ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера вахархо лачкъорна бехкебечу Нохчийчуьра Росгвардин эскархошна арахь такха хенаш кхайкхийна


Кардашов Алексей
Кардашов Алексей

Нохчийчуьра Гуьмс гIалин кхело мангал-беттан 6-чохь арахь таккха шишша шераш хенаш кхайкхийна Росгвардин эскархошна Абдурашидов Бекханна а, Дукаев Асланна а. И шиъ бехкевина бакъо йоцуш Дагестанера аптекахо Кардашов Алексей лоцучу заманчохь шайгарчу бакъонел а тIехваларна. Вийначун векалша тIедожийнера и гIуллакх иза верца долчу гIуллакхца доза бохуш.

Кхело сацам бовзуьйтучу заманчохь цхьа Дукаев бен вацара, Абдурашидов стенгахь ву хууш дац, амма процессехь къадийра, Украинаца болчу тIамехь ву иза аьлла. Кхелахочо кхайкхийна хан ца йогIу хьалхо прокуроро йехначуьнца. Оцу йукъанна керла дина таIзар кхин а лахара хиллера, хьалха кхайкхийначул а. Иза а кIеда ду аьлла, адвокато къоьвсинера.

2017-чу шарахь вайначу Кардашовн ненан Якубова Цилин интересаш Iалашйеш бара "Iазапашна дуьхьал Командин" юристаш.

"Оха масийттазза процессашкахь билгалдоккхура, Дукаевн а, Абдурашидовн а хьокъехь, цара динарг Зуламан кодексан шогачу артиклехь лара дезаш ду бохуш. Ткъа Кардашов Алексей тIепаза вар вовшахтоьхначу гIуллакхан гурашкахь талла дезаш ду а бехира, - дийцира Кавказ.Реалиин сайте Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас. – Тхо аьттехьа а реза дац и хаттар иштта хIотторна, йуха а латкъам бийр бу, кхачам боллуш и гIуллакх таллийтархьама".

Хасав-Йуьртарчу аптекан долахо Кардашов Алексей 2017-чу шеран гурахь тIепаза вайна ву. Иза, шен цIера араваьлла, дIавахнчул тIаьхьа йуха ца веана. Коьртачу тешо, Соьлжа-гIаларчу таксхочо Омаров Сайд - Мохьмада дийцарехь, Кардашов ницкъахоша Нохчийчу дIавигна. Цо дина тоьшалла Абдурашидовн, Дукаевн бехктакхаман гIуллакхийн бух хилла дIахIоьттина. И гIуллакх йуьхьанца Дагестанехь лаьтташ дара, амма дIаделира Нохчийчу. Цул тIаьхьа теш Омаров аптекахо верна бехке лерира. Иза вер цо шена таIзарш дича, тIелаьцна ду.

Талламна хетарехь, Абдурашидовс а, Дукаевс а низамза вигинера Кардашов Нохчийчу, иштта гIуллакх доцуш витинера иза Омаровца цхьаьна а. Цул тIаьхьа таксхочо иза вийна боху, шаьшиннан дов даьлча. Росгвардин эскархой лецира 2019-чу шеран зазадокху-баттахь, амма масех бутт баьллачул тIаьхьа талламо бехк хийцира, лачкъийна бохург йукъара а доккхуш.

  • Омаровна гIаттийначу гIуллакхе къастийна ладугIу. Нохчийчуьрчу Нажин-Йуьртан кхелехь латтош ду иза. 2020-чу шарахь Кардашов верна цунна луьрачу набахтехь такха исс шо хан туьйхира. Лаккхарчу кхело и сацам йухабаьккхира.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь"Арифметика пыток" рапорт зорбане даьккхира"Iазапашна дуьхьал Командо" (КПП) Къилбаседа Кавказехь полисхоша латточу Iазапах лаьцна. Бакъоларйархойн зерашца, 87 процент меттигашкахь Талламан комитето дуьхьало йо церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш делла.
  • Лачкъийначун нана массо а инстанцешка йаьлла: президент Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанн а тIера Москварчу раввинате кхаччалц (Кардашов ломара жуьгти ву. – Редакцин билгалдаккхар.), делахь а, Iедалхошкара цхьана а кепара реакци йац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG