Марсхьокху-беттан 28-чохь Дагестанера Хасав-Йуьртан кIоштара Муцалаул эвлара араволлучохь полисхоша гIаролла дина, хаамбира Кавказ.Реалиига меттигерчу бахархоша. Ницкъаллин структурийн белхахой нехан чу а оьхуш, церан кехаташ толлуш лелла.
"Йуьртана го бина. Тхоьга ца дуьйцу, стенца и доьзна ду. Иштта хIума масийттазза дина цара", - хаамбина Кавказ.Реалиига эвларчу администрацин белхалочо. Цо дийцарехь, шина дийнахь полисхоша дIалаьцнера администрацин гIишло, цигара белхахошна "мукъаденош" деллера оцу ханна.
Хасав-Йуьртан кIоштан полицин декъехь редакцина жоп делира, планехь дIахьош барамаш бу, хIунда аьлча, эвла "синтеме йац" аьлла. Къамел динчо бахарехь, администрацин гIишло дIалаьцнера цара, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин дуккха а белхахой дIатарбархьама, иштта "ХIинжа-ГIалара баьхкинарш" а. Шаьш лоьхучийн цIераш ца йаьхна Iедалхоша.
Талламаш беш хиларх информаци тIечIагIйира иштта Дагестанехула йолчу МВД-н урхаллин телеграм-каналехь а. Полицин а, къайлахчу сервисийн а барамаш хьовсийна бу "бакъо йоцуш наркотикаш лелор а, иштта миграцин чот йохийнарш а гучубаха" Iалашонца.
- 2013-чу шарахь Муцалаул эвлан кIоштахь операци дIайаьхьира, хIетахь герзаш тоьхнера ницкъахоша кхаа стагана. 2016-чу шарахь Муцалаулехь, официалан хаамашца, ша шена эккхийтар дира гIаттамхойн хьалханчас. 2012-чу шарахь леррина операци йоьдучу хенахь вийра "Муцаулан зуламан тобанан" куьйгалхо а, цуьнан бIанакъост а. Iедалхоша чIагIдо, полисхой а, Iеламчаш а байарна уьш бехке бара бохуш.
- 2021-чу шеран йуьххьехь Дагестанехь лаьцначуьра маьршаваьккхира 24 шо долу Муцалаулан вахархо Абдулкаримов Шемал. Дехкина бехкаш а доцуш, цунах шеконаш йара, иза "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошлахь хилла ву бохуш. Хьалхо иштта дуьйцура, Украинера араваьккхина Абдулкаримов Оьрсийчохь лаьцна, гIаттамхошлахь лелла ву аьлла.
- Дуьненайукъарчу динан "Нурджулар" вовшахтохаралло лелочунна йукъахь хилла ву аьлла, Дагестанехь бехкзуламан гIуллакх диллира шина стагана дуьхьал. Талламца а догIуш, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2008-чу шарахь "экстремистийн гIуллакх ду лелош" аьлла, и тоба йихкина хиллашехь, оцу боламна йукъа ваханера и шиъ.