ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь кхиазхочух шеко йу школехь теракт йан дагахь хилла аьлла


Каспийск, гайтаман сурт
Каспийск, гайтаман сурт

Дагестанерчу Каспийскехь меттигерчу школехь теракт кечйеш хилла 16 шо долу кхиазхо лаьцна. Оьрсийчохь терроран организаци йу аьлла дӀакхайкхийначу "Маньякийн культ" (М.К.У.) олучу радикалан боламехь дакъалоцуш хилла цо аьлла хета талламна, йаздо телеграм-каналаша. Официалан кепара тӀечӀагӀбина бац и хаам

Baza а, Mash Gor телеграм-каналаша бинчу хаамца, жима стаг лаьцна товбеца-беттан 13-14-чу буса, цу операцехь дакъалоцуш хилла ФСБ-но. Цуьнан хӀусамехь карийна "M.K.U" аьлла яздина футболкаш а, шиъ Молотовн коктейль а, ткъа "Труд" стадионан дозана тӀехь йолчу къайленехь — кхин а масех Молотовн коктейль а, меттигерчу школин план а хилла.

Mash телеграм-канало йаздо, кхиазхо теракт шолехь йан дагахь ца хилла, шен деша дIахIотта аьтто ца баьллачу энергетикан колледжехь йан лерина хилла аьлла.

Украинхойн хаамийн гӀирсаша дийцарехь, радикалан "M.K.У" йукъаралла (цхьана версица "Молодежь, которая улыбается" бохург ду и, вукху версица – "Маньяки. Культ убийства" ду) кхоьллина Донецкера схьаваьллачу Краснов Егора. Ша Красновс шех "маньяк" а, "психо" а олура. 2020-гӀа шо долалуш информаци гучуелира иза Украинин низамхоша цхьа могӀа даккхий зуламаш дарна бехке а вина лаьцна лаьцна аьлла.

"Къаьмнийн вовшахтохаралла" цӀе йолчу неонацистийн боламан векалша 2021-чу шарахь "Новая газете" дӀахьедира, "М.К.У организаци санна йац", ткъа Краснов ша шена тоьхна велира 2021-чу шеран зазадокху-баттахь СИЗО-хь, билгалдоккху "Медиазоно".

  • Стигалкъекъа-ьаттахь Майкоп гIалин кхело СИЗО хьажийра Адыгейра Гиагинскан кIоштара ши вахархо-кхиазхо "М.К.У" тобанца воьзна ву аьлла.
  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Краснодаран кӀоштан кхело бехке вира Геленджикан йалх вахархо экстремистийн гӀуллакх дарна. Набахтехь даккха 6,5 шо хан туьйхира йу бохучу цу тобанан куьйгалхочунна. Оцу тобана йакъабоьлхучу заманчохь оцу и бераш кегий дара. Цундела царна шина шарна тIера кхаа шаре гергга хенаш йиттина. Бехккъасторхоша дийцарехь, бехкебийраш камерехь цхьаьнакхеттера "Оьрсийчохь славянийн къаьмнаш хьалха хиларх лаьцна йолу национал-социализман ойланаш ларъяран буха тӀехь". Ткъа цхьана шарахь гергга цара тӀелетарш динера "муьлш бу ца хуучу нахана, асоциалан дахаран кеп лелош болчу а, формалан йоцучу субкультурийн а векалшна". Хетарехь, буьйцурш бу 2021-чу шеран зазадокху-баттахь лецна 13 стагах лаьттачу тобанан декъашхой. Цул тӀаьхьа хаам бира, лецнарш "М.К.У" агӀончаш бу аьлла.
  • Оццу шеран зазадокху-баттахь лецира Калугин махкара Северскан кӀоштара кхиазхо. Талламчаша бахарехь, иза "М.К.У." тобанца воьзна хиллера. Хаамбора, зуламаш дан кхайкхамаш бечу телеграм-каналан модератор иза ву бохуш, цо шен цӀахь латтош хилла лоьмаш долу герз а, маскировкин гӀирсаш а, ткъа иштта лачкъийна таллархойн топ а, цунна лерина патармаш а, кӀур боцу тоьпийн молха а. Дийцаредина шена бевзачаьрца, хIусам йоцу цхьа стаг вер а. БархI бутт баьлча кхеле кхачийра цуьнан гӀуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG