ХIинжа-гIалахь "Марем" олу кризисан проектан куьйгалхочун Анохина Светланин 95 шо долчу нанна цIа баьхкинера ницкъхой. Къилбаседа Кавказехь политикан бахьанашца хьийзочу нехан гергарчарна Ӏаткъам бар дукха хенахь дуьйна лелаш ду. Амма хӀинца ницкъахоша шайн балха тӀехь пайдаэца йолийна хьалха терроризмна бехкебечарна лелош хилла кепаш, тидаме оьцу Кавказ.Реалиица къамел динчу бакъонашларъярхоша.
Анохина Светлана Оьрсийчуьра дӀаяхана 2021-чу шеран мангал-баттахь, ницкъаллин белхалоша ХIинжа-ГIалахь организацин петарна тӀелатар динчул тӀаьхьа. "Марем" тобанан координаторш гӀо деш бу доьзалехь ницкъ лайначу зударшна тховкӀело каро. Оьрсийчохь Анохина бехке йо "эскаран сий дайарна", цо Оьрсийчоьнан эскаро Бучехь динчу тӀеман зуламех лаьцна зорбане даккхар бахьана долуш. Анохинас дийцарехь, 95 шо долу цуьнан нана йолчу ницкъахой дуьххьара богӀуш бац.
"Кхул хьалха а баьхкинера уьш - муьлш бара хууш дац, хӀунда аьлча, сан нана йоккха стаг йу, хIума дагахь ца лаьтта цунна, ур-атталла документаш схьагайта а ца олу цо. Соьга йаздира цо, цхьа стаг веана аьлла - хьалха баьхкинчарех цхьаъ. Белхахочо ДНК оьшу аьлла багара тIуналла эцна хилла цуьнгара", - дуьйцу къамелхочо.
Цо дийцарехь, "низамехь долу адам" хиларе терра, нанас биоматериал дIайелла. Бакъонашларъярхо кхеташ йац, стенна оьшу ДНК "дискредитаци йина" гӀуллакхан талламхошна. Анохинас дийцарехь, ницкъахойн Iалашо йу шен доьзал кхеро. Цуьнан адвокато дийцира, талламхочо Анохина Оьрсичу юхайерзо дехар дина аьлла, шен лаамехь цIа йеъча, цунна "уггаре а лаххара гӀуда тухур ду", кхи хIумма а хир дац бохуш.
"Сан кхузахь ала хӀумма а дац. Со чIогIа оьгӀазйахана ю, со кхеташ йац, муха богIур бу дагестанхойн божарий 95 шо долчу зудчун хIусаме, ДНК-йоккху бохуш, иза кхера а йеш. Адамалла боху кхетам а вай йукъахь бисина ма бу, чIогIа эрчалла йу иштта хIумнаш лелор. Цул совнах, цхьа а пайда а боцуш", - дерзадо Анохинас шен къамел.
" Бисинчаьргара чӀир эца".
Къилбаседа Кавказехь Дагестан цхьаъ хилла ца Iа ницкъахоша политикан бахьанашца жигархойн гергарчарна Ӏаткъам беш. 2024-чу шеран марсхьокху-баттахь ОВД-Инфо хаамийн агIонехь, зорбане йаьккхира "ГӀайгӀанехь а, хазахетарехь а" цӀе йолу проект - Оьрсийчоьнан Ӏедална новкъа болчу нехан доьзалшна политикан Ӏаткъам барх лаьцна. Церан хьесапашца, Iаткъам беш хьийзош бу 3% гергга жигархойн гергарнаш.
Дукха хьолахь, Анохина санна, ницкъхоша хьийза бо - уггаре хьалха да-нана, кхин дIа хӀусамдай, бераш, йижарий-вежарий, кхин болу гергара нах. Ӏаткъам бар бохург ду - ницкъаллин структураша тIекхайкхар а, лехамаш бар, кхерамаш тийсар, Ӏехор, нах дIалецар а, кхин тайпа Ӏаткъамаш бар а.
2016-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц Ӏаткъам бен меттигаш дукха йолчу регионашлахь йу Москва, амма иштта оцу антирейтинган хьалхарчу могӀарехь йу Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионаш – Нохчийчоь а, ГӀалгӀайчоь а, Кубань а.
Къилбаседа Кавказехь гергарчарна Ӏаткъам бар уггаре а гIардаьлла ду - ЯнгулбаевгӀеран вежарий гӀуллакх. 2021-чу шарахь хӀетахь "Ӏазапна дуьхьал комитетан" адвокат болх беш хиллачу Янгулбаев Абубакара хаам бира гергарнаш лачкъорх лаьцна. Дукха хан йалале уьш дIахицира, Кадыров Рамзанна критика йийр яц, йа оппозицин хьежамаш бовзуьйтур бац аьлла, дош делча.
2022-чу шеран дечкен-баттахь ЯнгулбаевIеран нана Мусаева Зарема лаьцна, нуьцкъала Нижний Новгородера Соьлж-ГӀала дӀайигира. Хала цомгарш йолчу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийра – дийцарехь, рапорт кечдеш хиллачу меттигерчу полисхочунна Заремас тӀелатар дина аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, "бӀаьрг баьккхаза висина" полисхо. ТӀаьхьо Мусаева Заремига бехк кховдийра бозбуанчаллаш лелорна. СИЗО-хь а, колонехь а латточу хенахь цуьнан могушалла телхира. Оьрсийчуьра дӀавахана Янгулбаев Абубакар экстремизм лелорна бехке а вина, церан цIийнах масех стаг Украине тӀаме хьажийра.
Доьзалшна Ӏаткъам бар – жоьпалла "цIийн наха" лелийначуьнна массарна тIедилла гIаьртар ду.
Массарна хууш ду кхин цхьа а гIуллакх, ИсраиловгIеран Ӏумаран а, Iелин гӀуллакх. 2003-чу шарахь, лаьцначохь къизалла лайна Исраилов Ӏумар хIоьттира Кадыров Рамзанан хадархо. Амма, цхьа шо даьлча Оьрсийчуьра дIаваха аьтто белира цуьнан. И бахьана долуш ницкъахоша йийсаре лаьцна хьийзира цуьнан да Исраилов Ӏела. Цхьа шо даьккхира цо набахтехь. Дас а, кӀанта а латкъам бира ЕСПЧ-на кхеле, шайн бакъонаш ларъяр доьхуш. 2009-чу шарахь Ӏумар вийра, иза вехаш хиллачу Вена-гIалахь.
2022-чу шарахь оханан-баттахь нохчин блогеран Халитов Хьасанан вешех цхьаъ нуьцкъала Украине тӀаме хьажийра. Цул хьалха блогеро дӀахьедар дира, лаьцначу йишин тIехь бедар йоцуш, шега сурт даийтина хиларх, республикан куьйгалхошна критика йар сацаде бохуш. Лахьан-баттахь Халитовс дӀахьедар дира республикехь шен да а, ши ваша а лачкъийна аьлла.
"ОВД-Инфо" агIонехь дийцарехь, дукха хьолахь ницкъойн Iаткъам лайна баккхийчу нехан могушалла галъйолу. Масала, 20I1-чу шарахь зазадохкху -баттахь прокуроран гӀоьнчас Москва-кӀоштарчу пансионатийн директоре тӀедожийнера политикан Яшин Ильян ненанана чуьра араяккха аьла, йоккхачу зудчун могушалла а, дахар кхераме хьоле а доккхуш.
Иштта, колонехь телхира Жданов Юрийн могушаллин хьал а (ФБК-ан куьйгалхочунна Жданов Иванан – да хуьлуш ву). Набахтехь хан тоьхна вара иза, бозбуанчаллаш лелорна аьлла: Ненецкан автономин кӀоштахь "Искатель" олучу юьртан администрацехь, болх бечу хенахь, ша хӀусамийн комиссехь декъехь волуш, Жданов Юрийс рекомендаци йина хиллера юьртан куьйгалхочунга социалан арендан барт а бина, меттигерчу йахархочунна петар йалар.
Юристо Гайнутдинов Дамира бахарехь, тӀаьхьарчу шина шарахь гергарчарна Ӏаткъам бар алсам долуш ду. Цунна хетарехь, иза "доьзна ду, бехкебинчарех массо а аьлча санна, дIабахана – царна тӀекхача аьтто бац, цундела Iедал махкахь бисинчу гергара нахана тIехь бекхам бан гӀерта".
"Дех жоп дала дезаш ву кIант"
Прагерчу Карлан университета социалан Ӏилманийн факультетан белхахочунна а, политологна Дубровский Дмитрийна хетарехь, гергарчарна Iаткъам бечу гIуллакхашкахь ницкъаллин структураша лелочунна логика а ца лоьхаш, церан бакъйолчу таронашна тӀера дӀаваха веза. Цо дийцарехь, доьзалшна Ӏаткъам бар юьхьанца "Кавказан хIума" ду.
"Доьзалшна беш болу Ӏаткъам, со кхетарехь, гергарчу наха тIе баьхк а биллина, уьш жоьпалле бан гIертар ду. Царна юкъахь лелаш ду "шен дех жоьпаллехь ву кIант", - боху Дубровскийс.
ХӀинцалц "тӀемалойн" гергарчаьргара бен ца оьцура ДНК-ан туйн анализ
Дубровскийна хетарехь, ницкъаллин структурийн "белхаш" дӀабахьар нахана тӀехьажийна дац, бухабисинчарна тӀехьажийна бу: "хIара ду шуна а хиндерг, шу дIадолхахь. Шун а бу гергарнаш, царна а тIекхочур ду тхо”. Оцу кхерамаша гойту, хIун хир ду, къаьсттина политикан дуьхьалончашна а, тӀамна дуьхьал болчу жигархошна а, нагахь санна, уьш гергара нах дӀа а тесна, дӀаболхахь. ХӀунда аьлча, ницкъахойн шайн луъучу кепара ницкъ бан йиш йу гергарча нахана, Ӏаткъаман, шантажан а, бехктакхаман гӀуллакхаш дола дан а.
Human Rights Watch организацин Европин а Юккъерчу Азехь декъан директоран гIоьнчас Локшина Татьянас дийцарехь, и тайпа хьал а йерриге а Оьрсичохь ду, амма Кавказехь иза алсам ду. Ткъа Анохинан ненах лаьцна аьлча, бакъонашларъярхочо дийцарехь, Дагестанна гергарчеран ДНК-на материал йехар - керла дац, амма цхьа башхалла йолуш ду.
ХӀинццалц "тӀемалойн" гергарчаьрца беш бара и тайпа болх – биологин материал гулъйар. И доьзна ду, низамхошна декъий къасторан таронаш шоръярца. Тхуна хьалха ца гина и тайпа хIума, политикан бахьанашца хьийзош волчу стеган гергарчу нахана тIедиллар, бохуш, дерзадо Локшинас шен къамел.
- 2022-чу шеран мангал-баттахь ГӀалгӀайчуьрчу журналистан Евлоева Изабеллин цIахь ницкъаллин структурийн белхахоша талламаш бира – эскарх лаьцна "фейк-хаамаш" барна кхоъ бехктакхаман гӀуллакх долийна цунна дуьхьал, ша Евлоева Оьрсийчуьра дIайахана.
- 2022-чу шеран оханан-баттахь ХIинжа-ГIалахь полици йеанера Къилбаседа Кавказехь зударшна гӀо дечу "Марем" олу тобанан жигархочун Анохина Светланин 93 шо долчу ненан хӀусаме. Анохинас тӀамна дуьхьал шен инстаграман агIонехь йаздар бахьана долуш.
- 2019-чу шарахь Оьрсийчоьнан оппозицин политикан Навальный Алексейн коррупцина дуьхьало йечу фондан талламан гурашкахь Краснодарерчу жигархочун Антонова Янин ненан банкан чоьташ дӀакъевлира – уьш 2023-чу шарахь бен дӀа ца йаьстина.