Жернов Валерий даржехь Ιен шо бен а дацара. Дагестанан а, ГΙалгΙайчоьнан а ницкъаллин урхаллашкахь белхаш бина а, кавказхой дика бевзаш а волчу цуьнан омранашца тΙаьххьарчу шарахь жигара даьккхина дΙахьош дара гΙаттамхой лехар а, полицин ницкъаша цаьрца тΙемаш бар а, уьш хΙаллакбар а. Оцу хьаькамах мукъабаьккхина меттиг хьанга кховдор бу Кремло цкъачунна билгалдаьлла дац.
ШолгΙаниг - Сыдорук Иван - 6 шо дара, цкъа Ессентукехь, тΙаккха Пятигорскехь куп тоьхна латточу Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран урхаллин коьртехь волу. Цуьнгарчу метте хΙоттийна Пенза-махкахь прокуроран гΙовс лаьттина Цуканов Алексей.
Кавказехь къепе латточу ницкъийн хьаькамаш хийцар стенца дозу довзуьйтуш дац пачхьалкхан дайша. Амма хаттар лаьтта могΙарчу кавказхошлахь а, цигарчу хьаькамашлахь а.
Маршо Радио: Лаккхара хьаькамаш хийцар стенца дозу, аьлла, хета хьуна?
Соколов Денис: «Суна хетарехь, и дозу куьйгалла хуьйцуш хиларца, иштта чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллин система, Ιедалан дерриг а кочар, бухара дуьйна, хьалакхаччалц.
Цхьана агΙор, Путин президентан гΙента юхавеана, цо оцу хьесапехь Ιедалехь юха а шен система ю дΙахΙоттош, уггаре хьалха ницкъаллин урхаллашкахь. Полицин хьаькамаш хуьйцуш хиларо керла нах буйла гойту даржашкахь оьшуш, керлачу куьйгаллина уьш шена муьтΙахь хилар оьшу, цо эвсаре болх бар оьшу».
Маршо Радио: Пачхьалкх яхахаорехь а, цуьнан сибат хийцарехь а, адамийн кхерамзалла лакхаяккхарехь а дика хьелаш кхолла гΙерта хир ву Путин Владимир. Ткъа и аьттонаш кху хийцамаша бохьур бу, аьлла, хетий хьуна?
Соколов Денис: «Ерриг а политикан система хийцича бен, суна ца хета, хийцамаш балур бу, кегарехь йолчу Къилбаседа Кавказехь-м муххале а. Вукху агΙор аьлча, вайнаш санна гΙоьртина лаьттачу хьелашкахь муьлхха а и тайпа хийцамаш бар кхераме ду. Вай йоккху хΙора а гΙулч охьанехьа йоккхуш нисло.
Кхеташ ду, коррупцина духьало ян еза. Амма оццу корупци тΙехь ерриг система а лаьтташ хилча, деккъа схьаэцна коррупцина духьал ден гΙуллакхаш, уьш эрна ду, цара кхин а талхойо дечу куьйгаллин эвсаралла, нагахь санна иза елахь а.
КΙошто – юьртах, махко - къоштах жоп далар дохадахь, дерриг а урхалла Москохара дан гΙортахь, кхерам бу ерриг а система йохарна. Ревизи ян езаш ю ша ерриг а система».
Маршо Радио: Къилбаседа Кавказехь хьаькамаш хийцар беккъа дΙа ницкъаллин урхаллашкарчу хьаькамашна тΙера стенна долийна, иза муха кхетадо ахь?
Соколов Денис: «Оцу хийцамашкахь уггаре кхерамениг ду, соьга хаьттича, ницкъаллин урхаллаша Къилбаседа Кавказехь бен болх Нохчийчуьрчух дΙатарбан мегаш хилар. ТΙехь Ιуьналла а доцуш, Нохчийчохь санна, ма-тов низам а талхош, Ιедало цаьрга болх бойтуш хилахь, боху ас.
ХΙунда аьлча, тоьлла болх беш ю Нохчийчуьра урхаллаш бохучунна бухахь ду цара цигахь адамашна теΙхь къизалла яллош хилар.
Ткъа и кеп чекхъер ю, аьлла ца хета суна, масала, Дагестанехь а. Оцу агΙор аьлча, вон бина и хийцамаш. Ткъа вуьшта, шаьш нах хийцар – иза, дукхахдолчунна, пайде дац, аппаратан ловзарш ду».