ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине гIо доьхуш ю Дагестанера полицино лаьцначу лоьран хIусамнана


Дагестан -- Гунашев Марат а, цуьнан 8 шо долу йоI а, Деч2013
Дагестан -- Гунашев Марат а, цуьнан 8 шо долу йоI а, Деч2013

Дагестанехь вевзаш волчу лоьран хIусамнанас дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, шен хIусамда маьрша воккхуш гIо дахьара аьлла. ХIинжа-гIаларчу цхьана дарбанан цIийнехь анестезиолог болх беш волу Гунашев Марат дIалецира Iедалша стокха, меттигера полицин декъан хьаьким вуьш дакъалаьцна аьлла.

Цуьнан нуц вийна карийна, изза бехк а кховдийна, дIалаьцначул тIаьхьа. Гергарчара чIагIдо, и ши стаг бехке вац бохуш. Царна хетарехь, цу гIуллакхо гойтуш ду низамаш лардон структурийн белхахоша Къилбаседа Кавказехь, цхьа а еш дуьхьало а йоцуш, зуламаш деш хилар.

Са бIарзделла яздина ша Оьрсийчоьнан президенте кехат бах Гунашева Аминас. Стохка Лахьан-баттахь герзаца хиллачу тобано, ХIинжа-гIаларчу дарбанан цIийна чу а лихина, дIавигинчул тIаьхьа кхин гина вац цунна шен хIусамда. ТуьтмIаьжигаш йоьхкина хиллачу наха шен лоьран духарца дIавигира иза, рогIерчу дархочунна операцеш еш воллучура юкъах а ваьккхина.

Карарчу хенахь, еш кхел а йоцуш, набахтехь латтош ву Гунашев, 2010-чу шарахь ХIинжа-гIалан полицин куьйгалхо вуьш, тIемалошца берта вахана хилла аьлла, бехке а вийна. Гунашева Аминас чIагIдарехь, иза цхьа а доцург ду.

Шен хIусамден кхолламах лаьцна полицино а, прокуратуро а, ФСБ-но а цхьа а хаам ца бина шега бах цо. Путин Владимир шен тIаьххьара сатийсам бу бохуш дуьйцу Гунашевас.

Гунашева Амина: «Дера, со сатесна-м ю, цу кехато цхьа гIо дийр дац те аьлла. Кхин хIун далур ду соьга, сайна тIехIоьттинчу хьолехь»?

Цу доьзалан бала цу тIехь чекхболуш бац. Гунашевн нуц Гасанов Шамил а дIалецина Iедалхоша оццу дийнахь оццу госпиталехь. Цунна бехке диллинарг а дара гIалин полицин куьйгалхо вуьш дакъалацар.

Гасанов кхоллам дукха ирча хилира. Цуьнан дакъа дIаделира гергарчерга, баьккхина корта а болуш, къиза хьийзийна хиларан дегIа тIехь ларш а йолуш. Цу стеган голаш герз диттина кегйина яра.

Полицин белхахоша чIагIдо, цо шен петар чохь шайна тIелатар дича вийна шаьш иза бохуш. Иза харц до тешаша. Цара дийцарехь, Гасанов, коьртах тIоьрмаг а боьллина, шен чувигина хилла полисхоша.

Цу хиламо синтем байина ХIинжа-гIаларчу бахархойн, и ши стаг гIалахь дика вевзаш хиларна. Гергарчара а, доттагIаша а, накъосташа а дIахьедарш до, и шиъ бехке хуьлийла дац бохуш. Цара чIагIдарехь, церан цхьа а юкъаметтигаш яцара тIемалошца.

Гунашева Аминас иштта дуьцу шен хIусамдех лаьцна.

Гунашева Амина: «Иза лоруш стаг ву. Кхаа меттехь болх беш ву иза. Ша дарбанан цIийнехь эвсараллан блокан куьйгалхо хиллехь а, иза ша водара цхьаъ хилча дарба дан.

Контртерроран операцеш дIахьош низамаш лардон органийн белхахой къелхьарбахара цо. Чевнаш хилларш, шайн дарбанан цIийне а буьгуш, кога хIиттабора цо. Цундела хилларг вуно йоккха акхаралла яра тхуна».

Гунашевас бехке бо шайн петар чохь таллам беш хилла полисхой, шен 8 шо долу йоI юьжучу чохь дешаран книжкашна юкъа наркотикаш кхиссарна.

Гунашевн белхан накъостий дуьхьалонан акци ян дагахь бара, хилларг бахьана долуш. Амма меттигерчу могашаллин министро кхерам тесира царна, Гунашевна, я Гасановна тIехIоьттинарг, милла иза валахь а, балхара дIавоккхур ву ша аьлла.

ГунашевгIеран доьзална тIехIоьттинчо гойтуш ду Дагестанехь а, ши тIом лайначу Нохчийчохь гIело еш хилар а, харцонаш лелош хилар а.

Адамийн бакъонашларъярхоша дийцарехь цигара бахархой балахьогуш бу тIемлоша деш долу тIелетарш бахьана долуш а, ницкъаллин структураша лелош йолу харцонаш бахьана долуш а.

Стохка Amnesty International олучу организацино зорбане даьккхинчу рапортана тIехь дуьйцуш ду, ницкъаллин структурийн белхахоша, цхьа а деш таIзар а доцуш, Къилбаседа Кавказехь маьрша нах хьийзош хиларх лаьцна. Гунашев а, Гасанов а дIалаьцна болу нах санна, Iедалан белхахой мичара бу хаа аьтто бац нехан, цара адамаш дIадуьгуш.

Амма зулам дина нах муьлуш бу хууш хилча а, и гIуллакхаш толлуш дац.

Гунашевца хилларг дийцича, кхузахь хууш дац иза кхелан хьалха хIуттур ву я вац.

Магомедов Заур Гунашев Маратан адвокат ву. Цунна хетарг иштта ду.

Магомедов Заур: «Цара дIалаьцна иза, доцу бахьана а кхоьллина. Харцо а кхоьллина, дIалаьцна хилла ца Iаш, и стаг кхечу республике дIавигина цара. Цхьа а вац иза бехке ву я вац бохург къастош. Иза лаьцна латтош ву. Кхин деш хIумма а дац».

Гунашева Аминина а, цуьнан гергарчарна а дац кхин хууш хIума. Уьш шек бу Гасановна бекхам бинарг иза тIехьийзаш хилла зуда хила мега бохучух. Цара дийцарехь, ша дуьтур дац Гасановна, ша а ца юьгуш, Гунашевн йиша маре йигар, бохуш хилла и зуда.

Гунашева Аминина хетарехь, цу зудчо харц тоьшаллаш а дина, вигина ву ши а лор. Гасанов веро а, шен хIусамда дIалацаро а гойтуш ду массо а стаг кхераманна къел хилар бохуш дуьйцу цо.

Гунашева Амина: «Нагахь иза а дIалаьцнехь а, иза а бехвинехь, тIаккха цхьа а вац кху республикехь цу баланах ларвала аьтто болуш. Со евзуш болу нах богIу со йолчу. Уьш боьлхуш хуьлу. Сан гергарнаш а, доттагIий а баьхкича сан хIинца ницкъ бац елха. Сан елха ницкъ бац, харцо хиларна хьовха, дан хIума ца хиларна, милла а кхача мегаш хиларна оцу жижигохьургана юкъа».
XS
SM
MD
LG