Схьавола, цхьаьний дIа Iийр ду вай, вайна етташ ма яц и яккхийн тоьпаш, дIо гух етташ ма ю олий, цуьнан сатеда гIортара тхо. Цуьнан цIе яра, эр вай, Хампаша.
ШолагIа тIом болалуш дейишас дIавигира иза Нохчийчура. Францехь лаххара а 10 шо даьккхира цо.
Даиман а цIаваха сатуьйсуш вара Ханпаша. Балха аьлла, балха а ца водара, дешарна тIе гIерташ а вацара, цхьа са дIадаьхьна волуш санна хан токхуш вара иза бохуш дуьйцу тахана, иза тIамах вадийна лелийначу цу зудчо.
Тахана Хампаша воцуш ву. Иза вийна Шемахь, ДAIИШ-ан куьйгалхоша омра а делла, герз а карахь тIеман операци воьду ша аьлла араваьлла воьдуш. Керлачу дахарехь цуьнан дола яьккхина хиллачу зудчо цуьнан телефонан номершна тIе хаамаш бахьийтина иза «декъал хиларх лаьцна».
Ханпашех йисина, цо ша Шема вахале Нохчийчу дIахаьжина йолу зуда, а, цуьнан 2 шо долу йоI а.
Муьлш бу теша Шеман а, Иракъан а латтанашна тIехь кхоьллинчу Исламан пачхьалкх (ДAIИШ) олучу тобанна тIегIертарш. Цу хаттарна жоп луш историн Iилманчо политикан говзанчо Вачагаев Майрбека элира уьш ма-моьтту беккъа ахчанна тIехь белла, я хврц идеологех Iехабелла арабевлла нах бац аьлла.
Цо дийцарехь, уьш баккъалла а тешаш бу дукха гена шерашкахь дуьйна Шемахь цхьацца хиламаш хилар бахьана долуш хийцалур ду дахар бохучух.
Дуккха а бусулба Iелим наха емал еш ю ДAIИШ тоба. Амма, цуьнга хьажна доцуш, шайн тоба стам луш ю бохуш хаамаш бу цуьнан куьйгалхоша. Иза цхьана агIор бух болуш хила мега, хIунда аьлча Шема а, Иракъе а гIертачу нахана бакъдерг довзуьйтуш беш болу болх ледара бу аьлла хета Вачагаев Майрббекана.
Дерриг дуьне схьаэцча, аласам долуш ду Шема а, Иракъе а Исламан пачхьалкх олучу тобанах дIакхета оьхуш болчу нехан терахь. Амма уггара а и терахь алсам даьлла Оьрсийчур а, Юккъерчу Азера советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу республикашкара а тIаме оьхуш болчу нехан – 300 процент.
Нью-Йоркехь туп тоьхначу Soufan Group талламан тобано дийцарехь, Оьрсийчура 2400 стаг дIакхетта Исламан пачхьалкх олучу тобанах. 2014-чу шарахь Мангал-баттахь багарбича лоруш дара цу нехан терахь 800 стаг хилар. Дустархьамма аьлча, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхера Шема баханчу нехан терахь ду 2500 стаг. Ткъа уггаре а дукха нах бахана цига Тунисера - 6000.
Урдан-пачхьалкхара Шема тIаме бахана а бу дуккха а нах. Церан терахь а ду 2000-2500 стаг. Soufan Group олучу талламан тобано дийцарехь, Оьрсийчура Исламан пачхьалкх тобанна юкъахь тIом беш берш бу Къилбаседа Кавказера, ша аьлча, Нохчийчура а, Дагестанера а нах.
Ткъа хIунда оьхуш бу и нах Шема а, Иракъе а? ХIунда гIерта уьш Исламан пачхьалкх олучу тобанах дIакхета?
Политикан говзанчана Вачагаев Майрбекана хетарехь, цу бесса дукха бац, масала, Оьрсийчура а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу республикашкара а Шема тIаме оьхуш болу нах.
Оьрсийчоьнан официалан пропагандо а, цхьацца политикан говзанчаша а ма-диццара дац цу нахаца доьзнарг. И хаттар баккъалла а талла а, иза тидаме эца дезаш а дара бохуш вара Вачагаев.
Цхьаболчу вайнахана хета и ДAIИШ леррина кхоьллина проект ю къайлахчу сервисаша, ша аьлча ФСБ-но. Церан Iалашо ю берриг а динна чубоьлла болу нах цхьанаметта а дIагулбар, царна Iуналла дан шайна атта хилийта. Иза хуьлийла дац аьлла хета Вачагаев Майрбекана.
Цу тайпа къамелаш даржор вуно доккха зулам ду аьлла а хета цунна, хIунда аьлча, цунна гергахь, шайна хетарг хьул а цадеш дIаолучу а Шема баханчу а нахал а цIахь бисина болу къайлаха зуламаш дан кечбелла нах бу кхераме.
ХIора денна вай Iитталуш, а, вайна гуш долуш а цхьа хIума ду. Вовшаш лелочух цадашар. Неха ойла шен ойлаца йогIуш цахилча иза лацадалар. Суна ишттта хета, ткъа хьан бакъо ю кхечу тайпана хета аьлла, юха цадовшуш вовше пехаш даа кийча вай хилар.
Иза културан хаттар ду. Кху тIаьхьарчу лаххара а 200 шарахь Оьрсийчоьнан Iедалша нохчашна юкъахь лелийна политикан жамI ду иза аьлла хета Вачагаев Майрбекана тахана нохчаша вовшен ларам цабар.