Киевере Октябрьскан шахьарахь конференци хIоттийнера чиллан-беттан 23-чохь, нохчий а, гIалгIай а Сталинан махках баьхна 80 шо кхачарна лерина. Дозанал арахьара Нохчийн Ичкерия республикин Iедало вовшахтоьхнера и. Дийцаршдан гулбеллера вайнехан диаспорин векалш, Нохчийн Ичкери республикин батальонийн тIемлой, украинхойн политикаш, иштта Евробертан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Японин а эксперташ а.
ТIаьххьарчу цхьана шарахь эхашарахь ЧРИ-н премьер Закаев Ахьмад кест-кеста гойла ду Киевн Iедалхойн кварталехь. 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа Лакъарчу радо къобалйира Нохчийчоь, Оьрсийчоьно дIалаьцна мохк бу аьлла, ткъа пачхьалкх Iалашйан хIоьттира масех нохчийн лаамхойн дакъош.
Карарчу хенахь хууш ду, украинхойн эскаршкахьа тIемаш беш йалх нохчийн дакъа хиларх: йу царлахь ОБОН ВС ЧРИ а, къаьстина ша-башха декхарш кхочушден батальон. Къаьстинчу батальонийн баххаш тIехь йозуш йоцчу Ичкерин бакъйолу арми кхолла кечлуш бу Украинера нохчийн тIемалой. Оьрсийчоьнах республика йозуш ца хилийта къисам латтор болуш бу цара.
Кавказ.Реалиин корреспондент цхьаьнакхийтира Закаев Ахьмадца Октябрьскан шахьарахь, шина шарахь Украинехь бина тIом ичкерихойшна муха хийтира, Оьрсийчоьнан Iедал хийца перспективех а дийцира цигахь.
— Оьрсийчуьра кавказхойн цхьана декъо дог этIаш тIеоьцу Украина хьахош болу керла хаамаш. Украинехь хуьлуш дерг маьIне дуй Къилбаседа Кавказана?
— Доллу цивилан дуьненан кхолламан йист йоккхуш йу кхузахь. Ас даздеш ца боху и. Вонна а, диканна а йукъахь беш тIом бу. Йоллу процессаш постсоветан хенара йу, йоллу негатив Горбачевн перестройка олучу заманара схьа йу.
Путин а, путинисташ а — хIара система йу. Цара хьул ца до, шайна кхузахь лууш дерг, тIом боьду кхоалгIа шо ду, шайн Iалашонашна йуха а ца бовлу уьш. "Денацификаци" а, "демилитаризаци" бохург ду, украинхой хила безаш бац этнос санна, ткха украинхойн арми-м хиллане а хила йиш йолуш йац, цаьрга хаьттича. 1991-чу шарахьлера дозанашка НАТО йухайаийтархьама, цара шалха маьIна доцу ультиматум хIоттийна ООН-н Кхерамзаллин Кхеташонна.
Нохчий Украинана гIо деш бу олу дуккхаъчара. Ладам боллуш тешна ву со: Дала нохчашна гIоьнна йаийтина йу Украина а, украинхойн къам а. ХIунда аьлча, тхо тхаьш ларош дацара Орсийчоьнца. ХIунда аьлча, доллу дуьнено цунна гIо дора. Ткъа тахана дуьне Украинехьа ду. Кхузахь дийцаредеш ду, Кавказ маьрша хир йу, йа йац бохург.
— Украинехь хуьлуш долчунна а, нохчийн боламна а тIехь терго латточара бехира, Ажиев Рустам ОБОН ВС ЧРИ-н батальонан командир хIотторна дуккхаъчу пачхьалкхашкара нохчийн схьоьхур бу Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан. Суна хетарехь, ишта ца нисделира. ХIунда?
— И хир ду аьлла сан йацара ойла. Амма ша процесс дика дIайоьдуш йу. Со реза ву кхузахь дакъаош кхолладаларна а, цара бечу кечамашна а. Нах схьаоьхуш бу, оьхур а бу. Адам кхуза схьа ца догIу, олийла дац. Рустам а, хьалхара, шолIга тIемашкахь хилла ветеранаш кхузахь бу, кхин а нах тIе ийзабо цара. Кхин а цхьа дакъа вовшахтоха дуьйладелла тхо. Амма хенал а хьалха кхин сов даьккхина цунах лаьцна дица ца лаьа суна.
— Украинера нохчийн лаамхойн статус муха йу? 2014-чу шарера схьа дуьйна проблема хуьлу кавказхошна легализаци йарца – баха бакъо лучу хенахь, махкалла луш а. Оцу агIор гIуллакх тоделла олийла дуй?
— Тхо цу тIехь къахьоьгуш ду. 2022-чу шеран чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоь Украинан тIелетта. 25-чохь, ас куьйгалла дечу деоккупацин Пачхьалкхан комитетан кхеташо хилира: хенаца ишта нисделлера и. ХIетахь оха сацамбира, Украинан гIо дан хьалхара тIеман дакъа вовшахтоха.
Муьлххачу а тIеман конфликтехь дакъалацар европахошлахь йолаллехь лелийна хIума санна тIеоьцу, Iедало лоьцу и нах. Цхьа могIа проблемаш йу тхан йийцарейан йезаш Украинан куьйгалица.
Арахьарчу нахах легион вовшахтухуш чиллан-беттан 28-чохь президенто Зеленский Владимира омрана куьгйаздира. Цул тIаьхьа тхан тIеман министралло (Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалла. – КР) барт бира Украинан тIеман министраллица. ХIетахь дуьйна йоллалла бохучу артиклехь тхо нислуш дац. Кхин дIа легализацин процесс йу.
Шалха статус йу тхан тIемалойн. Украинан арахьара легиона йукъахь а бу уьш, тIеман ницкъаш вовшахтухучу ЧРИ-н декъа йукъахь а хуьлу ишта. ТIейогIучу заманчохь Украинехь баха бакъо лун хаттар луьстур ду оха, иштта махкалла даларца дерг а. И дерриг а процессехь ду. Украинхойн куьйгалло а кхетамца тIеоьцу. Фракцийн тIегIанехь ду тхо, депутатийн тIегIанехь болх беш.
— Ичкерин дакъойн тIемалошна Украинан махкалла луш дуй?
— ТIеман билеташ делла царна. ТIеман заманахь уьш ду церан кехаташ. ТIейогIучу заманчохь церан буха тIехь махкалла а лур долуш ду. Керла низамаш, керла хьелаш хир ду. Цундела хенал а хьалха лелахар дац вай, болх бечу Лакхарчу радин гIуллакхашна йукъа а гIерташ. Шеко йац, куьг пульса тIехь латтош лу оха.
— Олийла дуй, хийцамаш Къилбаседа Кавказа чуьра дуьйна буьйлалур болуш бу? ТIом боьдучу шина шарчохь цхьа наггахь герзашца дуьхьало йина меттиг бу вайна гуш. Массо а нах гIаьттина, дуьхьал бевр бу аьлла хетий хьуна?
— Кавказехь, йа кхечу регионашкахь доллу адам хIинцца дуьхьал долийла йу олийла дац. Цигахь долчу Iедална дуьхьало йар Оьрсийчохь, Москвахь доладала дезаш ду. Со тешна ву, и ца хилча йиш йоцург ду.
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан цIарах Украинехь вовшахтуху структураш, тобанаш – Орсийчуьра Iедалан кеп тIейогIучу заманчохь хуьйцур йолу ницкъ бу и. Нагахь санна, билггал дикачу агIор хийцамаш хила царна лууш делахь, цара (оппозицино) шайн Оьрсийчоьнехьа, йолу ойла хийца йеза, империга санна.
