ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дебишевна тIехь ницкъбар талла дуьхьало йарх арз Соьлжа-ГIалара кхеле йуха кхачийна


Дебишев Тимур
Дебишев Тимур

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело цхьана декъана къобалбина "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" (КПП) юристо актерана Дебишев Тимурана тIехь гIело латторах гIуллакх айдан талламхо дуьхьал хиларна бина латкъам. Арз йуха а луьстур долуш ду хьалхарчу инстанцин кхело, оцу гIуллакхна йукъара велира цу кхелан суьдхо.

2018-чу шеран лахьан-баттахь Дебишев Тимура гIо дийхира "Iазапашна дуьхьал Команде", цо латкъам бира Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь шена йиттина, хеттарш дан валийначу хенахь аьлла. Актеран номер карийнера полисхошна наркотикаш лелорна бехке йечу йоьIан телефон чохь. Дебишевс чIагIдарехь, полисхоша ток йеттийтинера цунна, пенах корта биттинера, садукъош, сийсазаллаш лелийнера тIехь, цхьахволу белхахо гихь лелавойтуш, наркотикаш лелочийн цIераш йийца бохуш.

КПП-н арз тIехь билгалдаьккхира, гIуллакх кхачам боллуш мича бахьанашца теллина дац хаьттича, кхело мах ца хадорах. Доккхачу декъанна, Дебишев дIавигина машен хьенан йу а къастийна дац.

КПП-н куьйгалхочо дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело хаийтина ца хилла Дебишевга, иза йукъахь а воцуш дIайаьхьначу кхеташонах лаьцна.

"Карарчу заманчохь бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даккха талламхочун дуьхьалонна латкъамехула кхеташо маца хир йу хууш дац, тIедогIучу кIиранашкахь хила декхар ду", - хаамбира бакъоларйаран организацихь.

  • 2022-чу шарахь Нохчийчухула цхьа гIуллакх айдина дац полицихь нах хьийзорна тIехула.
  • Охан-баттахь оппозицн жигархошна Соьлжа-ГIалахь керла къайлах набахте хилар гучуделира, цигахь кест-кеста нах сецабо, царна тIехь гIело латтайо аьлла. Жигархойн дIахьедарца, транспортан ОМОН-н гIишло чохь йу и. Цуьнан куьйгалхо ву Хизриев Адам. ЧIагIдо, территори тIехь йуьстах чоь йу бохуш: цу чохь ток йоьттуьйтуш, йетташ, хеттарш до лецна балийначу нахе. Набахтехь бакъо йоцуш нах латтон тарло беттанашкахь.
  • Лахьан-бутт бовш Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цхьа могIа сацамаш тIеийцира Оьрсийчоьнан бахархоша шаьш бакъо йоцуш лецарх, талламаш дIахьочу хенахь харцонаш лелорах, бакъонаш хьешарх, адамалла йоцчу кепехь, сийсазалла шайца лелорах, иштта талламан изоляторшкахь а, кхелашкахь а цхьаьна, диначу арзашкахула. ДIахьединчарлахь бу Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG