ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIизлара: боккха бу хилла бохам, эладитанаш ца кхоьллича а...


"АллахIу Акбар" махьарца, топ а етташ вогIура иза"

КIиран сарахь, 4 сахьт долуш, ГIизларарчу килсе а вахана, чуьра арабуьйлучу зударшна тIе шалго топ йиттинарг ву ЦIунтан кIоштарчу Кидеро юьртара 22 шо долу Халилов Халил.

Килсан дезачу денна баьхкина къаной бу байинарш – йиъ зуда циггахь елла, пхоьалгIаниг – дарбан хIусамехь: Терлиян Надежда, Мелькомова Ирина, Щербакова Людмила, Моргунова Вера, Леудкина Людмила (тIаьххьарниг лор-кардиолог яра).

УьйтIа а кхаьчна, герз детта хIоьттинарг шайна гушшехь, килсан неIарш дIакъевлина мозгIарша. Алссам нах байа веанарг чу ца вахалуш, килсана гонах хьийзина. Зударий охьа а бехкина, ша юьстахо йитинчу машенна герга ваха Халилов гIертачу муьрехь гоне лаьцна ницкъхоша. Ша веле, царех шинна чов ян а ларавелла иза.

Билггал хаа торуш а, тоьшаллаша тIечIагIдийриг а иза ду. Ткъа кхидIа дуьйцург, яздийриг кеп-кепара а, бух шеконе болуш а ду.

РБК портало килсан мозгIарца Павелца ша дина къамел даржийна. "Маж йолу жима стаг, "АллахIу Акбар" махьарца, топ а етташ вогIура, масийтта стаг вийра, лазийра. Тхаьшна хезча, оха сихха неI дIакъевлира. Цуьнгахь топ а, урс а дара. Иза вийна", - дуьйцу цо.

Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсийн декъо, "жихIадна" араваьлла Халилов цхьалха ца хилла, цуьнца цуьнан зуда а яра, яздора. Амма Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло иза бакъ ца дина, цо бахарехь, зуда ялонза ву жимстаг.

Reuters агенталло даржийра, даIишхошца зIенехь йолчу Amaq агенталло "Исламан пачхьалкх" шех олучу тIемалойн юкъараллин цIарх байина Халиловс керстанаш, иза оцу тобан декъашхо вара боху, аьлла.

Зорбанехь бахар-яздар доцург, тоьшалла доцу хаам бу и тIаьххьарниг а. Дагестанерчу ницкъийн тидаме вожанза, низамца гамвелла хааваланза вахархо хилла Халилов, полицера йолчу информацица.

"Харц-динна тIехьа лечкъачу вахьабхойн хIумма а ца дозу Исламца"

ГIизларан мэро Шувалов Александра ИТАР-ТАСС-е бинчу хаамца, кхелхинарш дIабухкур бу шинарийн дийнахь. "ГIалахь тийна ду, бац Iадийна бахархой, тхо тезетна кечлуш ду", - аьлла цо журналисташка.

Оьрсийчоьнан Патриархо Кирилла, "Кавказехь бIешерашкахь машаре беха" керстанаш а, бусалбанаш а вовшашца эгIорхьама йина провокаци ю ГIизларарчу килсна тIелатар, аьлла.

Дагестанан муфтиято, Исламца цхьа а юкъарло дац тIелеттачун, аьлла. "Харц-динна тIехьа лечкъачу вахьабхойн хIумма а ца дозу Исламца", боху цо Инстаграмехула.

Дагестанан полицерчу хьостанаша бечу хаамца, Халилов Халилан гергарнаш а, цуьнца юкъарло лелийнарш а лебеш ду Iедал. "Цуьнан цIийнах хьаьвсина, динан литература а, дискаш а карийна", боху полицино.

Кадыров Рамзана а аьлла шена хетарг "Вконтакте" машанарчу шен агIонтIехь. "Зуламхо вац я бусалба а, я керста а! Иза цхьана а динера вац. Делах тешачо цкъа а хьор дац хIуманна а бехке боцчу нахана тIе куьг, …кара герз а эцна, нах байа иза араваьккхинарш муьлш бу, стенна дина иза хаар ду коьрта", яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.



Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG