"СК SOS" кризисная тобано гIо до Къилбаседа Кавказера ЛГБТК-нахана а, доьзалехь гIело латточарна а уьш кIелхьарабохуш. Бакъоларйархоша махкара арабоху Iожаллин кхерам лаьттарш. Ша организаци "арахьарчу агентан" статусехь болх беш йу – хIетте а, церан гIо оьшу нах алсамбуьйлуш бу.
"Арахаьрчу агентан" статусехь болх баран башхаллех а, тIом бахьана долуш ницкъбар кхиарх а, адамаш кIелхьарадохучу хенахь Iитталучу халонех а лаьцна дийцира Кавказ.Реалиин редакцига "СК SOS" тобанан директоро Истеев Давида.
– "Арахьара агент" аьлла, шаьш дIакхайкхийначул тIаьхьа муха бо аша шайн болх?
– Стратегихь цо цхьаъ хийцина олийла дац сан. Дуьйцург ду, Оьрсийчохь болчу нахаца болх бан бIегIийла цахилар а, чолхалалаш латтар а. ХIунда аьлча, царна "арахьарчу агентаца" уьйр хилар вон тIаьхьало йолуш дерза там бу. Вуьшта, сацам бина оха маркировка хIоттор йац аьлла. Цуьнца боьзна кхерамаш, гIуданаш йа бехктакхаман гIуллакхаш – оха тIеоьцу, тхайна тIе а лоцу.
– Формалехь аьлча, шу "арахьарчу агентех" дIатохар доьзна ду Арсамиков Идрисан гIуллакхца. ХIун аьлла хета хьуна, и гIуллакх къастор хIун ду-те?
– Оха Къилбаседа Кавказехь беш хиллачу боллу балхо цу тIе далийна тхо. Тоххара гIоьналлин "Сфера" фондан декъехь болх бора оха, оцу хенахь "арахьара агент" лерина йара иза, 2022-чу шеран охан-баттахь дIайохийра и юридикан министралло. Суьдхочуьнца кулуарехь хиллачу къамелехь тхуна хиира, фонд дIасайохоран цхьа бахьана Къилбаседа Кавказехь болх бар хиллийла. Тхо ладоьгIуш Iаш дара, тхайн коча а богIур буй хууш.
Арсамиковх дерг аьлча, иза лачкъоро йоккха гIовгIа эккхийтира йукъараллехь – иштта дозал арахьа а. Цул хьалха тховкIело йехнера цо Нидерландашкахь, цуьнан гIуллакхах лаьцна комментарий йинера оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро. Хетарехь, Iедалхошна хетта хила тарлора, "арахьара Iаткъам бина" аьлла.
– Идрисан кхолламна тIехь латтош терго йуй аша?
– Тхайн тароне хьаьжжина, хIаъ. Терго латтон хьийза, иза дийна, могуш, лаьцна воцуш дика хета. Тхуна хууш ду иза Нохчийчохь шен цIахь ву. ЗIе таса каналаш йу тхан, цунна накъосталла эшахь, йуха а орцах довла кийча ду тхо.
Билгалдаккхар: "СК SOS" тобано лелийначу уггар а резонансе хиллачу тIаьххьарчу гIуллакхах ду 28 шо долчу Нохчийчуьра гейн Арсамиков Идрисан гIуллакх. 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалара дIаваха аьтто белира цуьнан, ориентаци бахаьана долуш тIехь ницкъбина хиллера цунна. Нидерландашкахь мухIажаран статус йелира цунна. Делахь а чиллан-баттахь даймахка веара иза, шен ден тезета, йуха воьдуш лецира Москвара Домодедово аэропортехь. Хаамаш бора, бакъоларйархойн гIоьнна дуьхаьло йайтинера цуьнга бохуш.
– Оьрсийчохь болх бар муха нисло шун?
– Дерриг а чолхе ду, хIора баттахь хьал эшна догIу, тIом бахьана долуш а. Пачхьалкхехь болчу тхайн белхахойн кхерамзалла тхешан ницкъ мел бу ларйо оха. Уггар доккха тохар хили тхоьца болх бечу адвокаташна. Царех цхьаммо тхоьца йукъарло лелон дуьхьало йина, статус тхуна йелчхьана, олийла дац сан.
Къаьсттина халонаш Iиттало Оьрсийчуьра нах арабохучу заманчохь, пачхьалкхан паспортаца лела йиш йолчу меттигашка дIабуьгуш кхин хала а ца хуьлу. ТIеман билет дацахь арахьара паспорт ца ло, ткъа нохчочун, масала, и ца хуьлйила ду. Цхьа жинийн пхоьха йу-кх, цу чуьра ара а ца валалуш.
Дукха тIех камераш йу, Нохчийчуьра деанчу кехатна маса жоп ло полицин белхахоша, маса тIаьхьабовлу
– Зударий арабохуш аттох хуьлий?
– Зударшца шайн проблемаш хуьлу. Наггахь чIогIа лоьхуш хуьлу и стаг, ши де бен хан ца хуьлу и лаха арабовлале Оьрсийчуьра и араваккха, мел а дуккха а кара ца веш хан йалийта а. Оьрсийчура шелтерш кест-кеста хийца йезаш хуьлу, къаьсттина Москвара а, Питерера а. ХIунда аьлча, дуккха а камераш йу, Нохчийчуьра деанчу кехатна маса жоп ло полицин белхахоша, маса тIаьхьабовлу.
– Оьрсийчоьнан дозанехь цхьацца чекхволийла леха дезаш нислой шу?
– ХIаъ, лехар нисло. Къаьсттина, оцу стагана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх делахь, Нохчийчу йухавига иза лаца кхерам латтахь. ТIаккха цхьацца альтернативе, къайлах некъаш леха деза тхан. Амма тхайн карара информаци гIара ца йалийта хьуьйсу тхо шога.
– Тахана аша бен болх шорлуш лаьтта, Къилбаседа Кавказера ЛГБТ-нахана а, церан доьзалшна а гIо дина ца Iаш. ХIунда?
– Тхаьш лелориг хIун ду а хууш, бина сацам бара аьлла ца хета суна. Зудабераш тхан практикехь хьалха а дара, цхьа наггахь бен ца нислора, бакъдерг дийцича. Тхуна коьрта дац, оцу зудчо исламан хIун бакъонаш хьоьшу, ЛГБТ-стагана хилларг цунна хир долуш делахь.
ХIора истори къастийна толлу оха, нагахь санна, и стаг вита йиш йацахь, иза араваккха декхаре ду тхо
2022-чу шарахь уьдуш болу зударий дикка алсамбевллера. Цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, иза Нохчийчу йухайига дезарна, Оьрсийчохь цунна кхерам болу хьелашца алсам Iиттало тхо. ХIора истори къастийна толлу оха, нагахь санна, и стаг вита йиш йацахь, иза араваккха декхаре ду тхо. Олийла дац сан, массо а гIуллакх тхайна тIелоцу оха – цхьадерш тхешан коллегашка дIало. Къилбаседа Кавказехь зударшца болх бечу "Марем", "Правовая инициатива" тобанашца а йукъарлонаш леладо оха.
– ТIаьххьарчу шарахь а, тIом болабелчхьана а мел дукха совбевлла шуьга орца доьху нах?
– Нохчийчуьра кегийчу нахана кхерам лаьтта бертаза мобилизаци йарна а, Украине тIамтIе бахийтарна а – ЛГБТК-нахана таIзар даран цхьа кеп йу и. Царна халчу даьлла тхоьца зIене довлар а, регионера дIабахар а.
Мехкарий тхоьга дукха бийлар доьзна хила тарло, цхьана агIор, божарий тIаме хьийсош хиларца, царна тIехь терго латтор мел а лахдина хиларна. Вукху агIор – доьзалехь гIело латтор алсамдаьлла хила тарло. Тоххара са детта а, цхьанхьа а ца йада цуьнан таро хиллехь а, хIинца доьзалашка цIа боьрзу тIамехь Iийна, цо хьу йитина божарий.
– Шун статистикаца, Нохчийчуьра маса ЛГБТК-стаг бертаза Украине тIамтIе вахийтина?
– Терахьаш дац тхоьгахь, хIунда аьлча, цхьана а бакъоларйархочуьнга цу тIехь терго латталур йац. Цкхъачунна тхуна хууш ворхI стаг, царна хьалха ультиматум хIоттийнера: йа тIамтIе воьду хьо, йа набахте аьлла. Царех цхьа стаг "200 мохьца" (вийна.- Билгалдаккхар) йухавеара.
– Хьайн цхьана интервьюхь ахьа элир-кх, Нохчийчохь ЛГБТК-адамашна тIехь гIело латторан хьал тера ду Къилбаседа Кавказехь лелочух аьлла. Цунах лаьцна жимма кIорггера дуьйцийла йуй хьан?
– Бакъонаш хьешар дукха хьолахь кхаа республикана гонах хьийзаш ду: Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан. Кхарачой-Чергазийчуьра йа Къилбаседа ХIирийчуьра тхоьга дехарш дукха ца кхочу, цхьа наггахь бен.
Нохчийчохь даьржина ду "жинаш лахкар". Суна хетарехь цигахула чекхваьлла хIора шолгIаниг
2017-чу шарахь даьржира Нохчийчохь гейшна тIаьхьабийлар. Луларчу ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а дика гуш дара, и таIзар доцуш дуьтий. Цул тIаьхьа регионашкахь кхин а чIогIа жигара делира оцу тайпа хьал, амма тIаьхьо жимма лахделира. Ницкъабаран кепаш тайп-тайпанчу регионашкахь бес-бесара хуьлу. Нохчийчохь даьржина ду "жинаш лахкар". Суна хетарехь цигахула чекхваьлла хIора шолгIаниг, ша хIора а ца ваьллехь. Дагестанехь гомосексуалан ориентацина "дарба ден" конверсин практикаш, центраш йу йаьржина.
– Болх бан ахчанан къоьлла хуьлий шун?
– Ахча цкъа а дукха ца хуьлу, йа тоъал а ца хуьлу. Къилбаседа Кавказера эвакуаци йеш тIаьхь-тIаьхьа кхин а холчу долуш ду. Тхуна гIо дечу нахана кхерам лаьтта, цундела царна дуккха а ахча оьшу – и бакъ ду. Нах къайлабаха беза, церан кхерамзалла ларйан йеза, оцу хьелашна петарш хийца йеза – иза а ахча ма дуй. ЧIогIа психологин хьал вон долуш кхочу нах тхан кара, царна а психологаш оьшу. Делахь а тхайн ма-хуьллу лол бетта оха.
Стенга бохуьйту а ца хууш, нах цхьанхьа дIахьийсош Iедал дац тхан, уьш тхайн кочара бевлчхьана бохуш. Тхуна билггал хаа деза, и стаг мичахь ву, гIо дийр дуй цунна оцу меттигехь. Тхайн аьтто ма-ббу, цунна болх карийна, йа гIо дечу пачхьалкхан системех иза дIакхетталц цунна тIехь Iуналла а латтадо оха.
Тахана тхуна хууш дац, кхана хиндерг, рогIера муьлхачу низамо тхаьшна новкъарло йийр йу нахана гIо дан.
- Кризисан "СК SOS" группа кхоьллина 2021-чу шарахь. Доллу 2022-чу шарахь церан каракхаьчна Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-адамийн бакъонаш хьешарх 130 хаам. Къаьсттина Дагестанера а, Нохчийчуьра а. 2022-чу шеран жамIашца, "СК SOS" тобано пачхьалкхера араволуш а, кхечу махкахь политикан тховкIело луш а гIо дина 45 стагана, шаьш бехачу меттигашкахь кхерам латтарна дехьабовлуш гIо дина 26-нна. 2023-чу шеран хьалхарчу пхеа баттахь кризисан тобане кхаьчна 90 дехар.
- Кавказ.Реалиин сайто дийцира, доьзалехь гIело латтайора шайна тIехь аьлла, бевддачул тIаьхьа йухабигинчу бахархоша камерана хьалха шайгахь бала хилар харцдарх. Бакъоларйархой тешна бу, оцу кепара сюжеташ хIиттош йу аьлла: йийсараллехь латточу нехан аьтто бац шаьш хьийзочарна дуьхьало йан.
- Къилбаседа Кавказера бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин (КПП) филиалан юристана Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийсинера дойур ду шу бохуш, цо ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайигинчу Яндиева Маринин гергарчара. Доьзалехь гIело латтийна шена аьллачу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост гIоьнна йукъаозийнера. Цул тIаьхьа ЯндиевгIеран доккхачу тайпано ультиматум хIоттийнера: йа шайн йоI цIа йогIу, йа Аламов а, цуьнан гергарнаш а бойур бу шаьш аьлла.