ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ислам Дагестанехь


Дагестан -- ХIинжа-ГIалара маьждиг. 2015
Дагестан -- ХIинжа-ГIалара маьждиг. 2015

Таханлерчу дийнахь Оьрсийчохь уггаре а дукха бусулба динан кхоллараллаш а, маьждигаш а, дешаран меттигаш а йолу меттиг ю Дагестан. Амма царах цхьаерш хIинца а оьшуш долу кехаташ доцуш ехаш ю. Ткъа республикехь денлуш ду дукха хенахь дуьйна цигарчу бахархошо лелош хилла ислам бохуш чIагIдо Дагестанера талламан центран куьйгалхочо Гереев Руслана.

Дагестан даиман а хилла Iелам нах дукха хиларца а, дин лелон меттигаш а, таронаш а алсам хиларца а евзаш. Тахана муха лаьтташ ду цу агIор цу республикхь долу хьал? И хаттар делира аса Къилбаседа Кавказехь бусулба динан хьал толлучу центран куьйгалхочуьнга Гереев Руслане.

Гереев Руслан: «Тхан кхузахь 3500 динан вовшахтохаралла ю. Царах 2000 сов маьждиг ду. Дин лелон оьшург долуш ду. Бухе диллина Iадаташ а, халкъан ламасташ а ду. Иза кхузамахьлерчу кегийрхойн харжам бу. Цундела пачхьалкхо цу агIор дуккха а хIума дина. Цо низаман бух биллина цунна. Иза юкъагIерташ яц дин лелорна. Аса бохург официалан кепара юкъа ца гIерта бохург ду. Ткъа вьушта, дуккха а фондаш ю динан организацешна оьшуш долу гIо дан - маьждигаш деш а, кхин йолу динца йоьзна кхоллараллаш еш а».

Амма пачхьалкх мел дIагIертарх ша бусулба юкъаралла меттах ца яьлча гIуллакх хир дац къепе хIотторехь аьлла хета Гереев Русланна.

Гереев Руслан: «Пачхьалкх мел гIертарх бусулба юкъаралла юьстах яьлла латтахь, цо жигара дакъа ца лацахь, динан вовшахтохараллин векалша дакъа ца лацахь цу агIор кхоччуш къепе хIотто аьтто хир бац. Карарчу хенахь юха денлуш ю суфизм олу, Къилбаседа Кавказехь ламаст а хилла лаьттина йолу динан кеп».

Бусулба дин Iамо а, цунна тIаьхьакхиа а, иза кIорггера довза а лууш болчу кегийрхойн иза дан аьтто бу бохуш дуьйцу Гереев Руслана.

Геррев Руслан: «Тхо долчехь, Оьрсийчохь, 100 сов медресе а, маьждигашкара мактабаш а ю. Официалан кепара 7 гергга лаккхара исламан дешаран меттиг а ю. Исламан динах лаьцна юккъера хаарш луш йолу 29 медресе ю болх беш Дагестанехь. Цу кеппара терахаьш ду кхечу регионашкахь а, амма Дагестанехь санна аслам дац уьш цигахь».

Дагестанера кхочу хаамаш синтеме ца хуьлу дукхачу хьолехь. Сих-сиха леррина операцеш дIахьо бохуш дойуш адамаш ду. Цу гIуллакхо сагатдон хир ду бусулба нехан аьлла, хьахийча Къилбаседа Кавказехь бусулба динан хьал толлучу центран куьйгалхочо Гереев Руслана иштта жоп делира.

Геррев Руслан: «Цу хаамийн чулацам цхьаммо кхуллуш ма-буй, бакдуй иза?! Оха ладоьгIча Европехь болу хаамаш бу дуккха а адамаш дайарх а, хIуманаш лечкъорех а, вониг лелорах лаьцна. Амма тхан хаамийн гIирсаш цунах лаьцна ца дуьйцу, диканиг схьаоьцу цара. Ткъа кхузахь хуьлучух лаьцна дуьцуш дуккха а дика хIуманаш доллушехь, хьалха тоьттург вониг ду».

Дагестанехь тIеэцна болх беш ду салафиташ олучу нахана дуьхьал хьажиийна низам. Цундела делахь а, цхьайолу бусула тобанаш Iедалша регистрациа йина а йоцуш болх беш ю Дагестанехь. Гереев Руслан дийцарехь, офицалан кепара Дагестанехь 2500 сов юкъараллах. регистраци йина 804 юкъаралла бен яц. Цуьнан бахьана иштта го Гереевна.

Гереев Руслан: «Тхуна юстицин органаша оьшуш йолу пропаганда цаяр бахьана ду аьлла хета кхузахь. Динца йоьзна пачхьалкхан урхаллаш ю динан юкъараллин куьйгалхошка регистарци яйта езашрг. И болх кхузахь беш бац. Иза баккъалла а иштта долуш ду».

Дагестанехь бусулба дин лелорца доьзначу хьолах лаьцна дийцинарг вара Къилбаседа Кавказехь бусулба динан хьал толлучу центран куьйгалхо Гереев Руслан.

XS
SM
MD
LG