Путин Владимира Кремлехь тIеэцнера Нохчийчоьнан урхалхочун кхин а цхьа кIант. ХIинца цо сий динарг ву 17 шо долу Кадыров Iела (вуьшта Эли а, Ахьмад а олу цунах). Цуьнан воккхаха волчу вешица Ахьмадца а санна, цхьаьнакхетийтар совгIат дара цо нускал далочу деношкахь цунна дина хилла. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, мила йу кхиазхочо йалийнарг, къамел дира эксперташца цуьнан Москва вахарх а.
Шен вежаршка санна, цкъачунна пачхьалкхан дарж делла дац Кадыров Iелига, амма зазадокху-баттахь Нохчийчуьра боксан федерацин а, "Ахмат" спортан клубан а президент хIоттийра иза. Бераллехь дуьйна латарш Iамош вара кхиазхо; цуьнан профессионалехь спортан карьера йолайелла 2022-чу шеран гIуран-баттахь.
Нахана гергахь шен бераш хестор оьзда дац нохчашлахь
Цул а ши бутт хьалха шен вежаршца а, йишица а цхьаьна Донбассе вахара иза. СовгIатех Кадыров Iелин – "Террризмаца къийсам латторна" аьлла, некха тIехь лелон йелла билгало а, "Даймехкан сий" орден а йу. Важа ши кIант мел а жигара хьалхатоьтту мехкан куьйгалхочо.
Кху бIаьста шозза министр вира 18 шо долчу Кадыров Ахьмадах – хIинца спортан министр ву иза, ткъа 16 шо долчу Адамна, талламан изоляторехь латтош хиллачу Журавель Никитина цо йиттина, йоккха скандал иккхинчул тIаьхьа дуккха а мехаллехь деза совгIаташ дира. Шен ден кхерамзаллин сервисан хьаькам вира цунах, тIеман министраллин а, Росгвардин а батальонийн, Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а куратор хIоттийра иза. Ала дашна, Гуьмсехь оцу базехь кечбеш бу Украинерчу тIаме хьийсон лаамхой бу бохурш.
Керла хаамашкахь вуьйцура Кадыров Iела ишта кхечу бахьанашца а. 2023-чу шеран йуьххьехь, ша кхиазхо воллушехь, машен хаьхкина воьдуш хаавеллера иза. Ткъа дукха хан йоццуш Нохчийчохь дIахьочу дрифт-шоухь цIейаьллера цуьнан машенах.
Схьахетарехь, Нохчийчоьнан кIантана Iелина политикан пиар тIе тоьаш цахиларх тидам бинера Соьлжа-ГIалахь а. Стигалкъекъа-бутт бовш Кадыров Рамзана шеца Узбекистане вигира Iела, оцу мехкан куьйгалхочуьнца Путинан дийцарш дара хила дезаш, ткъа хIинца Кремлехь а тIеэцна кхиазхо.
Воккхахволчу вешин лорах
Нохчийчоьнан урхалхочун воIарех дуьххьара Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхийтира стохка зазадокху-баттахь Кадыров Ахьмад. Кремлехьа йолчу "Хьалхарчийн болам" регионера кхиазхойн кхеташонан куьйгалхочун даржехь вара иза хIетахь.
Хьан дагадаийтина вовшахтоьхнера Кремлехь кхиазхочун цхьаьнакхетар, Нохчийчоьнан урхалхочо билгал ца даьккхира. "Официалехь" доцуш, цхьа "даггара" вовшахкхетар дара и бохура цо, къадийра шен кIант зуда йалош хилар а, Сенатан шахьарера Путинан кабинет чохь даьккхина ши сурт хIоттийра цо: Петр Хьалхарчун тIулгах динчу суьрта хьалха лаьттара и шиъ, вовшашка куьйгаш делира цу шиммо.
И аудиенци бахьана долуш Кадыров Ахьмадан пачхьалкхан гIуллакхехь карьера йолайелира. Дукха ца Iаш дипломатин вояж йира цо Азербайджане, цигахь Iедалан векалшца а, бизнесхошца а, муфтийца а цхьанакхийтира иза, масех бутт баьлча Оьрсийчоьнан делегацин декъехь Дубай вахара иза климатан саммите. Цул тIаьхьа делира цунна кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин куьйгалхочун дарж а.
Оцу кепарчу жигаралло дийцарш долийра, Кадыров Ахьмад къона велахь а, дас шен метта вита леринчех волчух тера ду бохуш. Шен кIант Iела Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетарх Нохчийчоьнан урхалхочо хаамбира мангал-беттан 8-чу дийнахь. Цо бахарехь, Кремле Путина ша кхайкхина вара кхиазхо. Зорбане даьхначу пачхьалкхан куьйгалхочуьнца суьрташ тIехь кхиазхо ву оццу Сенатан шахьарера кабинет чохь – вовшашка куьйгаш ло цара, къежа, мар-мара а кхета.
"Вайн президенто декъалвира Iела зуда йалош хиларца, дийцира цуьнан дедех Ахьмад-Хьажих лаьцна", - дIахьедира Кадыров Рамзана. Цуьнан дешнашца, кхузаманан Нохчийчоьнан президент лаьттинчу, 2004-чу шарахь эккхийтар дина вийначух лаьцна дийцарш – Путинан хIинца мехкан урхаллехь волчун кIенташца дийцаредечух коьртаниг ду.
"Владимир Владимировича дийцинчех дуккха а дерг дуьххьара хезаш дара, цо дог ира-кархIоттадора къоначу Ахьмадан, цо тIаьхьо элира, шен деда цкъа а шена гина вацахь а, амма ма-варра иза дуьхьал хIоьттира шена", - йаздира Кадыровс стохка бIаьста Кремлехь шен воккхаха волу кIант тIеэцначул тIаьхьа. Цуьнан шолгIачу кIантана Путин Владимира дийцира, боху, "Нохчийчоьнан хиллачу президентан муха амал йара, муха принципаш йара".
Ший а пост йеразйо Кадыров Рамзана даим а шена марзйеллачу кепехь, лаккхара буьйранчана тешаме хила чIагIо йеш –цуьнан доллу омранаш кхочушдан а кийча хилар хоуьйтуш. Бакъду, Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIинца бохура, Оьрсийчоьнан президентана шен са а дIадала кийча ву ша.
Кремлехь тIеэцначу шолгIачу дийнахь Кадыров Iелина зуда йалийна той хIоттийра церан дай баьхначу Ахмат-Йуьртахь. Кавказ.Реалиин хьастийн хаамашца, Кадыровн шолгIачу кIантана йалийнарг оццу эвлара республикин цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман йишин йоI йу боху. Цу тойнехь суьрташ даха а, видеош дIайазйан а дихкинера, оцу тIехь леррина терго латто дуккха а хадархой бара.
Нохчийн ламасташ дац
Тхоьца къамелаш динчара бахарехь, оцу кепара шен кIентий нахана а гуш хьалхатеттаро дохош ду меттигера гIиллакхаш. Оцу йукъанна, стохка Путинца Кадыров Ахьмадан цхьаьнакхетар хиллачул тIахьа мехкан урхалхочо ден а, кIентан а "шога йукъаметтигаш" йу баьхнехь а, Iелица долчуьнца оцу кепара чIагIдарш ца дира цо.
"ХIокху керлачу "ламасто" гойту, Кадыровс Путин шен берийн деда волуш санна тIеоьцуш хилар – шайн бакъволу деда царна гина ца хиларе терра. Кадыровс лору Путин, йоллу республике а иза лара боху", - элира 17 шо долу Iела Кремлехь тIеэцарх лаьцна йеллачу комментарихь бакъоларйархочо, юристо Янгулбаев Абубакара.
Кремло массо а агIор шена гIортар йина хилар дIагайта хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхо
БIе шерашкара схьадохьуш долчу гIиллакхашца, Iадаташца бIостане долуш, шена а, шен доьзална а кхин "гIиллакхаш" хIиттийна Нохчийчоьнан урхалхочо, бохура Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу, Москвара цхьахйолчу лакхарчу доьшийлера Iилманан белхахочо. Цуьнан цIе ца йоккху оха, кхерамзалла ларйеш.
"Нахана хьалха шен бераш хестор оьзда доцург лоруш хилла нохчашлахь даим а. Амма Рамзанан дерриг а кхечу тайпа ду. Шен чуьра йоьIарий бахначу невцаршца дIахIоьттина суьрташ дахийтина ца Iаш, лакхарчу куьйгаллин даржашка а цхьаьна хIиттабо цо уьш, инзаре совгIаташ до шен кIенташна цара зударий балош – Путинца цхьаьнакхетарш нисдо Кремлехь, цу тIе ша лелориг керста динехь санна кечдо цо: "крестный" олучо ша Iуналла дан тIелаьцначун дахарехь цхьа хилам хуьлуш дакъалоцу, иза къобалвеш", - билгалдаьккхира къамелдечо.
Оцу кепара гIулчаш йаха декхаре ву Кадыров шен хьал малделлачу хенахь, иза чIогIа цомгаш ву бохуш, хабарш даьржинчу йукъанна а, бохура Бирмингеман уиниверситетера Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу Квахадзе Александра.
"Кадыровн берийн агIор хIара Путин волчу лестар - цхьана агIор, Путина гойту Кадыровна, иза мехкан урхаллехь виссар а, цуьнан доьзал кхерамзаллехь латтор а шен карахь хилар. Ткъа Кадыровн агIор Путинна муьтIахь хиларан билагло йу хIара", - дерзийра цо.
- Маршо Радионо масийттаза йаздира Нохчийчохь пачхьалкхан даржашка хIитторах Кадыровн доьзалхой, цуьнан йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Оцу тIехула шегара бехкаш даьхча, Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира: "Суна эхь ца хета. Ас сайн халкъах а, махках а жоп луш хилча, со ларош а хилча, хIун бен-башха ду царна? Сан кIезиг бала бу цуьнца".
- Нохчийчоьнан урхалхочо тIеозийначу доьзалех цхьаъ гучубаьлла Оьрсийчоьнан даржхойн Дубайра бахамах лаьцна зераш дечу дуьненайукъарчу журналистийн талламехь. Гучудаьлла, мехкан администрацин куьйгалхочун вешин кIентан Таймасханов Хас-Мохьмадан Эмираташкахь йиъ петар хилар 6 миллион долларшкахь мах болуш.