ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера мобилизаци йинчун нанас дIахьедина цунна ротехь гIелойарх. Мехкан Iедалхой прокуратуре бевлла


Мобилизаци йинарг новкъавоккхуш. 2022 шо, гезгамашин-бутт. Гайтаман сурт
Мобилизаци йинарг новкъавоккхуш. 2022 шо, гезгамашин-бутт. Гайтаман сурт

Москвара Дагестанан векалт прокуратуре йаьлла Украинерчу тIаме хьажийначун нанас Райсат Залимхановнас бинчу латкъамна тIехула. Цо дIахьедина, ротин командиро а, цуьнан куьйгакIеларчу шиммо а гIело латтийна шен кIантана тIехь, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Цунна гIо дан дуьхьало йира цкъа Iедалша, амма кехат меттигерчу зорбанашкахь нахаладаьллачул тIаьхьа мехкан урхалхочо шен "контроле эцна" гIуллакх.

"Новое дело" гIирсо зорбане даьккхинчу кехата тIехь Раисата йаздарца, цуьнан кIантана мобилизаци йинера 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Москвахь. Украине иза хьажийначул тIаьхьа масех дийнахь командиро а, цуьнца цхьаьна гIуллакх дечара а бIогIамах воьхкий, йетташ хиллера цунна гIожмашца, шена лоьрийн гIо оьшу цо бахарх тергал ца деш. Кхечарна дихкина хиллера цунна улло баха а, хи дала а.

Эххар а мангал-беттан 19-чохь мобилизаци йина хилларг дарбанан цIийне кхачийнера – нанас дийцарехь, цигахь 10 де даьккхина цо, цул тIаьхьа командиро тIаме дIавигинера иза, дарба чекхдаланза хиллашехь. Раисата чIагIдо, шен кIантана кхерамш тийсинера хьаькамо, тIеман комендатурехь Iазапаш хьоьгуьйтур ду, тIеман хьалхарчу позицешка а вохуьйтур ву бохуш.

Нанас бахарехь, Дагестанан векалтехь цунна жоп деллера, цигахь и проблемаш луьстуш йац аьлла. Зорбанан гIирсашкахь арз даржийначул тIаьхьа векалто дIахаийтира цунах тIеман прокуратуре, ткъа Дагестанан урхалхочо Меликов Сергейс и гIуллакх шен тергоне эцна. Iедалхой хIун дан дагахь бу, хоуьйтуш дац, амма Меликовс ша ца хуьлчу далахь кхин а совнах барамаш лелор бу аьлла.

  • Ставрополь-махкара мобилизаци йинчийн тишачу хьолана латкъам бира кеп-кепарчу кхаа декъан эскархоша. Оцу аьрзнийн чулацам цхьатерра хуьлу: мобилизаци йинарш "тIеман жоьжахати" хьийсабо, цигахь дукха эгна царех, цул тIаьхьа дуьхьал бовлу уьш йуха а тIаме баха. Омра кхочуш ца дарна салташна кхерамаш туьйсу уьш хIаллакбийр бу бохуш. Ставроплан губернаторо ""украинхойн къайлахчу сервисийн" дийцарш ду аьлла и аьрзнаш, ткъа тIеман министралло а, прокуратуро а тергамза битира уьш.
  • Дагестанера эскархо Беркиханов Рабиулана колонихь даккха пхи шой ахшой тоьхна шен лаамехь тIама йукъара валарна – цомгаш волчу шен дега хьажа Украинера цIа веанера иза.
  • Чоь йуьззина бераш долчу Дагестанера Гаджимурадов Максиман аьтто ца белира Украинана дуьхьал тIаме кхойкхуш шена мобилизаци йар. Кхо доьзалхо вара цуьнан, хIусамнана доьалгIачух берах йара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG