Дагестанера схьаваьллачу, Великобританин цIарах йайчу категорехь летачу UFC-н латархочо Мокаев Мухьаммада шен цIарна уллора Оьрсийчуьра схьаваьлла боху йоза дIадаккха аьлла. Цунах лаьцна цо шен твиттерехь йаздира.
ТIаккхахула шен цIарна уллохь ша Дагестанера ву алий йазде, боху спортхочо. Цу постана йинчу комментарешкахь ша иза стенна до а дийцира цо. Москвахь бусулбанийн маьждиг ца дайта арабевллачарна дуьхьалло йеш аьлла.
"Оьрсийчоьнан махкахоша йитина комментареш йийшира аса. Москвахь маьждиг дан леринчу бусулбанашна дуьхьалло йеш [къамелаш деш] бу. Оццул дерг тоьу суна. Со хIинца вехачу махкахь иштта маьждигашна дуьхьало йеш къамелаш дина дац", - йаздо латархочо.
22 шо долу Мокаев Мухьаммад Буйнакскехь дуьненчу ваьлла ву. Шен 12 шо долуш шен деца Великобритани дIавахна иза. 2021-чу шеран лахьан-баттахь UFC-ца контракт дина цо. Шен йозаллехь болучарех хIоттийначу рейтингехь 12-гIа могIа дIалоцуш а ву иза.
- Москвара Безачу Iомана уллохь маьждиг дан лаар хьокъехь йаьккхина гIовгIа 2023-чу шеран зазадоккху-баттахь дуьйна схьа йогIуш йу. Масех тIечIагIбина боцу хаам хиллачул тIаьхьа. Цу акцех дIакхийтира тайп-тайпана динан цхьаьнакхетараллаш а, спортхой а. Нохчийчохь а йира изза реакци - республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана цу маьждигна дуьхьал мел верг йа Украинерчу тIаме хьажаве йа жоьпе оза аьлла кхайкхам бира.
Стохкалерчу гIуран-баттахь Мокаев Кадыров Рамзанан 16 шо долчу кIантаца Кадыров Iелица цхьаьна гина. Цаьрца хилла шведийн махкалла долу UFC -н латархо Чимаев Хьамзат а. Таиландехь цхьаьна тренировкаш йеш.
2021-чу шеран марсхьокху-баттахь Мокаевс расизмехь бехке вира Ливерпулера UFC-н латархо Пэдди Пимблетт. Вукхо шен твиттере цхьана кIоршамечу ингалсхочун пост хIотторна. Бусулба зудчо - мухIажара цу ингалсхочунна латкъам барца доьзна дара и.