ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Даймахкана гIуллакхаш дарна" II-чу бараман орден йелла Кадыров Рамзанна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Даймахкана гIуллакхаш дарна" II-чу бараман орден йелла Кадыров Рамзанна "Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла кхиорехь доккха дакъалацарна, пачхьалкх Iалашйарна а, социалан-экономика кхиорна" а аьлла, билгалдоккхуш. Цунах лаьцна хаамбина меттигерчу хьаькамаша – информацин министро Дудаев Ахьмада а, парламентан спикеро Даудов Мохьмада а. ТIаьххьарчунна, пачхьалкхан ТАСС агенталло дийцарехь, "даймахкана гIуллакх дар" аьлла III-чу бараман орден йелла "парламентаризм кхиорехь доккха дакъалацарна".

Даудовс а, ТАСС агенталло а дIахьедина, совгIат деш омрана куьйг йаздинарг президент Путин Владимир ву аьлла, амма пачхьалкхан куьйгалхочун официалан сайтехь цунах лаьцна документ зорбане даьккхина дац.

Кхул а хьалха Кадыров Рамзанна совгIат дира "даймахкана гIуллакхаш дар" аьллачу IV-чу а, III-чу а барамийн орденашца 2006-чу а, 2021-чу а шерашкахь. Цул совнах, Нохчийчочьнан куьйгалхочун йу Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла цIе а, кхин а лаккхара совгIаташ а. Оцу йукъанна 2014-чу шарера схьа дуьйна Малхбузенан дуьненайукъарчу санкцешна бухахь ву Кадыров, ша урхалла дечу махкахь адамийн бакъонаш хьешарна. 2022-чу шарахь дозанаш тохар кхин а тIе шордира, Кадыровс Украинехь болийначу шуьйрачу тIамехь дакъалацарна.

Нохчийчуьра социалан-экономикан гайтамаша шеконаш кхуллу – дуккхаъчу рейтингашкахь, иштта пачхьалкхан а цхьаьна, регионо тIаьххьара меттигаш дIалоцу. Масала, чиллан-баттахь республика нисйелира банкашка бахархоша ахчанаш кIезиг дохкучу пхеа регионашлахь.

  • 2023-чу шарахь Путина ша совгIат дира Кадыровн нанна Кадырова Айманина Сийлаллин орденца, ткъа невцана Тумхаджиев Iийсанна IV-чу бараман орден йелира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла. Изза орден йелира 26 шо долчу Кадыров Рамзанан вешин кIантана Кадыров Хьамзатана. Ткъа "Нана-турпалхо" седа белира Кадырова Меднина – политикан хIусамнанна.
  • Кадырова Iайшатна, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоIана, совгIат дира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьллачу II-чу бараман орденан мидалца. Ткъа шолгIа йоI Кадырова Хадижатах "Хьакъйолу социалан сферин белхахо" йира. Могушалла Iалашйарна тIехь Iуналла дан хIоттийначу ХутIматна республикин лаккхара совгIат делира – Кадыров Ахьмадан цIарах мидал. Вукху йижарийн и совгIат долуш дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG