ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанхойн газет кхоьллинарг верна хан токхуш хилларг велла карийна колонихь


Сегежера номер 7 йолу колони
Сегежера номер 7 йолу колони

"Черновик" газет йукъадаьккхинарг вийна аьлла, таIзар динчех цхьаъ - Дагестанан вахархо Шуайбов Мурад – велла карийна Карелера Сегежа гIаларчу номер 7 йолчу колонихь, мича бахьанех хууш дац.

Шуайбовн кхалхарх "Медиазоне" дийцина цуьнан адвокато Щеблыкин Тимура. Цо дийцарехь, тIаьххьара ша Iалашвийриг гина цунна чиллан-беттан 6-чохь. "ТаIзар токхучара хан йоккхучу меттигера хьелаш цкъа а дацара эвсара, амма шен сил йаккхий пробламаш йу аьлла цо соьга хаийтина дацара", - дIахьедина адвокато.

Щеблыкинан информацица, Шуайбов номер 9 йолчу колонихь вара шогачу хьелашкахь латточу тобанехь. Администрацино баьхнера цуьнга камеран тайпа хIусамчу дехьаваккха алий дехар де бохуш, амма важа дуьхьал хуьлура.

Делахь а адвокат веана дIавахначу шолгIачу дийнахь цо дехар динера боху, шен лаамехь Сегежера номер 7 йолчу колонера камеран кепехь йолчу хIусамчу дехьаваккха ша аьлла. Цига дIавигина ши де даьлча велла карийна иза.

  • Шуайбовна таIзар динера 2016-чу шарахь "Согратль" газетан коьрта редактор Ахмедилов Малик верна, 2009-чу шарахь герз тоьхнера цунна. 2019-чу шарахь, Петрозаводскера номер 9 йолчу колонихь волуш, латкъамаш дира цо, шена тIехь Iазап хьоьгу аьлла. Цунах лаьцна йаздира "Медиазонас".
  • Камалов Хьаьжамурдана герз туьйхира 2011-чу шеран гIуран-беттан 15-чохь ХIинжа-ГIаларчу редакцин гIишлона хьалха. 2018-чу шарахь Дагестанера цхьа могIа лаккхара даржхой лецначул тIаьхьа гIуллакх таллар жигара даьккхира.
  • 2022-чу шеран товбеца-баттахь таIзар кхайкхийра. Дагестанан хилла вице-премьер Исаев Шемал ву элира и вер тIедиллинарг. Кхело 16 шо хан туьйхира цунна шогачу хьелашкарчу колонихь даккха. Бехкбуьллучийн версица, вийнарг ву аьллачу Шуайбов Мурадана 23 шо туйхира Хазамов Мохьмадна -24 шо, Абигасанов Магомедана – 16 шо.
  • Вийначун вашас Камалов Магдис дIахьедина, таIзар динарш бехке бу бахарх ца теша ша аьлла. ГIуллакхан йукъара дIайайра Хазамовн а, Шуайбовн а алиби тIечIагIден материалаш. Оцу гIуллакхехула хиллачу тамлламхочо Мигалин Алексейс дийцира, кхечу талламхочьунга материалаш ша дIайелла аьлла. ТIаьхьо гIуллакх Москва дIахьажийра, цул тIаьхьа гIуллакха йукъара материалаш йайнера.
  • Хазамовс дIахьедира, Шуайбовс шена тIехь ницкъ бича ша а йукъаозийна оцу бехктакхаман гIуллакхна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG