ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера бахархоша латкъамаш дина Смоленскан кIоштара набахтешкара ледарчу хьелашна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Алхасов Зарипа дехар дина Смоленскан кIоштара Вадино эвлара номер 2 йолчу колонихь латточу махкара бахархошна хIитточу хьелийн талламбе аьлла. Цунна аьрзнаш дина тутмакхаша.

Бина латкъам зорбане баьккхина меттигерчу "Черновик" гIирсан телеграм-каналехь. Текстаца а догIуш, 60 гергга дагестанхо карцер чу воьллинера, цаьрга "лалур доцу хьелаш а хIиттош", оцу тIехула "шаьш шайн пхенаш хедийна цара". Карцере хьовсоран бахьанаш а, шайна зенаш динчу тутмакхийн цIераш а йуьйцуш йац, иштта билггал муха ледара хьелаш дуьйцу а латкъамехь йаздина дац.

Публикацин тергойира Дагестанера Йукъараллин тергамчийн палатехь. Цул совнах латкъаман талламбар дехна омбудсмено Смоленскан кIоштара шен коллеге – цигахь оцу дехарх лаьцна йина комментарий йац.

Кху аьхка номер 1 йолчу талламан изоляторехь йеттарх лаьцна дина арз зорбане даьккхира Gulagu.net проекто. Проектан векалшка кхаьчначу кехата тӀехь дара, тутмакхашкара кест-кеста ахчанаш дохуш, йарна йетташ хиларх "тӀехьожучо". ТаIзар динарг, колонин куьйгаллина герга волу – Зевадинов Эдем ву. Кхин цхьа а тоьшаллаш дац оцу хааман.

  • Стигалкъекъа-баттахь терроран артиклаца таIзар дина Дагестанера вахархо Муртазалиев Омара дIахьедира шен могушалла телхина йогIуш хиларх Курганан кIоштара колонихь, иштта цо далхийра ФСИН-н белхахоша кхерамаш тийсарх а. Цунна хетарехь, дуьхьало йеш мацалла латторна а, колонихь долчу хьелашна латкъам барна а ишта бекхам бан гIерта уьш цунна.
  • Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а бехкевинчу пхеа бусулба стага хаамбинера Ульяновскан кӀоштарчу набахтин белхахоша ницкъ барх а, динан синхаамаш сийсазбарх а лаьцна. Тутмакхаша дийцарехь, церан маж нуьцкъала дӀайаьшнера, динан литература а, ламазан кузаш а схьадаьхнера, муьтӀахь цахиларна йиттинера.
  • Оьрсийчоьнан таӀзарш кхочушдечу хьукматашкахь даьржина ду бусулба нах хьийзор, билгалдоккху бакъонашларъярхоша, ткъа динехь болчу нехан синхаамаш сийсазбарх лаьцна йолу артиклах пайдаоьцу жигархошна тIаьхьабийла а, уьш леца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG