Къайлахчу сервисаша лаьцна ГIалгIайчохь Лакхарчу кхелан суьдхо хилла Бойчук Сергей а, Магасан кIоштан кхелан хилла куьйгалхо Аушев Мохьмад а, Белхороев БатIал-Хьаьжин динан вежараллин векалшна коррупци а лелош, гIодарна. "Коммерсант" газето хаамбина цунах лаьцна.
Талламан версица, бизнесхочуьнгара Картоев Адамера кхаъ эцна хилла кхелахоша, цул тIаьхьа батIалхьажойшкахьа кхелийн сацамаш а бина. Билгалдаьккхина дац, оцу вежараллера цара буьйцурш билггал муьлш бу а, суьдхоша царна гIо муха дина а.
Аушев Мохьмад лаьцна ГIалгIайчохь, Бойчук Сергей – Краснодарехь, Картоев Адам – Луганскехь. Къайлахчу сервисийн хаамашца, тIаьххьарниг дагахь хиллера оккупаци йинчу мехкаш тIехь гIишлошйаран бизнес тIеман гIуллакхца цхьаьна лелон дагахь, билгалйаккхазчу цхьана тIеман структурица йина контракт хилла цуьнан. Суьдхо хилла Бойчук Сергей оккупаци йинчу Запорожьен кIоштахь цхьахйолчу кхелан куьйгалхо хила гIерташ вара.
Билгалдоккху, Картоев кхаъ баларна бехкевеш хилар, Бойчук бехкелору кхелашкахь нийсо ца лелорна а, шегарчу бакъонел сов вийларна а.
Аушевн кхелан статус хенал а хьалха дIайаьккхина хиллера стохка лахьан-баттахь, Бойчукан – 2023-чу шеран гIуран-баттахь. Ший а ваьккхина хилла статусаш дисциплинаран ледарлонаш йовлийтарна.
- Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. ГIалгIайчохь политикехь а, бизнесехь а шуьйра позицеш дIалоьцу батIалхьажоша. ГIалгIайчохь уггар чIогIа дош лелаш, къевлина тоба йу и.
- 2023-чу шеран чиллан-баттахь ФСБ-но террорхойн организацийн тептаре йазйина "Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхьенан векалийн тобанан тIеман тIам" юкъаралла. Динан вежараллин декхашхошна хетарехь, и сацам тIэцна БатIал-Хьаьжин некъах боьлхурш хIаллакбар аттачу даккха, дIахьедо Оьрсийчохь бусалба нах хьийзош бу бохуш.
- 2019-чу шаре кхаччалц батIалхьажоша Iаткъам бора – тоххара мехкан урхалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекана герга а бу, регионан социалан-политикан структуре хIитта кийча а бу бохура уьш. Оцу йукъанна вежараллин декъашхойх шеконаш йара, даккхийчу зуламашна бехке бу аьлла, масала, журналисташ а, бакъоларйархой а тIехь болчу автобусана 2016-чу шарахь динчу тIелатарна. Бакъоларйаран "Машр" организацин рапортехь Russiangate хьастана тIетевжина чIагIдора, и тIелатар дайтинарг Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам ву бохуш. Ткъа и зулам кхочушдинарг – Белхороев ИбрахIиман нах бара. ХIетахь микроавтобус йагийра, цу чохь мел хиллачарна, йиттира.
- Украинаца болийначу тIамехь дакъалоцуш бу батIалхьажой кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъехь. Церан БОБР тоба – сихо йен батIалхьажойн отряд - 31 стагах лаьтташ ю. Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" базехь кечбина бу уьш берриш а, цул тIаьхьа тIамтIе бахана. Иштта гIалгIайн "Э" Центран хьаькам вийначул тIаьхьа ницкъахошца Iоттайеллачу конфликтах бовда гIерта батIалхьажойн декъашхой, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна.