Росгвардейцаш хилла болчу Нохчийчуьра Абдурашидов Бекханна, Дукаев Асланна арахь такха ши шо хан йийхира прокуроро. Дагестанера вахархо Кардашов Алексей тIепаза варан гIуллакхехь шайн даржел совбовларна бехке лерина уьш. Хьалхо кхело бина сацам тIех кIеда хетта, адвокато гIуллакх йухалистар дехнера. Амма хIинца царна кхайкхийна хенаш кхин а лахара йу.
Хасав-йуьртарчу аптекан долахо Кардашов Алексей 2017-чу шеран гурахь тIепаза вайна ву. Иза, шен цIера араваьлла, дIавахнчул тIаьхьа йуха ца веана. Коьртачу тешо, Соьлжа-гIаларчу таксхочо Омаров Сайд - Мохьмада дийцарехь, Кардашов ницкъахоша Нохчийчу дIавигна. Цо дина тоьшалла Абдурашидовн, Дукаевн бехктакхаман гIуллакхийн бух хилла дIахIоьттина. И гIуллакх йуьхьанца Дагестанехь лаьтташ дара. Амма дIаделира Нохчийчу. Цул тIаьхьа теш Омаров аптекахо верна бехке лерира. Иза вер цо шена таIзарш дича, тIелаьцна ду.
Абдурашидовс, Дукаевс Кардашов Нохчийчу дIа а вигна, Омаровца витина хилла. Цул тIаьхьа дов даьлла, цо иза вийна аьлла хета талламхошна.
Ницкъахойн гIуллакхийн шолгIа ладогIарш дара хIорш. Хьалхарчу ладогIаршкахь кхело царна арахь такха кхо шо хан туьйхира. Цу сацамна латкъам чубелира, дийцира Кавказ. Реалии сайте Омаровн агIонча йолчу, "Iазапашна дуьхьал Командин" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.
"Тхуна хета,(Омаровн, ницкъахойн гIуллакхаш) къаьстийна латтон ца деза аьлла. Омаровна бехке леринарг кхечу тIегIанна тIедаккхар, Абдурашидовн, Дукаевн гIуллакхех дIатохар доьху оха. Цу дийнахь хиллачунна бехке лоруш болчийн гIуллакх цхьана процессехь хилийтархьама, "- дийцира Вансловас.
- Омаровна гIаттийначу гIуллакхе къаьстийна ладугIу. Нохчийчуьрчу Нажин-Йуьртан кхелехь латтош ду иза. 2020-чу шарахь Кардашов верна цунна луьрачу набахтехь такха исс шо хан туьйхира. Лаккхарчу кхело и сацам йухабаьккхира. Цундела гIуллакх хIинца шолгIачу ладегIаршкахь лаьтташ ду.
- Лачкъийна дIавигначун нанас массо инстанцешка йаздина: президент Путин Владимирна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзанна тIера дIайолайелла Москварчу раввинатна тIекхаччалц (Кардашов - ломан жуькти хилла-билг. ред), амма Iедалера цхьа а реакци хилла йац.