ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чупалаев: "Сан конкуренташ бан а бац, уьш сан коллегаш бу"


Флорист Чупалаев ИбрахIим
Флорист Чупалаев ИбрахIим

Кху деношкахь Сиэтлехь хиллачу дуьненаюкъарчу тоьллачу флористийн-дизайнерийн симпозиумехь дакъалаьцна юхавеана Соьлжа-ГIаларчу "Зезагийн тогIи" ("Долина роз") зезагийн салонан долахо, бизнесхо Чупалаев ИбрахIим.

30 шо хьалха вайнахалахь боршачу стага зезагаш далар а эхье хетачу заманчохь, уьш кхиор-лелор зударийн болх лийринчу хенахь флористикан бизнес йолийначу Чупалаев ИбрахIима йоккха гIулч тесна и нехан синкхетам хийцарехь.

Маршо Радиоца хиллачу интервьюхь дийцира ИбрахIима, экономикан, юридикан лакхарчу доьшийлашкахула чекх а ваьлла, "Зезагийн тогIичохь" висарх.

Масала, Европехь, хIора шолгIа стаг ала мегар ду, флорист ву. Ткъа Оьрсийчохь флористикехь къахьоьгуш, доккхачу декъанна, зударий бу. Нохчийчохь схьаэцча, цигахь менталитет къаьсташ ю..адамаш кхи ду, амалш кхи, синкхетам а кхи…Зезагаш лелор, кхиор зударийн болх хета-кх. ХIетте а муха тарделла хьан зезагех бизнес яр?

Чупалаев: Флористика боху дош оьрсийн маттера гочдича, зезагаш лелоррий, цаьрца беш болу болххий эр ду-кх вай. Зударийн болх бу хIара доккхачу декъанна, делахь а божарша тIелаьцна а ю дуккха а хан.

"Иштта тIехь диссир-кх суна хIара гIуллакх"

Маршо Радио: Хьо юрист, экономист ву. И корматаллаш дIа а тесна, муха кхаьчна хьо "Зезагийн тогIичу"?

Чупалаев: Со тхан доьзалехь хиллачу 5 берана юккъехь уггар а жимахверг вара. 1974-чу шарахь воккхаволчу вашас ша эскарера цIа веача, дуьххьара болийна бу хIара болх. Советан Iедалан заманахь даьхний дара тхан лелош, уьш дIа а даьхна, теплица а хIоттийна тхо дуьйлалучу хенахь сан 11 шо дара.

Латтех, теплицех, зезагех ас мел йина харж. Сайн 18 шо ма кхаьчча, оцу массо а хIуманах кула а яьлла, мича ведда вер вара-те бохуш Iийнера со. Юха эскаре гIуллакх дан вахара со а. Цигара цIавирзинчул тIаьхьа дуьйна дIа беш болх бу хIара.

Тхан дас-нанас (Дала декъалбойла уьш) со цIа вале кхиина зезагаш дара, царна а гIо дан дийзира… Иштта тIехь диссир-кх суна хIара гIуллакх. Ма дарра аьлча, со хIуммаъ дохко а ца ваьлла.

ТIом баллалц Нохчийчохь тхайн куьйгашца дIа а дуьйш, кхиина оха и зезагаш. Нохчийчуьра ара а дохуш, дохкар а хилла. ТIом бирзинчул тIаьхь а, ца ваьхча а ца волура, болх бан безара. Мацах баьхначунна а дайна, иштта, хуьл-хуьулуш хилира тхан дена вир.

Маршо Радио: Хьо болх бан волавеллачу заманчохь къаьсттина хIун халонаш Iитталора хьох?

"Цигахь "Дендалар" цIе а тиллина зезагех композици гайтира ас"

Чупалаев: ШолгIа тIом баьллачул тIаьхьа халох дара. 2002-чу шарахь Москох хилира со зезагийн конкурсехь. ДуьнентIера зезагаш кхиошберш бара цигахь вовшахкхетта. Зезагаш дохка а, эца а юкъаметтигаш лелорхьама вовшахбетталуш.

Цигахь тергойира ас, флористаша лелочун. Соьга кхи хIун далур дара-те, лелор, кхиор, дохкар а доцуш, со а ма вара кхолларалан болх безаш аьлла, сайга хIун дало со хьаьжча, 2006-чу шарахь Москох ЦIечу Майданахь гайтамехь хилира со. Цигахь "Дендалар" цIе а тиллина зезагех композици гайтира ас.

Цигахь нохчий ву, борша стаг а ву флористан болх беш аьлла, массо а цецваьлла, цхьаберш тIеоьхуш, хьох куьйг Iотта мегар дуй, боккъал а нохчо ву хьо бохуш, цецбуьйлура.

Маршо Радио: Муха долало хьан белхан де?

"25 сахьтехь болх бо оха дийнахь-буса а"

Чупалаев: Вижар-гIаттар сан дан а дац. 4-5 сахьтехь бен яц сан наб. ХIетте а со реза ву, реза ву со. Ша йоккху хан, гIайба мара а боьллина, вижина а Iуьллуш, яккха езаш яц.

Цхьа болх беш, адамна вовза а вевзаш, нахана а, махкана а, доьзална а пайден а волуш яккха еза хан. 25 сахьтехь болх бо оха. Туьканна тIе тоьхна кехат дара тхан, хIинца юха дIаолла дезаш ду - "25 сахьтехь болх бо оха дийнахь-буса а" аьлла.

ЧувогIучо хотту: 25 сахьт муха хуьлу хьан, денна а, буьйсанна а юкъахь 24 сахьт бен хуьлуш ца хилча. Ас дуьхьал хаттар ло "цхьанхьа а гин хьуна, мукъа хан хIоккхул-оццул сахьтехь ю, хIума юу хан оццул ханна ю аьлла. И хан тIетоьхча ма хуьлу тхан 25 сахьт олу ас.

Чупалаев ИбрахIим
Чупалаев ИбрахIим

Маршо Радио: Хьо волалуш хьуо цхьаъ хиллехь а, тахана вайн цIахь зезагаш лелош дуккха а бевлла. Хьуна новкъарло йой цара?

"Суна уьш сайн белхан накъостий хета, конкурениташ ца хета"

Чупалаев: Тахана ахь ма бохху, дуккха а бу зезегаш лелораш. Дала аьтто бойла церан. Вайна царех новкъарло ца хулу. Рицкъ Дала яздиннарг ду. Сан цхьа а конкуренци яц. Суна уьш сайн белхан накъостий хета, конкурениташ ца хета. Со ву церан конкурент, (воьлу) ас санна цара а болх бахь, аьтто хир бу-кх церан а.

Маршо Радио: 20-30 шо хьалха нохчочо зудчунна зезагаш луш, оьцуш, цхьа наггахь а бен ган йиш йоцуш хIума дар-кх. Ткъа тахана, мел хийцавеллий нохчийн борша стаг?

Чупалаев: Иза-м тахана а долуш ду хьуна. ХIетахь санна кIоршаме дац, делахь а. Тахана а наггахь нисло-кх, зезагаш эцча, делахь, машенчу дохкур дацара ахь уьш олуш. Цхьа а проблема яц, оха-м хьуна лаахь, ахь аьллаче дIа а кхачор ду, тхан курьераш бу олу ас. ГIиллакх долчуьнгара доккхур дац ахь, доцчуьнна дан хIума а дац.

Маршо Радио: Тахана цхьа шатайпа зама ю-кх хIара. Адамашца болх бан хIуммаъ а атта дац. Массо а сиха, оьгIазе, дера… Иштачу нахаца Iоттавалар хуьлий хьан балхатIехь? Хьал конфликте ца доккхуш муха дерзадо ахь?

Чупалаев: Цхьана куйьгатIера пхи пIелг а бац цхьатерра. Цхьа а бахьана доцушшехь, шен сих ду-кх цхьаволчун.

Ахь ма бохху, маргIалделла, боцу мах хIоттийна олий, сих-сиха нисло меттигаш. Вела а лой, хьуна хIун цатов, оцу стагна там бан гIоьрта со, муьлха мах белча реза хир яра-вара хьот олий, хатта а хоттий, цо аьллачу мехах зезагаш дIалуш метигаш а нисло, сайна хуьлу зен-пайда а ца хьехош.

ХIунда аьлча, вогIуш лаьтташехь, зуда хуьлийла иза я стаг, цхьаммо дог датIийна вогIуш хила тарло. Ас дог а хьостий, дIавохуьйту и стаг. Юха шен дог юхадирзича, Дела реза хуьлийла хьуна, хьо ма тамашийна стаг ву олу.

Маршо Радио: Мел дийцарх а, флористика хаза, цIена, самукъане болх бу, ойла йича. Амма бац хIуммаъ а аттачех. Экономикан кризис, форс-мажор, харцо, кIадвалар, оцу дерригенца а ларон везаш ву-кх хьо! Цкъа а коьрте догIурий хьуна, бита беза ас хIара болх, кхи дIа ницкъ ца тоьа сан хIара дIатекхо олий?

"ДIатосур ас хIара болх..кхи дIа?"

Чупалаев: Бакъдерг дийцича, цкъа дагадеана ца Iийна, дукхазза дагадеана. кхи хIуммаъ дацахь а, чуьрчу доьзалхочо ас бохург ца дича, нийса ца дича, дерриг а ас дIатекхо деза-те хIара олий, хийлазза ойлано лаьцна со. ТIаккха а.. ДIатосур ас хIара болх..кхи дIа? Кхи дIа хIун дер ас? Мацалла-м лийр вац со. Амма оццул дуьне мел ду волавелла а лелла, дуккха а зеделларг а гулдина, цхьаммо-шиммо дог датIийнера аьлла, дIа муха тосур ду хIара гIуллакх олий, меттавогIу со.

Маршо Радио: Муьлха зезагаш хьуна хьайна хазахета?

Чупалаев: ХIара, вуьйш аьлла царна юкъара къасто ца лаьа суна. Шен дена-нанна шен бераш санна дукхадезаш ду суна хIара зезагаш а. Доьзалехь аьлларг деш верг къаьсттина дукха веза. Зезагаша соьга мотт ца лебо, цундеда суна хуур дац царна юкъахь къасто.

Суна дерш дукхадеза уьш. Бакъдерг дийцича, бIаьста арахь кхуьуш долу зезагаш алсам хазахета суна. Массо а дукхадеза суна уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG