ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь 13 стаг а вуьйш эккхийтар хиллачу АЗС-н долахо лаьцна


ХIинжа-гIалара АЗС-ра эккхийтар
ХIинжа-гIалара АЗС-ра эккхийтар

Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь 13 стаг а вуьйш йагорг йуттучу Plus станцехь эккхийтар хилира, станцин долахо лаьцна Дагестанехь. Джанхуватов Марат бехкево кхерамзаллин барамаш лар а ца беш, хьелаш хIитторна, хаамбина Дагестанерчу Талламан комитетан урхалло.

Талламхоша дийцарехь, гергарчу хенахь дIасавалар доьхкуш гӀулч хоржур йу шеко йолчу Джанхуватовн хьокъехь.

Хьалхо Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дӀахьедира, стохка марсхьокху-баттахь республикерчу массо а йагориг юхкучу станцешкахь талламаш бечу хенахь Plus АЗС-хь низамаш дохийна меттиг карийнера аьлла – муьлхарш дара уьш, билгал ца даьккхира официалехь. Цо бахарехь, уьш дерриш а нисдина хиллера.

Бохамаш хиллачул тIаьхьа АЗС-кахь талламаш бечу хенахь стохка марсхьокху-баттахь оццу станцихь низамаш талхийна меттигаш хаабеллера, тIаьхьа уьш дIа а дохуш.

ХӀинжа-ГӀаларчу Керла Хушет юьртахь "Кавказ" олучу шоссе тӀехь лаьтташ йу "Plus" бензинан станци. Лахьан-беттан 27-чохь шиъ эккхийтар динера цу станцехь, цул тӀаьхьа цӀе йаьллера. Инцидент хиллачул тӀаьхьа сихонца Дагестанан орцаллан министралло хаам бира 10 велла аьлла, тӀаьхьо церан терахь хьаладаьллера 13 стаге – беллачарна юкъахь ши бер а дара. 23 стаг лазийнера.

  • Дарбан цIийнехь вуьсуш ву Plus бензинан станцехь хиллачу эккхийтарехь лазийна виъ стаг, цунах лаьцна хьалхо хаамбира махкара могушалла Iалашйаран министралло. Официалан хаамашца, йуккъерчу хьолехь бу уьш, оцу йукъанна пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло йаздо, царех цхьаъ чолхечу хьолехь ву бохуш.
  • 2023-чу шарахь Карман-2 эвлара АЗС-хь хиллачу эккхийтарехь велира 35 стаг, цIе дехьарчу автосервисе а кхаьчнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG