ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехехь комментари ца йина Кадыровс шен говр лачкъо гIортарх лаьцна динчу дIахьедаршна


Кадыров Рамзан ву Мосскварчу централан ипподромехь Оьрсийчоьнан президентан цIарх совгIатна дуьхьа хIиттийначу къовсамашкахь, 2009 шо, архивера сурт
Кадыров Рамзан ву Мосскварчу централан ипподромехь Оьрсийчоьнан президентан цIарх совгIатна дуьхьа хIиттийначу къовсамашкахь, 2009 шо, архивера сурт

"Украинхойн лерринчу сервисаша а, Чехерчу полицино а цхьаьна" шен Зазу цIе йолу говр шен дехарца лачкъо гIортарх лаьцна Кадыровс динчу дIахьедарна комментари йан дуьхьал хилла Чехера полици. Хьукматехь дIахьедира, Кадыровн долахь йолу говр тIепаза йайна хилар толлуш ду аьлла.

"Зорбанан гIирсийн [Кадыровн телеграмерчу] зевне дIахьедарна тIе тидам бахна хиларх тхо кхета. Амма кхеташ хила деза, оха [Чехерчу полицино] цхьана кепара цунна реакци йийр цахиларх. Говр хIинца а лоьхуш йу, даьхний лачкъор санна толлуш ду гIуллакх. [Талламехь] цхьа керла хаам гучубалахь, оха иза шеко йоцуш арахоьцур бу", – дуьйцу Чехерчу полицино шен хаамехь.

Кадыровн дешнашна карарчу хенахь Украинан Кхерамазаллин хьукмато, йа кхечу официалерчу хьукматаша а ца йина комментари.

Хьалхо Кадыровс дIахьедира, "шо долалуш украинхойн лерринчу сервисийн белхахой соьца зIене бевлира кхечу нахехула – Зазу эцар хьийхира" цара. Цо тIетуьйхира, "Чехерчу полисхошца барт бина, божал чуьра лачкъийра" шен говр цара. Амма шен дешнашна цхьа а тоьшаллаш ца дахкийра цо.

Цо бахарехь, говрах 18 эзар доллар охьадиллина ша, ткъа хIинца Зазу "цIа йалош йу".

Дагадоуьйту, 400 эзар чехийн кронаш мах бу бохура Чехерчу полицино оцу 16 шо долчу говран, аьлча а, 18 400 доллар. Амма зазадоккху-баттахь говр лачкъийна аьлла болчу хаамна реакци йеш Кадыровс дIахьедира, цуьнан мах мел кIезга а 10 млн доллар бу аьлла.

Зазу - иза Кадыровн долара даьхнийн дакъа ду, 2014-чу шарахь ГIирмана Оьрсийчоьно аннекси йиначул тIаьхьа Iедало схьайаьккхина йу иза. Масала, говр Евробертан дозанера дIайига ца мега, ткъа говраш уьдуш болчу къийсамашкахь даьккхина ахча Кадыровн чоьташка даккха ца мега. Шена, шен доьзална, "командина" а дуьхьал йаьхначу санкцийн хьалара ижу йу элира Кадыровс Зазу. Цо бахарехь, "говр лачкъийнарш вуно хIилла долуш бу: санкцешкахь йолу говр лачкъо Iовдал бу, амма полицина и гучу ца далийта говза бу".

  • Чехийн Jezdci.cz сайто йаздарехь, Зазу лачкъо гIиртира 2022-чу шеран дечкен-баттахь а, Оьрсийчоь Украине чугIорта кIезга хан йиссале – хIетахь оьрсийн мотт буьйцу ши стаг гIоьртина хиллера говр Польше дIайига, амма божалан долахочо дуьхьало йина царна.
  • Зазу цIе йолчу говран баккъалла болчу мехах лаьцна хIумма а хууш дацара. 2015-чу шарахь Кадыровн говранийн Чехерчу тренеро Шавуев Арслангирейс дийцира Радио Свободе, божал чохь латтош нохчийн политикан пхи говр йу, шайлахь лачкъийна йолу Зазу а йолуш – цуьнан баккъалла болу мах Шавуевс ца элира, "вуно дукха ахча доьхура цунах", аьлла билгалдоккхуш. Цо бахарехь, кхинйолчу цуьнан говранийн мехаш 15 тIера 140 эзар евро кхачалц бу (таханалерачу курсаца, 15,8 а, 147,5 эзар а долларш).
  • Коррупцина дуьхьало латточу талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" проекто дийцира, 2014-2018 шерашкахь Чехехь хиллачу говрийн идаршкахь Кадыровн говраша даьккхинарг 110,5 млн сом дара, Немцойн махкахь - 1 млн сов сом (2014-чу шеран Централан Банкан курсаца), амма Американ а, Европан а санкцеш бахьана долуш и ахчанаш Кадыров Рамзанна дIаделла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG