Дагестанан муфтийс Абдулаев Ахьмада дӀакхайкхийна никъаб – бӀаьргаш доцург дерриг а дегӀ къайладоккху бусулба зударийн духар- лелор доьхкуш фатва (цхьаболу сацамаш а, гӀуллакхаш а бусулба динан низамашца кхочушдаран теологин жамӀ) арахоьцур ду аьлла.
Цунах лаьцна цо дӀахьедина бахархойн юкъараллин векалшца Меликов Сергейн хиллачу цхьаьнакхетарехь, цуьнца догӀуш долчу къамелан дакъа зорбане даьккхира республикин муфтиято.
Абдулаевс кхетийра и тайпа дехкар цхьана ханна тIеоьцуш барам бу аьлла, - "регионехь кхачам боллу тийналла а, паргIато а" хIотталц. Йукъадаккха хьийзориг дуьстира цо коронавирусан ун долчу хенахь юкъадаьхначу дехкаршца.
Муфтийс билгалдаьккхира, вай дуьйцург никъабах лаьцна бен дац аьлла. Хьиджаб (корта а, месаш а дӀакъовлуш, амма юьхь гучуйоккхуш йолу духар), цо дийцарехь, "йехка йиш йанне а йац", делахь а, "хьиджаб лелор тIедожор а магийта йиш йоцург ду, иза хӀора стеган лааме хьаьжжина ду" бохура цо.
Хьалхо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра "исламхойн террорхой" бехкебира Дагестанерчу килсашна а, синагогашна а тӀелатарш дарна а, Ростовера СИЗО-хь закъалтана нах лецарна а, никъаб лелор дехкарна ша резахилар дIа а хаийтира цо. Цу тӀелатаршкахь дакъалоцуш бацара зударий, амма Telegram-каналашкахь зорбане даьхна цу декъашхойх цхьамма къайлавала дагахь хийцина бохучу никъабан суьрташ – и информаци официалехь тӀечӀагӀйина яц.
Цунна дуьхьал жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бира Бастрыкине, бусулба динах лаьцна дӀахьедарш дечу заманчохь "Ӏаламат ларлуш хила" аьлла, ткъа Меликов Сергейс никъабашкахь терроран билгалонаш ган гӀортар "ларамаза" а, "кхераме" а хIума ду аьллера. Цуьнца цхьаьна ша Меликов а вистхилира никъабаш лелорна дуьхьал, шен позици динца йоьзна яц, кхерамзаллин бух тӀехь хилар чӀагӀдеш.
- Мангал-беттан 23-чу сарахь ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а килсашна а, синагогашна а цхьана хенахь тӀелатар дира масех герзашца волчу стага. И бахьана долуш вийна 22 стаг, шайлахь 16 ницкъаллин структурийн белхахо а, массех маьрша вахархо а, православин динан да а волуш. Пхиъ тӀелеттарг вийра герзаш диттина. "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан Къилбаседа Кавказера "Вилаят Кавказ" гара хила мега цу тӀелатарна гунахь.
- Ростов-гӀалахь мангал-беттан 16-чу дийнахь Ӏуьйранна номер 1 йолчу СИЗО-н тутмакхаша "Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн байракх а айина, закъалтана лецира ФСИН-ан белхахой. Штурм йина лерринчу ницкъаша, тӀелатар динчу 6 стагах пхиъ вийна, закъалтхой мукъабаьхна – царна зенаш ца хилла.
- Оьрсийчохь никъаб лелор дехкар Дагестанехь а, Ростовехь а тӀелетарш хилале хьалха а дийцаре дан долийнера. Президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочо Фадеев Валерийс дӀахьедира, регионийн Ӏедалхошца а, "ламастан исламан векалшца" а цхьаьнакхетаршкахь и хаттар айдан дагахь ду шаьш аьлла. Цунна тIетайра Ставрополан муфтият, бусулба нехан координацин центр а. Дуккха а шераш ду Нохчийчохь никъаб лелор дуьйцуш доцуш дихкина.
- Кавказ.Реалиин редакцино говзанчашца цхьаьна хьаьвсира никъабаш лелор дехкаро хӀун хуьйцур ду а, федералан Ӏедалш цу тIехь стенна соьцу а.