ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь Iедало профилактикан тептарш лелорна тIехула ООН-н докладхочуьнга бевлла бакъоларйархой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центро ООН-н Оьрсийчуьрчу лерринчу докладхочуьнга Кацарова Марьянига кхайкхам бахьийтина, Дагестанехь Iедало "динан экстремистийн" тептарш хIитторна тIехула. Республикан Iедало бакъ дац боху и тептарш леладо бохург.

"Мемориалан" юристо Финцер Виолеттас хIоттийначу кхайкхамехь билгалдоккху, профилактикан тептаро цхьамогIа адамийн бакъонаш хьоьшу – адам оцу реестре даккхарх цунна довза бакъо хилар, дIаса лела бакъо, доларчу дахарна тIе ца кховдийта бакъо, дин лелон бакъо. Цул сов, реестре ваккхар къовса аьтто бац кхелехь, хIунда аьлча, официалехь ишта тептар дан а дац.

Профилактикан тептарехь ваьккхинчу пхеа дагестанхочун истореш йуьйцу оцу кехатехь: Базанаев Вазиран, Наждуев Рамазанан, Бамматханова Махачан, Хамзатов Хьусейнан, Алхасов Даниялан.

Профилактикан тептарех лаьцна бакъйолу информации Оьрсийчоьнера схьайеха аьлла дехна бакъоларйархоша ООН-н леррин докладхочуьнга, иштта дин лелош болчу нахана тIаьхьабовлар сацор тIедожаде аьлла.

  • Дагестанехь профилактикан чоьтехь лаьтташ бу официалехь бехкаш дехкина боцу нах, йа зуламаш дарна шеконехь боцурш. Амма уьш балха ца оьцу, посташкахь сецабо, кIоштара арабовлуш бакъонаш йаха деза церан, тIаккха дIасавахаран бахьанаш дийца деза кехатехь. Бусулба дин лелочу наханна, къаьсттина салафитхошна, дуьхьал лелабо и барамаш – Уллерчу Малбалера радиканал тобанашца боьзна хета уьш Iедална.
  • Дагестанан Iедало 2017 шарахь дуьйна чIагIдо, профилактикан тептарш республикехь сацийна ду, амма бакъдерг аьлча, и хьал хIинца а лелаш ду. Масех шо хьалха санна шуьйра ца леладо иза хIинца, боху бакъоларйархоша – хIетахь оцу тептарехь 20 эзар стаг вара. Оццул дукха адам Дагестанехь бен ца эцнера цу чоьте.
  • Кху шеран аьхка "Мемориалан" бакъоларйархоша дуьйцура, Дагестанерчу Iедало профилактикан чоьтаца боьзна керла, кхин а галбевлла барамаш лелорах. Масала, полисхой оцу тептарерчу нехан хIусаме богIу, шаьш бахархой багарбеш санна кеп хIиттош, тIаккха шаьш бехачу меттиган суьрташ кхехьийтар тIедожадо царна. Бакъоларйархошна хетарехь, профилактикан чоьте баьхначу нехан и шайн "статус" къовса хала хилийта лелош ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG