ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Декъашна тIехь харжамаш". Кадыров Ахьмадах муха вира Нохчийчоьнан президент


Референдум а, харжамаш а хилале хьалха Кадыров Ахьмадна агитаци йар. Нохчийчоь. 2003-чу шеран бIаьсте. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Референдум а, харжамаш а хилале хьалха Кадыров Ахьмадна агитаци йар. Нохчийчоь. 2003-чу шеран бIаьсте. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

ГIадужу-беттан 5-гIа де – нийса 20 шо кхечира Оьрсийчоьнан декъахь а йолуш, Нохчийчохь духхьара президентан харжамаш хилла. Хи а доцчу гIалахь херцаршна тIехь харжамхойн кампани, ницкъахой тIе а хIиттийна, журналисташна концерташ хIиттор шайна товш боцчу кандидаташна Кремло Iаткъамбар, къайла а ца хьош, кхаьжнашца харцонаш лелор, "бинжолаг", эскархоша го бинчу гIишло чохь кхаьжнаш дагардар - иштачу хьелашкахь 2003-чу шарахь республикин президент хилира Оьрсийчоьнехьа вирзина Ичкерин хилла муфтий, тахана Нохчийчоьнан куьйгалхочун да - Кадыров Ахьмад.

Оцу харжамашкахь тешаш хиллачу бакъоларйархоша, тергамчаша, могIарера бахархоша, меттигера а, дуьненайукъара а журналисташа дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, муха дагахь лаьтта шайна и зама, "автоматаш тIе а хьежош харжамаш" бохучу аларо кхаьжнаш тийсарх лаьцна ма-дарра маьIна хIунда ца гойту.

Нохчийчоь. 2003-чу шеран бIаьсте. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Нохчийчоь. 2003-чу шеран бIаьсте. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

Хьалхара дакъа

Референдум

Оха къамел дина боллу тергамчаш, бакъоларйархой, Нохчийчуьра могIарера бахархой, тешна бу: республикехь хиллачу президентан харжамех лаьцна, цул а ахшо хьалха хилла референдум а ца хьахош дийцар - доккха гIалат хир дара. Цкъа-делахь, референдуман жамIаша Оьрсийчоьнан декъехь тIечIагIйира республика, шолгIа-аьлча, цул тIаьхьа бахархой кхийтира, шайна хетарг цхьаммо а чоьте оьцур доцийла.

Референдуме дехира Оьрсийчоьнан Федерацина йукъахь конституцих а, президентан харжамех а, Нохчийчоьнан республикин парламентах а хеттарш. Кхаьжнаш тасар зазадокху-беттан 23-чохь аьлла, билгалдаьккхира – хIетахь тIом сацанза бара, ООН-н экспертийн зерашца, дуьненан ШолгIа тIеман заманара схьа дуьйна Соьлжа-ГIала уггар а чIогIа дуьненчохь йохийна гIала йара.

Нах лечкъор, лецарш, нах байар денна нислора, дагалоьцу 2003-чу шеран бIаьсте, хIетахь Нохчийчохь болх беш хиллачу журналисто, бакъоларйархочо Дмитриевский Станислава.

"ЦIеххьана зазадокху-беттан йуьххьехь къамел до Путина [Оьрсийчоьнан президент Владимир], цо бохура, оьшуш дац тIом бан, конституцина кхаьжнаш таса беза. Маса Соьлжа –ГIалахь плакаташ летадо массанхьа а. Масала, "Минные поля" аьлла йоза дIа а доккхуш, "Мирные поля" аьлла нисдира. И йоллу исбаьхьа креатив, и дерриге а оцу херцаршна тIехь – гротекс санна гора", - дуьйцу бакъоларйархочо.

Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

Дмитриевскийс боху, "оцу кепара "беркъа" агитацино а нохчех цхьа кIезиг дакъа бан йукъаозор дацара: "Цхьа диканиг хир ду аьлла, адамашна чIогIа теша лаьара. Меттигерчара олура: "ХIун хаьа, дерриг а дIанисдала а ма тарло. ХIун бен ду, администрацина тIехула муьлхха горгам кхозуш хилахь а? Нах лечкъочуьра а, бойучуьра а совцур бацара-те? Иштта дог-ойла йара церан".

"Цхьа Кадыров" президент хIоттавахь, дала тохар хир ду аьллачу Дмитриевскийн дешнаш а цуьнца къамел дечара куьг ластадой дуьтура: "ХIун Кадыров?! И хила йиш йац! Цунна цхьаммо а кхаж тосур ма бац".

Нохчийчохь референдум дIайахьа реза ца хилла ца Iаш, жигара цунна дуьхьал а хуьлура нах. Оцу заманчохь хилла, Дмитриевскийна гуттаренна а дагахь дисинчех ду – Iаьржа духарш доьхна бIе гергга зударий, хIинца Путинан аьлла хийцинчу, Толаман проспектехула чекхбовлар.

"Дукхахберш зударий бара уьш шайн хIусамдай, шайн бераш, дай лоьхуш болу. Референдумна дуьхьал бара уьш, дикка ницкъе хIума а дара и: охьа аьтта гIала йу гонах, тIехь тхевнаш доцу цIенош, охьаэганза дисинчу пенаш тIехь плакаташ ду, кхане хаза хир йу бохуш, и зударий а – керла конституци цIерга туьйсуш болу", - дагалоьцу Дмитриевскийс.

Соьлжа-ГIалара Толаман проспектехь нохчийн зударийн митинг. 2003-чу шеран зазадокху-бутт. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Соьлжа-ГIалара Толаман проспектехь нохчийн зударийн митинг. 2003-чу шеран зазадокху-бутт. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

Францхойн журналист, гочдархо Изамбар Блюэнн, оцу заманчохь Соьлжа-ГIалахь бакъоларйархо санна болх беш йара, иза францхойн "Дуьненан лоьраш" (Médecins sans frontières) организацин декъехь хиллера. Цунна а гинера Толаман проспекта тIехь хилла зударийн митинг.

"Зударша олура: "Тхайн нах цIаберзор ду тхуна оьшург. Нийса кхел йар Iалашдан лаьа тхуна". Референдумехьа гонах бес-бесара афишаш йара, пароди санна йара уьш, царна хьалха шайн куьйгашца йозанаш дина шайн хьомечу нехан суьрташ карахь зударий бара- кIайн-Iаьржа бакъдерг санна", - дуьйцу Изамбара.

Оцу деношкахь Нохчийчохь уггар а дукха нах арабевлла хилам бара и протестан акци. Ткъа референдум дIахьочу дийнахь Соьлжа-ГIалин урамашкахь, Дмитриевскийс дийцарехь, "гIовгIане тийналла" лаьттара. Фольклоран кеп-кепара тобанаш йоцург, мониторинган тобанна кхаьжнийн каппашкахь башха адамаш а ца хааделира.

Изза боху Изамбара а – "Мемориалан" мониторинган тобанца цхьаьна иза а чекхйелира Соьлжа-ГIаларчу иттех харжамхойн декъашкахула.

"Йоллу Нохчийчохь даим хилла, цхьа Iадийна хьал дара референдум дIахьочу дийнахь а. Йерриг йаьсса гIала: адамаш дIасалелон автобусаш а йаьсса йара, урамашкахь герз карахь беккъа цхьа салтий бара. Эрчо йара", - дуьйцу журналисто.

Соьлжа-ГIала. 2003-чу шеран зазадокху-бутт. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Соьлжа-ГIала. 2003-чу шеран зазадокху-бутт. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

Цхьа кхерам хиларе хьоьжуш санна, хIаваэхь а цхьана гIоьртина хьал доллушехь, дагахь а доцуш атта дара Iаламат алсам йолчу блокпосташкаухла чекхвийла, тIетуху къамелдчео: "Тхо диъ адам дара: ши нохчо, цхьа оьрси, со а. Цхьахйолчу постехь тхо совцийра, оьрсийн эскархоша герз дIалаца элира тхоьга, суьрташ даха лууш бара уьш тхоьца. Салташа бегаш бора! Цкъа а хилла хIума дацара и, цхьа инзаре хIума дара".

"Оьрсийн-нохчийн Йукъараллин" директор санна волчу Дмитриевский Станислава референдум йоьдуш иштта хилира Соьлжа-ГIалара а, Веданан кIоштара масех эвлашкара а харжамхойн каппашкахь.

"Тхо Ведана дахара, кхин а ломаца хьала а, цига даим а хала дара кхача, къаьсттина оьрсийн фамили йолчунна, паспорт а, вехаш хилар а Оьрсийчохь долчунна. Амма салтий цхьа кхинаш болуш санна хетара, чIогIа гIиллакхехь бара уьш. Политковская Анна ("Новая газетан" журналист. – Редакцин билгалдаккхар) цунна тоьпаш туху боху сурт хIиттош, иза латтийначу постехь а цхьана забарш йора тхоьца. Тхан машенах хьоьвсинчул тIаьахьа цхьа хаттар дира тхоьга: "Шун вилспет иштта хIунда йу? Тхан "Ока" машенан куьзгана тIехь йаздина дара: "Суна вас ма йейша, со къена джип йу". Цунах бийлира эскархой", - дуьйцу бакъоларйархочо.

Абсурде дара и дерриг а, гуш ма-дара, и доллу адам хIинццалц а санна, автоматийн бухахь дара, билгалдоккху Дмитриевскийс.

Оьрсийчоьнан эскархой Нохчийчохь бу. 2003 шо. Сурт: Светин Александр Российские военные в Чечне. 2003 год. Фото: Александр Светин
Оьрсийчоьнан эскархой Нохчийчохь бу. 2003 шо. Сурт: Светин Александр Российские военные в Чечне. 2003 год. Фото: Александр Светин

Фальсификацеш

Официалан жамIашца а догIуш, референдуме 95 процент Нохчийчуьра харжамхой баьхкинера бохура, ткъа 95,7 проценто керла конституци къобалйира. И бохург хIун ду, Iедалхоша дуьйцург бакъ делахь, нохчийн къам цхьабоса реза хилла Оьрсийчоьнан декъехь дисса. Бакъду, бозуш боцчу тергамчаша, Оьрсийчоьнан а, иштта дуьненайукъарчара а дийцира дуккха а харцонаш лелорах а, Iаламат кIезиг нах кхаж таса эхарх а. Йа Европан Парламентан ассамблейно а, йа Европан кхерамзаллехула а, цхьаьна болх барехула а йолчу Организацино (ОБСЕ) а, и референдум легитимехь хилар къобал ца дира.

Соьлжа-ГIаларчу цхьахйолчу харжаман декъехь ган а гуш харцонаш лелош теш хилира Дмитриевский Станислав а: "ХIетахь дуьхххьара гира суна, бюллетенеш чу туьйсуш. Хьан бIаьргашна хьалха ган а гуш, лелош хIума дара и. Тхо муьлш ду хуушшехь, кхин башха эхь хеташ вацара и стаг. Куьг дуьхьал а лаьцна, цхьа барз бюллетенеш йаьшки чу кхийсира цо".

"ЗА" билгалонца бюллетенеш дара тхан декъахь хьалххе кечдина

Дмитриевскийн тобанца хиллачу волонтеран гергарчех волчу цхьаммо тешабора бакъоларйархой, референдумехь цхьа а эрчонаш лелош йац бохуш. Оцу йукъанна цо бохура, шен цхьана паспортаца хIинцале а кхозза кхаж тесна ша. Изамбар Блюэнна бахарехь, и саннарш дуккха а хиллера.

"Цхьа нохчо йара тхоьца, "Мемориалан" адвокат, эксперимент йеш, цо масех куьпахь олура, ша кху кIоштахь йехаш йу, амма шен паспорта тIехь йазйина кхин йу. "ХIуммаъ дац, хIуммаъ дац, - олура цуьнга, - Кхаж таса, хIан бюллетень йу хьуна". Пхоьазза иштта кхаж тесира цо. Сайн бIаьргашца суна гина хIума ду-кх и", - чIагIдо журналисто.

Харжаман куьпахь болх беш хиллачу цхьана зудчун тоьшалла дисина цуьнгахь, цо пурба делла цунна зорба тоха. ХIара ду и:

"Хьайн метте охьа а хаий, цхьанцца а къамелаш ца деш Iе элира соьга. Сайн кхин дан хIума доцуш Iачу аса, кхаьжнаш таса даьхкина адамаш дагардора. 15:00 сахьт долучу заманчохь 243 харжамхо вагарвинера аса. Бакъду, 11 сахьт даьллачу хенахь тхан куьпара комиссино коьртачу комиссига дIахаийтинера, 1457 стага кхаж тесна аьлла – де чекхдолуш цара 2185 терахь ду элира. Оцу йукъанна цхьаболчара масийттазза кхаж тосура, йа цхьа барз кехаташ дохьуш богIура, тIаккха цхьана меттехь 15-20 стага кхаж тесна олура. Амма мухха делахь а, тхан декъехь "ЗА" билгалонца бюллетенеш хьалхе дуьйна кечдина охьадехкина дара".

Референдум дIахьочу хенахь Нохчийчоь. 2003 шо, зазадокху-бутт. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Референдум дIахьочу хенахь Нохчийчоь. 2003 шо, зазадокху-бутт. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

Изамбаран дагалецамашца, ах йаьсса хиллачу харжамхойн каппашкахь оцу дийнахь болх беш а, кхаьжнаш туьйсуш а бюджетан белхахой бара: уьш а реза хиллера, шаьш балхара дIадахарна кхоьруш.

Дуккха а харцонаш лелийнашшехь, референдуман жамIаш къобалдан дуьненайукъара а, Оьрсийчоьнан а бакъоларйархой дуьхьал хиллашехь, Оьрсийчоьнан Федерацин декъехь йуьтуш Нохчийчоьнан республикин президентан харжамаш 2003-чу шеран гIадужу-беттан 5-чохь билгалбехира.

ШолгIа дакъа

Президентан кандидат(аш)

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан а цхьанакхетар. 2001 шо Встреча главы администрации Чечни Ахмата Кадырова и президента России Владимира Путина. 18 января 2001года
Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан а цхьанакхетар. 2001 шо Встреча главы администрации Чечни Ахмата Кадырова и президента России Владимира Путина. 18 января 2001года

Нохчийчоьнан президентан дарж къовса лаам хиллера 15 кандидатан: хьаькамаш, политикаш, бизнесменаш. Делахь а, Кремло диллина дIахаийтира, ша Кадыров Ахьмадан агIо лоций, оцу хенахь администрацин урхалхо вара иза. ТIаккха массо а кхийтира: харжамашка цхьа а оппонент вуьтур воций, дийцира бакъоларйархочо, йаздархочо – карарчу хенахь Европехула а, Йуккъерчу Азехула а Human Rights Watch организацин директоран гIовс йолчу Локшина Таняс. Ткъа 2003-чу шарахь - Москвара Хельсинкан тобанан директор йара иза.

Цунна хетарехь, Нохчийчуьра цхьа могIа бахархошна мухха а хилла а шайга харжам байтар доккха маьIна дара.

"Тайп-тайпана наха хIетахь соьга олура, цIеххьана Кремлан коьрта, цхьаъ бен воцу фаворит хилла Кадыров Ахьмад, цуьнан биографи чоьте эцча, цхьана тIеман парти санна тIеоьцу. Ткъа нохчийн бизнесхо Сайдулаев Малик, мелхо а, машаран парти санна", - дуьйцу Локшинас.

Сайдулаев Малик - цхьана хенахь "Русское лото" лотерей долахь йолуш вара, Нохчийчохь гуманиатран гIо даран Фондан куьйгалхо а вара иза, "Милан" Концернан директор а и вара. 2003-чу шарахь Москвара уггар а хьал долу нохчо вара иза: 500 миллион долларшкахь бара цуьнан бахам.

Соьлжа-ГIала, президентан харжамашна кечлуш. 2003 шо, гIадужу-беттан 4-гIа
Соьлжа-ГIала, президентан харжамашна кечлуш. 2003 шо, гIадужу-беттан 4-гIа

Оцу хьолехь а Сайдулаевн дуккха а агIончаш бара, билгалдоккху Локшинас. Цунна хетарехь, тIамо бех ца дина адам санна лорура бизнесхо. Дуккхаъберш тешара, Оьрсийчоьнан куьйгакIел хилахь а, цо Нохчийчу маршо а, жимма либерализм а йохьур йу аьлла.

Сайдулаевн дикка гIортор хиларх тIечIагIдора бинчу бозуш боцчу хаттамо а. Социалан маркетинган Институтан директоро, социолого Хайкин Сергейс президентан харажамаш бирзинчул тIаьхьа бинера и хаттам. 2003-чу шарахь гIадужу-беттан 11-чуьра 16-чу дийне кхаччалц цуьнан аьтто хиллера Нохчийчуьра 76 нах бехачу меттигашкара 1000 стагаца къамел дан. Царех доьалгIа дакъа Сайдулаевх тешаш хиллера. Кадыров шолгIачу меттигехь нисвеллера 23 процентаца. Делахь а къаьстира, 40% сов наха шаьш къастон верг билгалваьккхина хиллера харжамаш тIекхача кIира дисинчу хенахь, аьлча а, Кадыровн коьрта конкуренташ йукъара баьхначул тIаьхьа.

Сайдулаев ша йукъараваьлла аьлла хаам Кремлера схьакхечира. Кандидата бахарехь, оцу заманчохь президентан администрацин куйгалхочун гIовс хиллачу Сурков Владислава шеца цхьанакхета кхайкхина хиллера иза, "толаме Кадыров кхачон везаш хиларх омра" ду аьлла. Сурковна дуьхьло йинера Сайдулаевс. Диъ де даьлча поэто, Кадыров Ахьмадан пресс-гIуллакххошлахь хиллачу Пайзулаев Николайс, иза а вара президентан харажамашкахь кандидат, иск кховдийра бизнесхочунна дуьхьал. Харжаман кампани йукъара иза дIаваккхар тIедожийра цо, иза хьалхататтарх кехаташ тIехь кхачамбацарш ду аьлла. Кхин а ши де даьлча мехкан Лакхарчу кхело "Русское лото" лотерейн долахочунна Нохчийчоьнан президентан харжамашкахь кандидат вуьтуш йина хилла регистраци дIайаьккхира.

Нохчийчоь. 2003 шо. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Нохчийчоь. 2003 шо. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

ТIаьхьий-хьалхий иштта йукъарабевлира Кадыровн кхинболу оппоненташ а. Масала, инарла-майор Аслаханов Асламбек, 2003-чу шеран марсхьокху-баттахь цо дIахьедира, ша даьндарго лацахь бен йукъара вер вац къовсамна аьлла. Харжамаш тIекхача масех кIира дисинчу хенахь шен кандидатура йукъара йаьккхира цо а. ТIаккха дIакхайкхийра цо, Путин Владимиран Къилбаседа Кавказан хеттаршкахула гIоьнча ша хIоттийна хиларх а, оцу даржехь махкана шегара "алсам пайда" хирг хиларх а. 2008-чу шарахь Аслахановх Омскан кIоштан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо вира, ткъа 2012-чу шеран марсхьокху-баттахь декхарш кхочушдечуьра сацийра иза.

Кехаташ Центризбиркоме чудала дохковелира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеташонан хилла спикер Хасбулатов Руслан а – "Коммерсантан" журналисташка хIетахь цо дIахьедира, ша "хьал зийра, Нохчийчохь лартIахь харжамаш дIабахьа таро йац" аьлла. Харжамаш дIабахьа бутт бисинчу хенахь шен кандидатура йухаийцира иштта "Россия" хьешан цIийнан хиллачу директоран гIовсо, 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь Путин Владимиран конкурент хиллачу Джабраилов Iумаран воккхаха волчу вашас Джабарилов Хьусейна а. Кандидато цIеххьана сацам бира, шен "йукъараллин а, экономикан а гIирсаш бахархой кхион" хьажон. ШолгIачу дийнахь зорбанан министр волчуьра дIаваьккхира Гантамиров Бислан, Джабраиловн агIо лаьцнера цо.

Иштта, Нохчийчоьнан президентан дарже баха кандидаташ хиллачу 15-ннах бархI виссира 2003-чу шеран гезгамашин-бутт бовш.

ХIетахь, республикин бахархой эххар а кхийтира, шайх доьзна хIуммаъ а доций, ткъа кхажтасар – формалехь хIума дуй, аьлла хета бакъоларйархочунна Локшина Танина. Цундела дукхахболу нохчий реза ца хилира, цо ма-аллара, "харжамийн пародихь" дакъалаца.

Соьлжа-ГIала, 2003 шо. Сурт: Светин Александран
Соьлжа-ГIала, 2003 шо. Сурт: Светин Александран

Цхьахйолчу Соьлжа-ГIаларчу кIоштахь социалан болх беш хиллачу цхьаммо, шен цIе цайаккхар дехна, дийцира, ша къаж тосуш дакъа хIунда ца лецира, тоьпаш тIе а хьажийна, шена хетарг дуьйцийла йац бохура цо.

Шен цIе къайлайаьхьначу Соьлжа-ГIаларчу кхечу вахархочо бохура, меттигера бахархойх цхьана декъо "оьрсийн салтийн тоьпашна бухахь харажамашкахь" дакъалецира, хIунда аьлча, "кIордийнера тIом а, хIаллакхилар а": "Оцу наха маьршачу дахаре сатуьйсура, баларш доцуш, амма Iехабеллера".

КхоалгIа дакъа

Харжамийн де

2003-чу шарахь Нохчийчохь тIетаьIIина беш тIемаш бара – хIора буса бохург санна тIейеттара. Боьха хьожа лаьттара: гIаличуьура нехаш дIахьош йацара, маьI-маьIIехь нехийн баьрзнаш дара, цхьа наггахь бен дагош доцу. Бухе кхаччалц йохийна йара Соьлжа-ГIала – хи дацара, коммуникацеш йацара, амма дуккха плакаташ дара, Кадыров Ахьмадна кхаж таса бохуш, дIадиттина. Локшина Таняс дагалецарца, цуьнан портреташ дIадеттара "муьлххачу саьлнех".

"Оьрсийчоьнан пиархой гайта гIерташ хир бара, маьрша дахар хир ду, нагахь санна, оцу кандидатна аша кхаж тасахь бохуш. Кадыров Ахьмад ву шуна тракторна хьалха, Кадыров Ахьмад ву аренца, Кадыров Ахьмад ву гIишлошйаран каска тиллина – машаран билгало санна гойтура иза. Ткъа Нохчийчоь-м Iуьллура херцаршлахь, хIунда аьлча, цхьа а тайпа реконструкци хIетахь йолийна а йацара", - дагадоуьйту бакъоларйархочо.

Нохчийчоь. 2003 шо, бIаьсте. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
Нохчийчоь. 2003 шо, бIаьсте. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

Локшинас бахарехь, гIадужу-беттан 5-чохь, зазадокху-баттахьлера референдумехь а санна, Соьлжа-ГIала йелча санна йара: " Харжамхойн каппаш йара, цигахь иллеш, хелхарш хуьлура, ткъа урамаш даьсса, цхьа а вацара арахь. Оцу херцаршна йуккъехула вогIу хьо хьуо цхьаъ. Цхьа инзаре дог-ойла хуьлура хьан, хIинций-хIинций цхьаъ хир долуш санна".

Изза йаздора Алиев Тимура а, оцу заманчохь "Чеченское общество" газетин редактор вара иза, коммерцица йоьзна йоцчу "ТIамах а, машарх а дуьйцу Институтан"(Institute for War and Peace Reporting) организацин автор вара иза: "Даим а дуккха а адамаш лаьттачу базарехь хIума йухкурш алсамох бара, оьцучарел а. ЧIара бухкучу Улубаева Сапета бахарехь, иза "харжамашка ца йахара, "конкуренташ" хир бац, дикка мах бойла хир ду" моьттуш базара йеана хиллера иза, амма цунах гIуллакх ца хилира – хIума эца веана стаг а вацара…"

Алиев воцчо а терго йинера Соьлжа-ГIалин дасаделлачу урамийн. Харжамаш хIиттийначу дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша йоккха пресс-тур вовшахтоьхнера: церан зерашца, харажамех лаьцна дуьйцура 120 арахьара а, 100 гергга чуьра а корреспонденто. Цара а йаздира харжамаш болчу дийнахь республикехь арахь нах кIезиг хиларх

Масала, "Независимая газетана" лерина Андрей Рискина билгалдаьккхира: "Цкъа а ца хиллачу кепара кхерамзалла а латтош Нохчийчохь президентан харжамаш дIабаьхьира. ХIора кхаж таса бакъо йолчу итт стагана кхочура "герзаца цхьа стаг", цунна кхерамзалала латтош…Республикехь дихкинера машенаш дIасалелар, базарш къевлинера, административан гIишлошна а бина го бара".

Герзашца болчу салташа дIасалелабора журналисташ, цара цхьана а кепара маршо ца йуьтура, дуьйцу Локшина Таняс: "Корреспонденташ буьгура харжамхойн каппашка, царна дIагойтура меттигерчу артисташца массо а самукъане бу бохуш, дIагайта хьийзара. Автобусна уллора дIасавала а йиш йацара, цхьаьнца хабаре вала а йиш йацара. Массо а хIуманна гонаш дара дина, цундела къамел дан аьтто хиллачу нохчашца дуьйцург а йукъара дара, нахана шаьш маьрша ца хетара".

Нохчийчоьнан премьер-министр Попов Анатолий (аьтту агIор шогIаниг) кхаж тосуш ву Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштара номер 347 йолчу куьпахь
Нохчийчоьнан премьер-министр Попов Анатолий (аьтту агIор шогIаниг) кхаж тосуш ву Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштара номер 347 йолчу куьпахь

ДоьалгIа дакъа

Массарна а харжамаш

Iедалхошца йоьзна йоцчу "Машаран европахойн цIа" организацин куьйгалхо Гашаева Зайнап йевзаш йу 400 кассетех лаьтта, федералан эскархоша Нохчийчохь лелийначу зуламех видеоархиван цхьахйолу автор санна. Редакцин аьтто ца белира оцу видеошка хьажа. "Эхо войны" маслаIатан организацин цIарах Соьлжа-ГIалахь президентан харжамашна мониторинг йен иза иттех сов харжамхойн декъехь хилира. Бакъоларйархочо бахарехь, хуьлуш долчух дIайаздина ца Iаш, цунна хаа лаьара – харжамашкахь дакъалаца лаьий-те нохчашна.

"Соьлжа-ГIалахь Старопромыслан кIоштара массо а харжамийн каппашкахь хилла йу со, цигахь Iаш ма йарий со. ХIора куьпахь бюллетенеш чуоьцуш, ха деш хиллачу сайна бевза-безачаьрца къамел тосура аса. Бакъду, нах оьхуш бацара, цундела чуэца бюллетень а ца хуьлура. Дукха хьолахь пачхьалкхан белхан меттигашкара нах бара кхаж таса баьхкинарш, шаьш балхара дIадахарна кхоьруш оьхура уьш а, ишшта оцу каппашкахь болх бийраш а", - дагалоьцу Гашаевас.

ЦIоьнтарара, КадыровгIеран дай баьхна эвла, харжамийн куьпа. 2003 шо, гIадужу-беттан 5-гIа де
ЦIоьнтарара, КадыровгIеран дай баьхна эвла, харжамийн куьпа. 2003 шо, гIадужу-беттан 5-гIа де

Iедалхоша кхерамаш ца туьйсуш а ца дирзира гIуллакх харжамашкахь, масала, Куьрчалан а, ТIехьа-Мартанан а кIошташкахь харжамхойн каппашкахь дIадала долийра пенси а, амма цунах а гIуллакх ца хилира. Къаж таса махкара бахархой дуьхьал хилла ца Iара, тIечIагIдо иштта кхечу "Эхо войны" организацин декъашхочо Газиева Фатимас а.

"Харжамаш болчу дийнахь со Соьлжа-ГIалахь йара, суна гуш лара, адам кхаж таса ЦА эхар. Эвлахь Iаш йара сан нана, кхо-виъ стаг ваханера цигара а. ТIамах хIинца а меттабахканза бара нах, шайна белларш бохка а ца ларийнера. Аьтта гIала, херцарш, байина нах, тоьпаш тоьхнарш, тIепаза байнарш – оцу йуккъехула харжамаш. Декъаш тIехь бина харжам бара и, дIадохказчу декъаш тIехь", - дийцира Газиевас.

Референдум а хилале хьалха харжамийн комиссехь бахархойх хаамаш болуш бара, маса кхаж вовшахтухур бу хIора куьпахь, хууш дара, дагалоьцу Гашаева Зайнапа: "Суна йевзаш цхьаъ йара "Электроприборы" кIоштара куьпахь болх беш, цо дийцира суна, гIадужу-беттан 5-чохь суьйранна шаьш куьйгаш йаздира бохура бюллетенешна, маса стаг веана дIагайта – тергамчаш бан ма бацарий".

Бакъоларйархочо Локшина Таняс дийцарехь, хьеннан а аьтто бара оцу дийнахь кхаж таса – арахьарчу журналистийн а цхьаьна, гIадбахна суьрташ а дохуш: "Аса терго йира меттигерчу наха кхаж муха тосу хьожуш. Шайн боллу гергачийн а, бевза-безачийн а барз паспорташ дохьуш схьабогIура. Тергамчашна а гуш, цхьана стага массарах а кхаж тесира.

ТIемаш лаьттина дуккха шераш долчу заманчохь федералан центро хIиттийна харжамаш – керланиг дара. Шаьш харцонаш лелош и къайлах дан а ца хьийзара хьаькамаш. Уьш ца кхетара, иштачух дийца ца дезий а.

Йарташкара администрацийн куьйгалхоша хазахетарца дуьйцура тхуна, оцу кепара нах кхийларна шайна деза совгIаташ делира бохуш. ГIад оьхуш дуьйцура, иштта дика ду-кх тхо, тхайн ма-хуьллу къа хьийгира, цундела тхан ишта-вуьшта машен йу бохуш. Цхьа пароди санна тIе ца оьцийла йацара и дерриг а. Цхьа ирча. Пароди йар-кх, автоматаш тIе а хьежош".

Журналисташ балийна Соьлжа-ГIалара кхаьжнаш тосу 377-гIа дакъа
Журналисташ балийна Соьлжа-ГIалара кхаьжнаш тосу 377-гIа дакъа

Нохчийчоьнан президент хоржучохь лелийна харцонаш а, фальсификацеш а "дерриг чулоцуш а, системе а" хиллера аьлла ду "Мемориалан" а, "Демос" центран а, Дуьненайукъарчу адамийн бакъонашкахьа йллчу Хельсинкин тобанан а рапортехь. Уггар а вочух йара нах дукха ихна ала гIертар а, "бинжолаг" олург а, цхьана стага масийттазза кхаж тасар, цхьа а дуьхьало а йоцуш.

Тешаша кхаж тасар массеран а аьтто болуш дара баьхнехь а, рапортехь йаздина ду, кхаж таса куьпа ца кхьаьчнарш а бара. Республикин цхьайолчу кIошташкахь, масала Шелан кIоштахь, эскархоша бетонан блокашца кхаьжнаш таса тIевоьду меттигаш дIакъевлинера – цабевза нах тIе ма бита аьлла, омра дара царна дина. Президентан кандидат хиллачу Бураев Шемалан тергамчаш ца битинера кхьжнаш туьйсучу дакъошка.

Иштта рапортехь йаздо, харжамаш тасар доьрзучу заманчохь бюллетенеш меттигерчу ницкъахоша дIакъевличну кIоштан администрацин гIишлош чу кхийхьира, цигахь неIарш къевлина "дагардира" кхаьжнаш, протоколаш а хIиттош. Кхечу кандидатийн тергамчаш, Кадыров воцчун, оцу процедурина тIебитина а ца хиллера.

Масех даьллачул тIаьхьа Iедалхоша дIахьедира: 88 процент харжамхой баькхина, 82% кхаьжнаш кхаьчна Кадыров Ахьмадна аьлла.

КадыровгIар Ахьмад а, Рамзан а
КадыровгIар Ахьмад а, Рамзан а

Дерзор

КадыровгIеран клан кхоллайалар

Харжамаш бирзинчул тIаьхьа Гашаева Зайнап кхайкхинера ООН-н комиссин кхеташоне кхаж тасаран жамIех лаьцна дийцийта. Оьрсийчоьне дош далале хьалха, организацино ладоьгIнера, оцу процедурина тIехь терго латтийначу Iедалхошца йоьзна йоцчу йукъараллийн векалшка а, бакъоларйархошка а.

Гашаевас дийцинера ООН-ехь, ша тергал мел йинчу харцонех. Зал чуьра бакъоларйархо арайаьлча, цунна дуьхьал кхеттера республикин керла президент Кадыров Ахьмад – Оьрсийчуьра йоккхачу делагацин декъахь веанера иза, коьртехь юстицин министр Чайка Юрий а волуш.

Кадыровца цхьанакхетта хиллера Гашаева дуьххьара Нозхчийчохь Оьрсийчоьно тIом бечу заманчохь, хIетахь республикин муфтий вара иза, федералашна дуьхьал вара- бакъоларйархочо стол а, гIанташ а деанера цунна гIоьнна Минтука олучу майдана "адамашна охьахаа меттиг хилийта".

"ООН-ехь нохчий ма кхеттара, маракхийтира тхойша, иштта Iедал ду-кх тхан. Кхин хьал-де а ца хоттуш цо боху соьга: "Харжамаш дика дIабаьхьира". Кхин ойла а ца йеш, аса жоп дели-кх: "ХIан-хIа, харжамаш бан а бацара, адам дацара. Масхадов Аслан (1997-чу шарахь Нохчийн Ичкерин республикин хилла президент.- Редакцин билгалдаккхар) хоржуш хилла харжамаш бацара уьш. ХIинца хилларш харжамаш байцара". Суна жоп лучу Кадыровс, сан белш тIе куьг диллина, элира: "Вай иштта нисдийр ду [уьш хилча санна]. И а аьлла, чуваха", - дагалоьцу Гашаевас.".

Бакъоларйархочо бахарехь, ООН-ехь вистхилар шога дара Кадыровн, оьгIазе дара ала а тарлуш. Шен хадархой уллохь болуш, сесси чохь хиллачу хIусамчуьра араволуш йуха а цхьанакхийтира и шиъ - цу шинна йукъахь къовсам а хиллера, чIагIдо Гашаевас: "Кадыров дера вара, неIалташ кхийкхадора цо, ша ООН-е кхайкхиначунна а, тIом болийначарна а. Кхетий хьо? Со дIа лаьттара, чуьра вуьйлучу цуьнга а хьоьжуш. Гуш дара, ша дечунна дикка реза вацара иза, ша ловзон йезачу рольца а дIаийна вацара иза. Амма хьал иштта нисдаларна и кеп ца лелийча ца волура иза".

2003-чу шеран гIадужу-беттан 19-чохь 52 шо долу Кадыров Ахьма, маьршачу Ичкерин хилла муфтий, Оьрсийчоьнан декъахь йолчу Нохчийчоьнан республикин президент хIоьттира.

Бакъоларйархойн хьесапашца, Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а йукъара конфликт йерзош маьрша, демократин сацам болуш санна дIабаьхьна харжамаш, ма-дарра аьлча, Кремло ницкъбаран политика кхин а дIайахьар дара.

Тахана гоьйаьлла, цIийнах мел верг жоьпалле озон практика Кадыров Ахьмадна тIера йолайелла йу, тIемалойн доьзалашна хьежа а деш, тохарш деш. Федералаша "зачисткаш" йечу хенахь къеста а беш, божарий лечкъош, фильтрацин каппашкахь хьежабора, цаьргара, тIехь ницкъбеш, цхьа хаамаш баха, ткъа президентана муьтIахь хиллачу ницкъахойн керла кеп – кадыровхой бу – цара тIемалойн гергарнаш йийсаре лоьцура, шайн нах "хьуьнчуьра" арабахийта.

Кхин а коьртаниг хIун ду аьлча, иштта къарбинчех а, гIаттамхойн хиллачу командирех а шен долахь арми вовшахтохар шен кIантана Рамзаннах тешийра Кадыров Ахьмада, цо урхалла дира мехкан президентан кхарамзаллин сервисан а.

2003-чу шеран бIаьсте, Кадыров Рамзанан портрет. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)
2003-чу шеран бIаьсте, Кадыров Рамзанан портрет. Сурт: Блюэнн Изамбар (Bleuenn Isambard)

2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь, харжамаш хилла ворхI бутт баьлча, Кадыров Ахьмад велира Соьлжа-ГIаларчу "Динамо" стадионехь VIP-ложехь эккхийтар дина. Кхо шо даьлча мехкан куьйгалле хIоттийра цуьнан кIант Кадыров Рамзан.

Шен да волчу заманчохь кхоьллинчу эскарх пайдаоьцуш ву тахана Нохчийчоьнан урхалхо, шен критикашна а, церан гергарчарна а, гейшна а, доьзалехь гIело хьоьгучарна а, журналисташна а, президентан Путинан идеологин дуьхьалончашна а, бакъоларйархошна а, йозуш йоцчу Ичкерин агIончашна а, социалан машанашкахь гIиллакхе боцчу комментаторшна а, жигархошна а, ларамза дош олучу политикашна а, КъорIанна тIекхевдинчарна а, бозбуанчалашна а, иштта дуккха а кхинболчарна а тIаьхьавуьйлучу хенахь.

Редактор: Соколова Александра

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG