ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧВК "Вагнеран" йолахошца хийцалуш бу Нохчийчуьра эскархой - Bloomberg


Кадыровхой Украинехь, гайтаман сурт
Кадыровхой Украинехь, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан буьйралла кечлуш йу Украинера тIамехь дакъалоцучийн терахь алсамдаккха Нохчийчуьра эскархошца а, набахтешкара лехьийначаьрца а. И дан лаам хилла ЧВК "Вагнеран" йолахой тIамера арабевлча "йассайелла меттигаш дIайуза". Bloomberg ресурсо йаздо цунах лаьцна цIе ца йаьккхинчу европахойн талламхойн урхаллера хьастана тIетевжина.

Bloomberg-ан къамелахоша билгалдоккху, кхин а тIе маса тIемало хьажон дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, къаьстина цахилар. Стигалкъекъа-баттахь, караладоккху ресурсо, Кадыровс чIагIдора, тIамехь ворхI эзар сов Нохчичийчуьра эскархо ву бохуш.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIамехь дакъалацийта "вербовка" йинчу тутмакхийн терахь Bloomberg-о 15 эзар гергга ду боху, цунна хетарехь, кхин а тIе алсамдаккха тарло иза а.

Къилбаседа Кавказехула а, тIеман конфликташкахула а говзанча волчу аналитико Чемберс Гарольда критикаца тIеэцна зорбане йаьккхина информаци. "Йассайелла меттигаш нохчийн эскархошца дIайуза" Кадыров кийча хиларх бинчу хаамехь "тоьшаллаш данне а дац", и ойла церан кхоллайелла хила тарло хаамийн гIирсашкахь йаржийна "цхьа цIов" публикацеш йешча, йаздина титтерехь Чемберса.

  • Мангал-баттахь Кадыровс дIахьедира, масех кIиранчохь тохарш деш, Украинера чуйоьхучу диверсийн тобанаша рейдаш дIахьош латточу Белгородан кIошта "Запад-Ахмат" полк хьажош хиларх. Америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) экспертана Степаненко Катеринина хетарехь, Кадыровн инициатива йоьзна хила тарлора Украинера тIамехь дакъалаца цалаарца. Белгородан кIошта кхаьчначу кадыровхоша, цхьацца хаамашца, украинхойн дозана геннара позицеш дIалецира; царна гергахь йара салтийн позицеш.
  • Стигалкъекъа-баттахь Украинан ТIеман ницкъаша контртIелатар ду кечдеш бохуш, дуьйцучу йукъанна Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедира ОМОН-н а, Росгвардин 94-чу а, 96-чу а полкашкара дакъош керла эскархой тIаме бахарх. Дуьйцура, и эскархой кхечу тIом бечаьрца хийцабала балийна бу бохуш.
  • Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш.
  • Украинан дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а масийттазза дийцира, махкахь полисхоша лечкъийначу нахе а тIамехь дакъалоцуьйту бохуш. Царех цхьаболучарна хьоьхура йа тIаме доьлху шу, йа шайггара долийначу гIуллакхехула набахте доьлху. Иштта Нохчийчохь салтий хуьлу, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо бохуш, хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
  • Манал-беттан 23-чохь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс бехкбиллира Оьрсийчоьнан тIеман министраллина вагнеровхойн позицещна тIе ракеташца тохарш дарна, цо дIакхайкхийра "нийсонан марш" йеш, Москва чугIур ву ша аьлла, министраллин урхалла жоьпе озош. 24 сахьтехь ЧВК "Вагнеран" коврийн аьтто хилира Ростов-на-Дону а, Воронеж а гIаланаш шайн контроле йерзон. Суьйранна дийца даьккхира, Пригожинна а, Беларусин авторитаран лидерна Лукашенко Алексндрна а йукъахь къамел хиларх. И консультацеш бахьана долуш ЧВК "Вагнер" Москва йоьдучуьра йухайирзира. Йолахойн тобанаш Ростовера арайевлира.
  • Мангал-беттан 29-чохь Думин тIеман комитетан хьалханчас Картапаловс дIахьедира, бунт гIаттайале хьалха Пригожин Евгенийга дIахаийтина дара, тIеман министраллица контракт дан реза цахиларна, Украинера тIамехь ЧВК "Вагнера" дакъалоцур дац аьлла. Бунт йирзинчул тIаьхьа ЧВК "Вагнерна" хьийхира тIеман министраллица контракт дар, керла нах тобане эцар сацийна. Тобанан техника оьрсийн эскаре кхачор йу, дIахьедира мирнистралло мангал-беттан 27-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG