ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дала хаьржина Ахьмад? Мила, стенна гIерта Кадыров Ахьмадах эвлаяъ ван?


Шен кхелхинчу ден суьрта хьалха вистхуьлуш ву Кадыров, 2021 шеран марсхьокху-беттан 23 де
Шен кхелхинчу ден суьрта хьалха вистхуьлуш ву Кадыров, 2021 шеран марсхьокху-беттан 23 де

Оьрсийчоьнна муьтIахь хилла волу Нохчийн республикан дуьххьарлера президент Кадыров Ахьмад кхелхина де лоруш иэсан барамаш дIабаьхьна Нохчийчохь. Йуха а иза вазвеш, эвлаяъан тIегIане воккхуш сурт хIоттийра кху шарахь а. Республикехь воккхахволчу Кадыровн "деза" васт кхиорехь болх муха бо, махкарчу Iедална иза стенна оьшу теллира Кавказ.Реалии сайто.

Шатайпа "бохам"

ХIора шарахь, стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь Нохчийчохь Иэсан, гIайгIанан барамаш дIахьо - воккхахволу Кадыров дIавоьллина де ду и. 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 10-хь Соьлжа-ГIаларчу "Динамо" стадионехь эккхийтира иза. 2011-чу шарахь республикин куьйгалхочо сацам бина, цу дийннахь нохчий Сталино дIабохорна а, Нохчийчохь хиллачу оьрсийн-нохчийн шина тIамна а, Кавказан тIамна а лерина барамаш дIабахьан. Ма-дарра аьлча-м, цу дерригенна хIоттийна "тезет" Iедалан тIегIанехь Кадыров Ахьмат хесторца доьрзу.

Кадыров Ахьмад ву (лахарчу могIарехь йуккъехь) 2004 шарахь стигалкъекъа-беттан 9-хь оьрсийн политикашца, эскархошца а трибуни тIехь ша эккхийтале масех минот хьалха хиина Iаш
Кадыров Ахьмад ву (лахарчу могIарехь йуккъехь) 2004 шарахь стигалкъекъа-беттан 9-хь оьрсийн политикашца, эскархошца а трибуни тIехь ша эккхийтале масех минот хьалха хиина Iаш

Меттигерчу хьаькамаша иэсан, гIайгIанан Дийнахь шайн йозанаш цхьатеррачу кепехь нисдо: уггаре хьалха Кадыров Ахьмад кхалхаро нохчийн къомана дина "зе" шуьйрра билгалдоккху, доцца хьахадо цIерабахарах, дIабевллачу тIамех дерг. Ткъа цу цIерадахаран, тIемийн, репрессийн волайнхой хилар Оьрсийчоьнан, Совет-Iедалан бехк бу олий билгал ца доккху - Нохчийчоьнан хIинцалерчу куьйгалхошна цунах дерг дийца ца лаьа.

Вийначу Кадыров Ахьматан кIентан, Нохчийчоьнан хIинцалерчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гоно кхушара а иштта дIабаьхьира и болх: меттигерчу телеканалан 19 минотехь хиллачу сюжетехь царех хIора а воккхахволчу Кадыровн кошана тIехIоьттира, цара къамелаш дира, кхелхинчу куьйгалхочо "нохчийн къам хIаллак хиларах кIелхьарадаккхар" дуьйцуш. Масала, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Соьлжа-ГIаларчу транспортан декъан куьйгалхочо Тагиров Iелас Кадыров Ахьматна хьалха йуьхь кIайн йолуш ваха лаьа шена элира ша веллачул тIаьхьа. Оппозицехь болчу блогерша тидаме лецира, и санна дерг бусулбаша АллахIаца доьзна бен олуш цахилар.

"Тхан къам дуьненчуьра дIадаларна кхерам бара - иштта боккха бала бара тхуна тIебеънарг [Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь]. Дала къобалдойла Ахьмат-Хьаьжин а, цу некъа тIехь мел кхелхиначийн а гIазот. Везачу Дала хьекъал а, кхетам а, корматалла лойла тхуна, йаххьаш кIайн йолуш, цунна дуьхьала хIитта [деллачул тIаьхьа]", - дIахьедира Тагировс.

Ницкъ болу меттиг

"Дала хаьржина" ваийтина ву бохуш Кадыров Ахьмад вийцар оьшу Нохчийчуьрчу Iедална шайн олалла чIагIдеш, шайн кхерамзалла ларйархьама, аьлла хета Niyso телеграм-каналан векалшна. Цу каналан авторша сих-сиха гIарадоху воккхахволу Кадыров леррина "вазваран" масаллаш.

"И олалла магор оьшуш ду шенна Кадыров Рамзанна а. ХIунда аьлча, дукхахболчу нохчашна Кадыров Ахьмат йамартхо вуй хаьа. Къаьсттина боккха болх тIекхуьучу чкъурана тIехь беш бу, церан ойланаш шайгхьа йерзош, шайна оьшу электорат кхиорхьама. Амма вайн заманчохь цунах боккха пайда ца болу. Муьлххачу дешархочунна вуно атта карайо Кадыров Ахьмада Оьрсийчоьнца болчу тIаме нах кхойкхуш дIайазйина видео. Цуьнга хьаьжча, догIу хаттарш хIиттор ду", - элира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь каналан векало.

Кадыров Ахьмадан суьрта хьалха лаьтташ ву Кадыров Рамзан (архивера сурт)
Кадыров Ахьмадан суьрта хьалха лаьтташ ву Кадыров Рамзан (архивера сурт)

2019-чу шеран стигалкъекъа-баттахь а иштта Кадыров Ахьмадан коша уллохь гулбелира Кадыровн Iеламхой. Цу хенахь муфтис Межиев Салахьа дIахьедира, оьрсийн хьаькам дIавоьллина меттиг "йеза" йу аьлла.

"Кхуза [коша] тIевеана, доIа динчунна Дала доIанна жоп лур ду - оццул дика стаг вара иза. Нохчийн дозалла а ду иза", - элира Межиевс.

Цул хьалха Кадыров Ахьмад "эвлаяъ" (Iарбойн маттера гочдича - "сийлахьниг". - Билг.) ву элира Межиевс. Иштта беза лерира цо Нохчийчоьнан хIинцалерчу куьйгалхочун ден а, ненан а агIора берриг дайш а.

2019-чу шарахь Кадыров Ахьматан "Путь" радио чухула дIадийшира цавевзачу авторан дешнаш. Уьш йара Оьрсийчоьнна муьтIахьчу нохчийн президентан дахарах лаьцна. "Нохчийн къам кIелхьарадаккхарах" дуьцучу авторо дIахьедира: "Нагахь турпалхочо шен къоман, даймехкан дуьхьа гайтина хьуьнар йезачу самонах дуьзна делахь, и хьуьнар ду - возаллина тIевуьгу некъ".

Европерчу нохчийн диаспорин жигархочо Сулумов ЯрагIис дийцарехь, Кадыров Ахьматах эвлаяъ ван лаар чекхдер дац.

"Къомана хаьа шен иэсехь турпалхой Iалашбан. Ткъа йамартхой кхечарна масал хилийта ца бицбо. Коллаборанташна Кадыров Ахьмат эвлаяашца цхьана могIаре хIоттон лаар чекхдерг цахиларах шеко а йац. Цхьа а йамартхо ца хIоьттина тIаьхьенашна хьалха турпалхо йа эвлаяъ хилла", - аьлла хета Сулумовна.

"Синбахаман тIаьхьало"

Кадыров Ахьматан культ хьалайоккхучу барамашкахь сих-сиха берашка а дакъалоцуьйту. Масала, цуьнан Ахьмат-йуьртарчу доьшийлашкахь горгали тIаьххьара бекачу деношкахь а, цуьнан цIарахчу Соьлжа-ГIалара дешаран центрехь а. Берашка хIораза а хестабойту мехкан куьйгалхочун доьзал. Берашка ламасте йирзина ши эшар локхуьйту: цхьаъ Ахьматна, важа - цуьнан кIантана. Эшарш даимна хийцина хуьлу, амма шайн чулацамца хьалхалернаш санна хестамех, баркаллех лаьтташ.

Цул совнах, цу шатайпачу гуламашкахь хьалхарчу классийн дешархой Iамабо дуйнаш даа, Кадыров Рамзанна "тешаме гIортораш" хила реза ду, цуьнан кхелхинчу ден цIеран сийдан кийча ду тхо, бохуш. Лакхарчу классашкара дешархоша, хьехархоша шайн рогIехь Ахьмат-Йуьртан школан кертарчу Кадыров Ахьматан цIарахчу иэсан экъанна тIе зезагаш дохку. Цу йуьртана а тиллина цуьнан цIе, Нохчийчохь бIенашкахь йолчу кхечу меттигашна санна.

Республикерчу доьшийлийн программина йукъабалийна воккхахволу Кадыров вазваран болх. Иштта, 2021-чу шарахь хIора доьшийле кхачийра кхелхинчу хьаькамах йазйина книга. Цуьнан цIе йара "Серлоно къагийна некъ" - иза лакхарчу классашкахь лелош йу.

Хьалхарчу классашкахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь воккхахволчу Кадыровх берашка белхаш йазбойту, цунах лаьцна эшарш лоькхуьйту, республикин куьйгалхочун иэс даздеш, классан сахьташ дIахьо. Цунна лерина дукха къийсамаш бина. Масала, хIора шарахь хуьлуьйту къоначу сарташдахкархойн "Берийн бIаьргашца Нохчийн республика йухаденйар" цIе йолу къовсам а, къонначу йаздархойн къовсам - "Дашо пиллиг" а.

"Делан лаамца"

Нохчийчуьра Iедал шен ма-хуьллу Кадыров Ахьмадан леларш бехказадаха лууш бу. Къаьсттина цуьнан Оьрсийчоьнехьа валар. И дерриге цара динах шайн болчу кхетамехула, шеконечу агIонашкахула чекхдоккху. Цул совнах, махкахошна дуьйцу, Оьрсийчоьнан хьаькам "Делан лаамца" лелаш вара бохуш. Масала, изза элира Кадыров Рамзана ши шо хьалха хиллачу шен пресс-конфененцехь: "[Кадыров Ахьмат] XXI бIешеран ладаме хилам бара. Цунна хьехамаш бинарш дуьненчуьра доху, шатайпа адамаш хила деза". ДIадаханчу шеран марсхьокху-баттахь республикин куьйгалхочо дIахьедира, шен дас Нохчийчоь кIелхьра йаьккхина ца Iаш, йоллу Оьрсийчоь йохар а йухадаьккхина аьлла.

Хетарехь, шен ден кхалхаро боккха тIеIаткъам бина къоначу Кадыровна

Жимахволчу Кадыровна шен ден цIе йазйан лааран бахьана цуьнан шен суфизмах кхетар хила тарло (исламан цхьа агIо - билг), аьлла хета Кавказ толлучу Баранец Томашна - "Центр стратегического анализа", "Институт Центральной Европы" цхьаьнакхетараллийн возуш воцчу экспертна.

"Суна хетарехь, коьрта бахьана Кадыров Рамзанан син-амал йу. Вайна хаьа, иза суфий вуйла, суфизмана дуьхьала цо хIитториш салафизм, йа "ваххабизм"(цо ма-аллара) йуйла а. Вайна хаьа, Кадыров Рамзан шен да санна теологин агIонех дика кхеташ воцийла а. Суфизм хьалхатеттина, шен ден цIе "йазйарца", шен раж чIагIадан лерина ву иза, - билгалдоккху Кавказ. Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Баранеца.

Кхин цхьа бахьана хила тарло Нохчийчоьнан хIинцалерчу куьйгалхочун да цIаьххана валаро йина чов, олу къамелахочо.

Кадыров Ахьмад а, Рамзан а
Кадыров Ахьмад а, Рамзан а

"Кадыров Рамзанан раж хьахочохь вай ойла йан йогIу цуьнан амалах, психологех, церан кхиарах а. Суна хетарехь, шен да кхалхаро боккха тIеIаткъам бина къоначу Рамзанна. Цундела а ву иза шен да веллачул тIаьхьа цуьнан цIе йазйан лууш - цуьнан психологин и тайпа агIо а тидаме эца йогIу. Да цIаьххьана дIакхелхина ву. Суна хета, цу хиламо цуьнан дахар а, карьера а, психологи а кхиийна аьлла",- тIечIагIдира Баранеца.

ТIаьхьарчу иттех шарахь кадыровхоша ламаст дина тIелаьцна Кадыров Ахьматан цIе йаккхарца цхьа леррина аламаш балор: "Дала къобалдойла цуьнан джихад", йа "Дела реза хуьлийла цунна". Иза керла хIума дац - исламехь царех тера аламаш балабо пайхамарийн, царна тIаьхьахIиттанчийн цIераш йохучохь, суфийша кхин а - эвлияаш хьахочохь а.

***

Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикера 300 урам, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" олу йуккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а адамаш дайъина хилар гIарадаьккхира "Новая газета". Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-йуьртана – Ахмат-йурт аьлла. Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош йу махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а йу. Стохка гIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло хIоттийначу санкцийн тептарехь йу уьш. Кадыровн сарташа даьхна Соьлжа-ГIалин урамаш.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхина товбецан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Кадырова Медни а, ши йоI Iайшат а, Карина а (Хадижат). Цунна бахьана ду, республикехь кхел ца йеш, адамаш дайъар, адамийн бакъонашна гIело йар. Изза дар доьхуш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бина кхечу пачхьалкхашка а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG