ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2000-чу шарахь Нохчийчохь Пскован десантхошна тIелеттарш дIалийцарх дIахьедина ФСБ - урхалло


Оьрсийчоьнан эскарш Веданан кIоштахь ду, 2000 шо. Архивера сурт
Оьрсийчоьнан эскарш Веданан кIоштахь ду, 2000 шо. Архивера сурт

2000-чу шарахь Псков гIаларчу десанташна тIелатарехь дакъалаьцна кхо тIемало ГIебарта - Балкхарчохь шаьш дIалацарах дIахьедарш дина къайлахчу сервисийн урхалло а, Оьрсийчоьнан талламийн комитето а. Уьш билггал буьйранчийн Басаев Шемалан, Хаттабан тобанашлахь лелла хилар тIечIагIдо ницкъахоша.

"Шеконза долчу тоьшаллийн бух тIехь бина болх бу". Уьш 84 десантхо верехь бехке хилар гойту цу талламаша, боху лерринчу урхаллийн хаамашкахь. Баксанехь, Чегемехь, Нартан-йуьртахь ницкъахоша дIалаьцна Батыров Анзор, Казанчев Асланбек, Накусов Таймураз. Массо а "гIебартойн джамаIатна" йуккъехь хилла боху лерринчу урхаллийн релизехь. Дуьйцурш хIун "шеконза тоьшаллаш" ду, билгалдаьккхина дац.

ДIалийцина латточарна дуьхьал бандитизм, герзаца гIаттам, низамхошна зулам дар олучу артиклашца долу гIуллакхаш долийнa.

Къилбаседа Кавказехь тIемлой лоруш болчара кхелашкахь дIахьедо, шаьш мел дийцинарг шайга ницкъбеш, дийцитийна ду олий, боху бакъоларйархоша, адвокаташа а.

  • Официалехь, 2000-чу шеран чиллин-зазадоккху беттанашкахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Керт йуьртана уллохь Басаев Шамилан, тайп-тайпанчу хаамашца, цхьана эзар тIера 2500 стагана тIекхаччалц хиллачу тобано, Псковскан десантан дивизин эскархошна тIелатар дира. 84 десант велира, виъ чевнаш йеш, лазийра.
  • 1990-2000 шерашкахь оьрсийн эскаршна дуьхьалло йиначарна бехктакхаман гIуллакхаш доладо. Жоьпе ца озош ца буьту амнистина йуккъе бахнарш а. Кавказ. Реалии сайто дикка кхетош дийцира иштачу цхьана масалах - вежаршна ИдаловгIарна гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхех.
  • Мангалан-беттан чакхенехь талламхоша кхеле кховдийра Пермь гIаларчу ОМОН-на 2000-чу шарахь Нохчийчохь тIелатарах кхин ши гIуллакх - шеконе лецира Атуов Рашид, Понарьин Максим. Ставрополера Понарьин 2007-чу шарахь гуттаренна чохь такха хан тоьхна, дIалаьцна вара. 2004-чу шарахь Москварчу метрочохь теракт йаран хьокъехь. 2017-чу шеран чиллан-беттан 20-хь Понарьин бехке лерира кхин цхьана зуламехь, Псковерчу десантхошна тIелатарна. Нохчочунна Атуов Рашидна 2012 -чу шарахь Пскован десантхошна тIелатарехь бехкевина, 13 шо хан кхайкхира.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитето бечу хаамца, таханенна Псковерчу десантхойх леттачу нахах схьакарийна 29 тIемало. 18 набахтехь такха хенаш кхайкхина ву. Царлахь бу Латвера Ухейда Сулейман а, Украинера Малофеев Александр а. Шиъ лоцучу хенахь вийна, пхиъ лехамашка велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG