Эндирей эвларчу 33 шо долчу Гаджиев Мугутдинан хьокъехь Хасав-Йуртан кIоштан кхелан сацам тIечIагIбина Пятигорскера пхоьалгIачу кассацин суьдхоша. Шогачу хьелашкарчу колонихь даккха бархI шо тоьхна цунна низамехь йоцу зуламхойн тоба вовшахтохарна.
Хьалхара таIзар кхайкхийра цунна Хасав-Йуьртан кIоштан кхело 2021-чу шарахь – хIетахь Гаджиевна бархI шо туьйхира колонихь такха, хьалхара шо набахтехь а доккхуьйтуш. 2022-чу шеран аьхка кассацино йухаийцира и таIзар, гIуллакх кхин цкъа а листийта а хьажош. Бехкевечунна тIаккха а бархI шо кхайкхийра колонихь такха 2023-чу шеран аьхка, амма кIоштан кхелан сайтехь сацаман чулацам зорбане баьккхина бац, кассацин благалдаккхарехь бен цунах лаьцна кIорггера хиъна дац.
Талламан версица, 2020-чу шеран зазадокху-баттахь "динан экстремизман идейх пайда а оьцуш", Гаджиевс гIо деш хилла Хасав-Йуьртан кIоштара герзашца вовшахтоьхначу тобанна. Къилбан гонашкарчу тIеман кхело чохь даккха исс шо хан тоьхнера цунна. Иза бехкевира гIаттамхошна гIо дарна а, шега схьайелла хилла "Сайгак" карабин дIайиллина латторна а. ГIо дар лерина, вешин дехарца Мугутдина шен машенахь иза дIавигар, новкъахь вашас кхачан сурсаташ эцна, машен сацийначу нахана и тIоьрмигаш дIадалар а.
ТаIзар динчу вежарша бехкаш тIе ца лоьцу, цара дIахьедо, ницкъахоша шайн тIехь гIело латтийна бохуш. Йуьхьнаца а мукIарло дан дуьхьал хилира и шиъ.
Гаджиев Мугутдинан адвокато чIагIдо – цуьнан вешина таIзар дина гIаттамхойн декъахочунна накъосталла дарна, оцу йукъанна жоьпалла дац низамехь гIоьнчана тIе жоьпалла дожош. Цо къамелдина кхечу тобанан декъашхошца а, шен вешин дехарца, амма цунна хууш ца хилла уьш хIун лелош бу. Кассацин кхелехь дIахьедина, царна моьттучунна тоьшаллаш ца карийна аьлла.
- Бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, фальсификацеш лелийна а меттигаш.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
- Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело таIзар дина Алиев Меджидна, Оьрсийчохь террорхойн йу аьлла йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацина лерина, ша чохь волчу хенахь цо ахчанаш гулдина хилла аьлла. Дагестанера цхьахйолчу колонихь хан токхуш ву иза.