Дагестано, Краснодар махко, Нохчийчоьно, Ростов махко Iедалах бевдда лелачеран терахьашца хьалхара меттигаш йаьхна. Иштта йаздина ду чоьхьарчу гIуллакхийн министралин (МВД) хаамийн-зерийн урхаллин системехь.
2023-чу шеран дечкен-баттана, зазадоккху-баттана йуккъехь лохуш вара 47 эзар Оьрсийчоьнан вахархо. Уьш берриге кхелех, бакъоларйаран органех уьдуш бу. Пачхьалкхехь лохурш уггаре дукха - Москван бахархой бу (6816 адам), регионашлахь шолгIа меттиг Дагестанан йу-цигахь лохуш - 2618 адам ду, кхоалгIачу метте Краснодар мохк хIутту, цигара кхелех бевдда леларш 2402 стаг ву.
Москван, Ленинградан кIоштал, Санкт-Петербургал тIаьхьа ворхIолгIачу меттехь лаьтташ йу Нохчийчоь. Кхузахь лохуш ву 1527 стаг. Рейтингехь бархIолгIа лору Ростов мохк - 1440 хила тарлочу жоьпаллех бевддарш.
Къилбехьарчу регионашлахь уггаре кIезга лохуш берш ГIалгIайчохь бу (236), Кхарачойн-Чергазийчохь (219), Адыгеехь (122), ГIалмакхойчохь (104).
Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь бехке хила тарлуш бевдда лелачеран терахь 2022-чу шеран дечкен-беттан, зазадоккху беттан терахьца дуьстича, дукха ца хийцаделлехь а, хьаладаьлла.
- 2022-чу шеран жамIашца аьлча, Нохчийчоьно, Москва, Москван мохк дIабаьлча, кхоалгIа меттиг лоцу тIепаза байначийн терахьца. Стохка республикехь лохуш дIакхайкхина 1 601 адам дара-пачхьалкхехь байначеран 4% хуьлу иза. Ткъа Нохчийчуьра бахархой пачхьалкхан бахархойх 1% бен бац.
- Нохчийчуьрчу МВД-но 2022-чу шарахь ша 104 терроран бухаца долу зулам гучудаьккхина хиларах, террористийн бен "бохорах", тIемлой хила тарлочарех шиъ верах дIахьедира. Цу дIахьедарал хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо регионера "тIаьххьара тIемло" шаьш 2021-чу шеран дечкен-баттахь вийна элира.
- Бизнесхочо Пригожин Евгенийс ЧВК "Вагнер" йуккъе веана, Украинехь тIом бинчу пхи эзар тутмакхна церан зуламаш дицдина, аьлла дIахьедира. ЧВК вовшахтоьхначо дийцарехь, 0,31% тутмакхаша бен контрактан хан дIайаьллачул тIаьхьа керла зуламаш ца дира. Цхьана баттана чохь Украинерчу тIамера йухабирзинчул тIаьхьа. Пригожина дийцарехь, и терахь стандартехь хуьлучул 10-20 лахара ду.
- Краснодар мохк 2021-чу шарахь регионашлахь зуламийн терахьца шолгIачу меттехь лаьтта.
- 2021-чу шеран 11 батта чохь Нохчийчохь хиллачул шозза (58,5%) лахделла зуламаш талларан терахь - пачхьалкхехь уггаре эшна жамIа ду иза.