ХIара позици йухалистаро, политика хийцаро оьрсийн къомана а маршо йохьур йу, оцу пачхьалкхехь дехачу доллу къаьмнашна а. Кавказхойн халкъаша шайгара дакъа лаьцна: Кавказан тIом - 50 шо, Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан тIом боьду ткъе иттолгIа шо ду. И дерриг а – кавказхойн дакъалацаран гайтам бу. ХIинца, цигахь долуш долчу Iедалх а, империн идеологих а бовла безачу оьрсашна тIехь ду.
— Орсийчохь хуьлуш долчунна тIехь терго латтош хир йу ахь. Навальный Алексейн кхалхар – тахана Оьрсийчохь уггар а чIогIа дуьйцучех ду и. Хьан дуккха а зеделларг ду дахаран а, эмиграцин а. Хьуна хетарехь, оппозицин политик даймахкахь ву пайден йа, цул а арахьа?
— Ас дуьйцур дац веллачух лаьцна. Амма оппозицх дерг аьлча, иза Iедалх къаьсташ хила йеза бухера дуьйна хийцамаш, реформаш йан лаарца. Таханалера де тIекхаччалц а, тахана дийна болчарна тIера а, Оьрсийчоьнан оппозицихь хиллачу беллачех а тхуна хезна дац хIинца долу хьал бухера дуьйна хуьйцург хиларх. Iедалехь болчу нехан фамилеш хийцайаларна ас са ца гатдо.
Нагахь санна, дуьйцург къепеш хийцар, пачхьалкхан дIахIоттам хийцар делахь, и ша ду. Оьрсийчохь а, цунна гонах а билггал цхьа хийцамаш бан хьийзачу оппозицино шен план гайта йеза пачхьалкхан терроран мохк хийцарехь. Оцу тайпа программа хиллалц, со ца теша цхьана а оппозицих
- Гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзана кхайкхам бира, Украинерчу тIамехь дакъалоцучу мехкан бахархошка, Закаев Ахьмад ве аьлла. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьоле дахар а латтор ду ша аьллера. Марсхьокху-баттахь Кадыровс чIир хьейира, Украинан агIор тIемаш бечу Ичкерин агIончашна. Украинан байракха кIел тIемаш бечу батальонийн дакъошкара тIемалоша товбеца-баттахь дIахьедар дира, Нохчийчуьра Кадыровн рожана дуьхьал герзашца гIаттамхойн тоба вовшахтоха кийча ду шаьш аьлла.
- Украинан интернационалан легионан декъехь Нохчийн Ичкерия республикин тIеман ницкъийн ОБОН батальон кхоьллира 2022-чу шеран товбеца-баттахь Закаев Ахьмадан омраца. Даймахкал арахьа бехачу Нохчийчоьнан маршонан агIончаша Украинана гIо дан Iалашонца кхоьллина доьалгIа дакъа дау и
- Батальонера тIемалойн доккхаха долу дакъа – хьалхара а, шолгIа а нохчийн тIемашкахь дакъалаьцнарш бу. 2000-чу шерийн йуьххьехь Оьрсийчуьра дIабахна, Европера мехкашкахь дIатарбелла нах бу уьш. Кавказ.Реалиин корреспондент хилира тIемалой болчахь.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Украинан Лакхарчу радо Нохчийчоь дIалаьцна мохк бу элира, ткъа Оьрсийчоь – оккупант йу элира, иштта йемалйира "нохчийн халкъан геноцид". Оцу йуккъехула чIогIа алсамдаьлла Европера нохчийн диаспорашкахь жигаралла.
- Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора а, цхьа могIа блогершца а дIахьедира, Нохчийчохь гIаттамхойн тобанаш вовшахтохарх, Кадыров Рамзанна джихIад кхайкхош. Официалехь боцчу хаамашца, и вовшахкхета йезара Украинехь тIом бина зеделларг долчу нохчийн батальонашца, хан кхаьчча, республикина деоккупаци йан.