ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЧВК Вагнеран" долахочуьнца Пригожинца къовсаме ваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо


Евгений Пригожин
Евгений Пригожин

ТIеман министралла а, цуьнан куьйгалхо Шойгу Сергей а, иштта Оьрсийчоьнан эскарийн Коьрта штаб а хастийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Украинехь тIемаш дIахьочу юкъанна "хьекъале тактика" лелайо Оьрсийчоьнан буьйранчаша аьлла, дIа а хьедеш. Оцу юкъанна хьалхо Кадыровс, Шойгуна йиллина критика а ца йеш, масийттазза йемалйира тIеман тактика а, иштта цхьаболу командираш а. Цуьнан мах хадор нислора кест-кеста "ЧВК Вагнера" вовшахтоьхначу Пригожин Евгенийца, йаздо Свобода Радионо.

"Массо а маьIнашкахь вай хьалха доьлхуш ду. Украинехь бечу тIамехь масаллица леларан агIонча со велахь а, амма таханалера Коьртачу штабан тактика чIогIа кIоргера ойла йина а, дукха зенаш ца хуьлуьйтуш а ю", - йаздина Кадыровс телеграмехь, "пачхьалкхехь а санна, вайн тIеман дакъошкара хьал дукхазза тоьлла ду, шо хьалха хиллачул а" аьлла билгалдоккхуш.

"ХIора а шен-шен меттахь сахьт санна дика ларош схьавогуш ву: бизнесхой, банкан белхахой, Оьрсийчоьнан парламентан депутаташ, Президентан Администрацин белхахой, Коьртачу штабан эпсарийн тоба. ТIеман министро а, цуьнан гIовсаша а дийнахь-буса а 24 сахьтехь белхаш бо", - йаздо Кадыровс. "Дерриг а дика ду, бахархой, сам а гатде".

Шена догIучунна, Пригожин Евгений кхин дIа а жигара тIеман министраллина критика йеш схьавогIу, иштта- йиллина критика йо Шойгуна а. Хьаькамашна луьйш болчаьрга негативца вистхуьлуш Кадыровс хIоттийна керла пост тIеэца тарло Пригожинца къовсаме валар санна. Важа хьахийна вацахь а -могIарчу салтичунна хьажийна текст йолуш санна дина ду йоза.

"ЗIе йара бохуш, чоьхьара хеттарш далха а деш, социалан машанашкахь даржон мегар ма дац. Уьш гуттар а хир долуш ду! Ледарчу салтичо латкъамаш беш видео гича, хатта ойла хьулу, тIамехь массо а хIума дика а, тоаме а хуьлу аьлла хета хьуна? Салтичо мохь ца бетта- салтичо шен гIуллакх до. ТIехIоьттинчун йист йаккха некъаш леха деза, цхьана тобане бирзина, массарна а хозуьйтуш и далхочул а. Патармаш чекхдевлла? Хьалххе хьайна тIехIоьттинчу эпсарна дIа стенна ца хаийтира ахь, уьш чекхдовлуш ду аьлла? Дикачу тIемалочун патармаш цIеххьана кхачош дац", - йаздо Кадыровс. ТIаьххьарчу кIиранашкахь къаьсттина Пригожин вара "ЧВК Вагнерна" тIеман гIирс тоаме бац бохуш, далхийнарг.

Оршотан суьйранна хIоттийра Кадыровс пост. Оцу дийнахь Iуьйранна хаам бира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цуьнан цхьанакхетар хилла аьлла. ТIом толлучу америкахойн Институтан (ISW) аналитикаша билгалдоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьаьнакхетарх пайдаэцна, нохчийн эскархоша тIамехь доккха дакъалоцуш хиларх дIахьедан, Путинан дикачу агIор реакци хилийтархьама. Оцу юкъанна, ISW-н аналитикаша билгалдоккхарца, Нохчийчуьра эскархоша "минималан роль" ю ловзош оцу тIамехь, жигара хьийза уьш тылехь. "Цундела Кадыровн кхоьрийла дара Путин шена муьтIахь волчуьра дIаваларна, хIунда аьлча, баккхий тIеман кхиамаш бу олийла дац", - йаздо ISW-с.

Оршотан дийнахь оццу организацин сводкехь билгалдаьккхира, Бахмутна гена доццучехь "ЧВК Вагнера" тобанера тутмакхашлахь а, йолахошлахь а эшамаш хиларо къахко тарло Пригожин Евгенийн агIончаш аьлла. "Пригожинан вожаро, тарло Кремлан кхинболу хьаькамаш а кхеро, масала, Кадыров санна берш", - аьлла ду сводкехь.

  • Ша "Путинан гIашсалти" ву бохучу Кадыровс, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно тIом дIахьочу юкъанна билгалдоккхура Пригожинна шен тIетар. Цул совнах, церан структураш йара юкъарлонаш лелош: Нохчийчухула тIамтIе хьийсийна "лаамхой" "ЧВК Вагнере" а кхочуш хилар.
  • Стохка гIадужу-баттахь Кадыровс керла пост хIоттийра, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхочух "хьомсара ваша", "ша бакъволу тIемло" иза ву аьлла. Цуьнца цхьаьна шога критика йира цо украинхойн Лиман дIайеллачу оцу заманчохь "Центр" армин буьйррала деш хиллачу инарлина Лапин Александрна. Цо йинчу критикана хIетахь тIетайра Пригожин а.
  • Кадыров Пригожинна тIетевр вац тIеман министраллина цуьнан дуьхьал валарехь аьллера чиллан-баттахь тIом толлучу Институто. И хьесапаш динера, урхаллица "тIехдика, нисйина юкъаметтигаш ю" бохуш, Кадыровн дIахьедаршна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG