ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазошна XIX-чу бIешерашкахь йина геноцид къобалйар тIедожийна Украинехь хиллачу конференцихь


Киевера конференцин декъашхой, 2023-чу шеран зазадокху-бутт
Киевера конференцин декъашхой, 2023-чу шеран зазадокху-бутт

Ломанан республикин йозуш йоцу 105 шо кхачарна лерина стигалкъекъа-беттан 27-чохь Киевехь конференци йолайелла. Оцу бараман уггар а коьртачех хаттар хилира чергазойн къомана йина геноцид а, Украино и къобалйар а.

Конференци вовшахтоьхнарг йу Украинера стратегийн коммуникацийн а, информационан а кхерамзаллин Центр. Дийцаршкахь дакъалецира чергазойн Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Туркойчуьра а йукъараллийн организацийн векалш. Иштта цигахь дакъалоцуш вара нохчийн а, дагестанхойн а халкъийн делегаташ, царлахь вара Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад а.

"Оха къамелаш дира, халкъан кханенна лерина церан маршонан а, бакъонийн а, политикан а хьокъехь оха дендолчух, иштта дийцарш дира чергазойн геноцидах лаьцна а. Билгалдаьккхира, чергазойн мокх тхайна маьрша хила лууш хилар. Иштта оха къастийра, Украино чергазошна йинарг геноцид йара аьлла, тIелаца дезаш хилар, тхайн дай баьхначу махка маьршша йухадерза тхайн таро хилийтархьама, цигахь даха а, кхиа а", - дIахьедина Кавказ.Реалиин сайте конференцин цхьахволчу декъашхочо.

  • Кавказан тIом а, Османан империхь чергазошна депортаци йар а бахьана долуш, дай баьхначу лаьтта тIехь верриг а виссинарг ву пхи процент гергга чергазойн къоман векал. Карарчу заманчохь чергазой беха дуьненан 50 сов пачхьалкхашкахь. Чергазойн геноцид къобалйинарг цхьа Гуьржийчоь бен йац.
  • Хьалхо Украинин Лакхарчу Радера халкъан депутатийн тобано хьийхира Оьрсийчоьнан империно чергазошна йинарг геноцид йара алий, тIелаца деза аьлла. Инициативана тIетайра мел кIезиг а кеп-кепарчу депутатийн тобанхошна йуккъера 50 парламентхо, шайлахь урхалла дечу "Халкъан йалхой" партин декъахой а цхьаьна.
  • 2022-чу шарахь Украинин Лаккхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, иштта йемалдира махкахь ши тIом боьдучу хенахь "нохчийн халкъана йина геноцид".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG