Нохчийчохь нахана йукъахь къепедацарш лелораш "чубохка" аьлла Кадыров Рамзана: цо омра делла "кхозза хIаваэ тоха, ткъа йоьалгIаниг – хье йуккъе" аьлла. ХIара дIахьедар дина цо Дагестанехь аэропорт дIалаьцначу йукъанна, эзар сов меттигера вахархо жуьгташна дуьхьал акци ваьлча. Къепедацарийн декъашхошна герз тоха аьлла тIедожор муха магош ду Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан низамашца, Кадыровс билгал ца даьккхира.
Кадыровс тIетуйхира, йахначу буса оцу кепара "питана" йукъахдаьккхира Нохчийчохь аьлла, кхин кIорггера цунах лаьцна дийца а ца дуьйцуш.
"ХIаваэ кхозза герз тоха, цуьнга дIахьедеш, цул тIаьхьа а, шега де бохург цо деш дацахь, - боьалгIа хIоъ цуьнан хье йуккъе тоха. Цул тIаьхьа арабевр бац. И ду сан омра", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна "Чечня Сегодня" сайто. Регионан куьйгалхочо, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а санна, бехкбиллина антисемитан къепедацарш дайтарна Украина а, Малхбале а йу бехке аьлла.
Украинера арахьарчу гIуллакхийн министралло "шайн бехк кхечарна тIетатта" гIортар ду аьлла, жуьгташна дуьхьал йина протесташна Киев йу бехке аьлла, Оьрсийчоьнан агIоно дина дIахьедар.
Масех бIенна тIера цхьа эзар ахэзар гергга наха дIалецира кIирандийнахь, гIадужу-беттан 29-чохь, ХIинжа-ГIалара аэропорт. Уьш баьхкинера цига жуьгташна дуьхьал хIоттийначу акцица, Тель-Авивера кема схьакхочучу заманчохь. Израило ГIазза секторехь лелочунна дуьхьало йора гулбеллачара, тIедожийра регионера жуьгтий арабаха аьлла.
Аэропортан гIишлона чуиккхинера адамийн жIуга, цигара дIа кема гIоттучу-охьахуучу майдана дехьабевллера уьш Израилера баьхкина пассажираш лоьхуш. Полицица дуьхь-дуьхьал кхетарш нисделира церан. Дагестанан могушалла Iалашйаран министралло хаамбина, ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепедацарш дIахьочу заманчохь 20 стаг лазийнера аьлла. Царех иттанна вон чевнаш йинера, шиъ чолхечу хьолехь ву. Лазийна ишта полицин исс белхахо а. Меттигерчу могушалла Iалашйаран министарлло бакъ ца дира оршотан дийнахь, царех цхьаъ велла бохург.
- Полисхоша цхьа а барамаш дIа ца хьора, жIуга тейан хьийзара уьш, адамийн дог-ойланех "кхета" шаьш, гулбелларш шайна "хийра" нах бац бохуш. Кеманан майдана адам гIоьртинчул тIаьхьа, Росгвардин эскархой кхечира аэропорте.
- ХIинжа-гIалара антисемитан къепедацаршкахула долчу гIуллакхехула хIинцале а лаьцна 83 стаг, 50 "талламан барам дIабаьхьна" – цунах лаьцна дIахьедира Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара чоьхьарчу гIуллакхийн Коьртачу урхалло.