Украинин тIеман ницкъийн Интернационалан легионан хилла эскархо Нохчийчу а веана, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIо лаьцна волу Джамбетов Хьусайна кхечу пачхьалкхашкара даймахка хьажа-хIотта цIабогIучу нохчашна герз кхийса Iамош курсаш чекхйахар хьехна. Берех хьакхадала мега иза.
"Нохчийчу цIабаьхкина берриг кегийрхой оха полигонехь Iамор бу. Цхьамма а уьш камершна тIе базбийр бац. Новкъарлонаш ца йеш, йуханехьа Европе, Туркойчу дIабаха аьтто хир бу церан. Герз кхийсаран курсийн коьрта Iалашо йу, нохчий миччахь хилахь а, оха царна сагатдар, тхо царна гIо дан гIерташ хилар дIахаийтар", – аьлла Джамбетовс.
Цо бахарехь, и гIуллакх долон дагадеънарг ву Кадыров Рамзан. Дийцарехь, герз кхийса Iамор бу: 14 шаре кхачалц долу бераш шайн дайшца, 18 шарал сов хан йерш – да-нана уллехь доцуш. Цигахь дакъа лацар нуьцкъаха хир дац, дIахьедина Джамбетовс.
Кху шарахь Гуьмсарчу "спецназан университет" шех олучехь кечамаш дIабахьар хьийхира 300 имамашна а, къедашна а. Шен цIе а ца йовзуьйтуш, цхьаволчу имамо дийцира журналисташна, муфтиятан белхахоша ца олу, уьш баккъала болчу тIаме хьийсор бу, йа бац.
Кавказ.Реалиин редакцино деллачу хаттарна жоп луш, Европехь йолчу нохчийн "Цхьаалин ницкъ" цIе йолчу цхьанатохараллин куьйгалхочо Сулейманов Джамболата билгалдаьккхира, и кечамаш де бохург Украиница доьзна ца хила тарло.
"Суна хетарехь, Кадыровна гуш ду, чоьхьара тобанаш чIагIлуш йогIуш хилар, Путин Владимир гIорасиз вуьссуш хилар а. Кадыров чохьарчу девнех кхоьруш хиларх тешна ву со. Къам цунна тIаьхьа хIуттур дац. Билггал Кадыровн бехкаца нохчашна зен хила мега, Iедал къуьйсучу хенахь", – дIахьедира Сулеймановс.
- Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу. "СК SOS"кризис-тобанан дIахьедаршкахь билгалдаьккхина ду цунах дерг.
- Украинина дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а масийттазза дийцира, махкахь полисхоша лечкъийначу нахе а тIамехь дакъалоцуьйту бохуш. Царех цхьаболучарна хьоьхура йа тIаме доьлху шу, йа шайггара долийначу гIуллакхехула набахте доьлху. Иштта Нохчийчохь салтий хуьлу, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо бохуш, хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
- Украинехьа тIом бечу (ОБОН) нохчийн леринчу Iалашонийн къаьсттинчу тобанан хилла декъахо Джамбетов Хьусайн Соьлжа-ГIала йухавирзина. Иза Соьлжа-ГIала ма-кхеччинехь, машанашкахь гучуйевлира и декъехь волуш йаьхна видеош. Цу видеошкахь Кадыров Рамзанан рожана ша резахилар дIахьедан а кхиира иза. Цунна долийна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх ду, иза ша лехамашка велла а ву - амма цу дерригено цунна новкъарло ца йира Нохчийчу верза.
- Нохчийчохь керла тIеман тобанаш кхолларх лаьцна хиира товбеца-баттахь. Полицин декъашка "мехаза" балха хIоттар хьоьху, аьлча, кхаъ бала декхаре ца бо хIинца нах хьалха санна. Нохчийчохь "нохчех бен латташ йоцу" керла полк кхолларца доьзна ду иза бохура. Цига дехьабаьхна хиллера ницкъаллин хьукматашкара белхахой.