ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанхойн хьехамча Саситлинский дуьненайукъарчу лехамашкара дIаваьккхина


Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил)
Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил)

Хьехамча Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) дуьненайукъарчу лехамашкара дIаваьккхина. Цунах лаьцна йаздо нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино, Интерполна тIе а тевжаш.

Дийцарехь, дуьненайукъарчу организацин кехаташна тIехь контроль латторан комиссино сацам бина, Саситлинскийн гIуллакхехь политикан а, динан а Iалашонаш йу доккхачу декъанна, аьлла. Оцу бух тIехь цунах лаьцна хаамаш дIабехира лехамашка беллачу нехан тептарера.

Саситлинский – Дагестанерчу Ново-Саситли йуьртара бусулба динан хьехамча ву. "Ансар" цIе йолу гIоьналлин фонд кхоьллина, Африкехь гIунаш ахка ахча гулдора цо. Оцу фондо "Исламан пачхьалкх" олучу экстремистийн тобанна лерина ахча гулдо аьлла, бехкейира иза Оьрсийчохь, тIаккха хьехамча федералан лехамашка велира. Дайначу шеран чакхенгахь хьехамча Туркойчохь вара.

ГIадужу-баттахь оцу гIуллакхехула Саситлинскийн ваша Ахмеднабиев Саадуна кхел йира. Террораллина ахча латторна бехке а вина, 16,5 шо хан туьйхира цунна луьрачу рожан колонехь даккха.

Саситлинский Абу Iумар зIенехь вара аьлла шеконашка лаьцна хIинца кхел йеш йу дагестанхойн "Черновик" газетан журналистана Гаджиев Абдулмуъминна. Талламан версица, газетехь арахоьцучу материалашкахула цунна лерина ахча гулош хилла цо. Гаджиевца цхьаьна кхел йеш йу программистана Тамбиев Кемална, "Ансар" гIоьналлин фондан куьйгалхочунна Ризванов Абубакарна а.

  • Саситлинскийца зIенаш йара бохуш шеконашца хIинца а Оьрсийчохь нах бу дIалоьцуш. Дайначу шеран аьхка ФСБ-но, МВД-но шаьш Астраханан махках террорхойн тоба дIалаьцна бохура. Билггал маса стаг лаьцна, дуьйцуш дац – низамхоша бахарехь, уьш массо а къера хилла.
  • Дагестанхойн хьехамчан Саситлинскийн пхи шо долчу кIантана Халидна а, кхо шо долчу йоIанна Фарханина а Швецехь даха бакъо йелира. ХIинццалц цуьнан бераш а, цуьнан хилла йолу зуда Егорова Евгения а а Оьрсийчу дIахьажо терлора, цигахь царна кхерам лаьттара. Хьалхо Швеци дуьхьал хилира Егоровина депорт йан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG