мехкарий-м стенна буьйцу, цхьа йоI гар а Нохчийчохь жимма хьалхо чIогIа тамаше хеталуш хIума дара.
Ткъа тахана иза могIарера сурт а хилла дIахIуттуш лаьтта. Яххьаш бен гуш йоцуш, хьулделла, къевлина духар дуьйхина зудабераш бутт-батте мел болу а совдуьйлуш ду ур-атталла школашкахь а. Уьш а, церан барзакъ а бахьанехь, цхьа дотIана иккхича санна, гара кхетамаш лела нохчийн юкъараллехь: цхьаболчара иза иманалла а,бусалбалла а, оьздангалла а лакхаяларан тоьшалла лору, ткъа кхечеран цу хиламе нисса бIостанехьа хьажам бу.
Духаро лакхайоккхуш яц гIиллакх-оьздангалла, адамалла, боху къевлинчу духарна резабоцучара. Цара кхеторехь, оцу кепара кхечу къаьмнийн духар-кеп тIеэцаро кхана боккха эшам бан тарлуш ду вайнехан Iадаташна а, гIиллакхашна а, заманан кIоргенех чекхйохуш, таханлерчу дийне схьакхачийначу кхечу мехаллашна а.
Дукхахболу бахархой а, ишта хьехархой а, дуьхьала бу дешархоша-мехкарша и тайпа барзакъ тIеийзадарна. Амма уьш хIуьттуш бац царна, хIара-и аьлла, цхьа доза а тоьхна, тIеIаткъам бан. Новр-кIоштара нохчийн меттан хьехархо Яха ю цу духарх шена хетарг довзуьйтуш.
Яха: «...Цу корталех каеттар бен, урокехь кхин болх-некъ а боцуш, Iаш бу-кх уьш. Оцу корталех хьирчина баьхкинарш. Хаза, нохчийн Iедалехь, зудаберо тилла ма деззара йовлакхаш а техкина баьхкича хаза хуьлу-кх. Ишколан духар тIехь хилча-м муххале а. И "чалбанаш" коьртах а йоьхкина, бераш школе эхийта оьшуш дац, боху-кх ас, масала.
Тидам совнаха ша тIебахийта техкина хIумнаш ю, кхин хьесап долуш техкина яц. Школера дешна а яьлла, йоккха хилича туьллур цо шена ма тов, ткъа ишколехь и хIуманаш леладайта оьшуш дац, аьлла хета сунна-м».
Кху деношкахь, коьртах а яьккхина, кхайкхош йолчу Ставропол-мехкан Нефтекумск-кIоштан ишколан директоро, ша дешархошна и тайпа къевлина бедарш лелор доьхкуш дац, амма школехь ша царна духар хийца чоь а къастийна, дешаран де дерззалц царна тIехь, кхечарна тIехь санна, могIара духар хила догIу, аьлла, дина дIахьедар ахь муха туьду, хаьттича, Яхас кхин дIа элира иштта.
Яха: "И Ставропол-махкарчу школан директоро нисса боху. ЦIабахча шайна луъург тIе а йохий, лелахь, ткъа школе еънехь, дешархо а хилий, чекхъялахь».
Яхас мухха а дийцахь а, хьехархошлахь, дай-наношлахь къевлина духар дош а, безам а хетарш а бац кIезиг. Цара бахарехь духар, хьеннан а хилча а бен а дац, коьртаниг - мехкарий а, зударий а, гуш меженаш а йоцуш, оьзда лелчхьана..
Цхьабосса туьдуш дац и къевлина Iаьрбийн духар лелор кхоллараллин белхоша а. Цу духаро, къоман хIума лахдеш, эшам бохьу, аьлла, тешна болчарех ву яздархо, гочдархо Хатаев Хьусайн.
Хатаев: «Хьаьрччина кортали а тиллина хила еза йоI боху ойла йолучара, соьга хаьттича,а юьхьарлоцург кеп ю. И кортли тиллина елахь, бусалба йолуш, ца тиллинехь - йоцуш ма дац иза. И елахь, кортали тиллича а, ца тиллича а оьзда ю-кх. Дукха суьпа буьйлуш, шайн йоцу цIе яржорхьама, леладо цхьаболчара и хIуманаш.
Шен хIуманца, барамца, шен башхаллица хIора къам билгалдоккхуш хIуманаш ду. И башхалла дIайолий, цу къомаре, масала, нохчашкара, мотт дIаболий, уьш нохчийн бац. Царех хIуъу цIе яьккхича а, царна и цIе йогIуш ю-кх, леташ ю-кх. церан цIе а хилла, дIахIуттуш ю-кх».
Маршо Радио: Школашкахь, кхечу доьшийлашкахь и духар хила деза, ца деза, ахь муха кхетадо?
Хатаев: «Уьш хила ца еза. Уьш йоьхча, хьо къорза къиг санна, дIахIутту. Хьоьга хьажар, хьан кхечу берашца йолу юкъаметтиг, шатайпа а хуьлий, дIахIутту. Стенна аьлча, ахь хьайн духарца гойтуш ду хьо кхечу кепара хилар, къаьсташ хилар. Цуьнца цхьаьна ахь бекъам бо. Ас ма ца боху, цIармат а валий, лела».
Схьагучу суьртехь, Нохчийчохь цIе яьлча санна, сиха даьржаш долу мехкарийн къевлинчу духарийн хьокъехь ден къамелаш, марсадовлахь бен, лахлур долуш дац. Ткъа цхьа йист яккха-м еза вай..."