ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делах теша бакъо йоцуш: Кавказерчу тутмакхаша набахтешкахь гIело йарна аьрзнаш дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оренбургерчу №9 йолчу набахтехь хенаш токхучу Къилбаседа Кавказерчу тутмакхаша Ураза-байрам даздар дихкина шайна аьлла дIахьедина - исламехь коьртачу денойх цхьана дийнахь набахтера ламазан чоь дIакъевлина. Цунах дерг мангал-баттахь бен гIара ца делира. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдаьккхира: тутмакхийн динан бакъонашна гIело йар, дукхахьолахь бусулбанийн, Оьрсийчоьнан таIзарийн системехь шуьйрра даьржина гIуллакх ду.

"Гражданское содействие" комитете дIахьедар динчу тутмакхаша дийцира, шайн ламазан чоь зазадоккху-беттан чакхенгахь дIакъевлина хиларах - бусулбанийн беза Рамадан бутт болабала цхьа де дисча. Цул тIаьхьа кхо кIира даьлча Делах тешарш цу чу бахийтира, амма дийнахь шозза - делкъан хенахь а, сарахь а. Ураза-байраман дийнахь чоь, тешачаьрга ламазаш ца дайта, йуха а дIакъевлира.

Оьрсийчоьнан Конституци а, кхиндолу низамаш а синан маршонна, тешачийн бакъонашна тIехIиттар кхайкхош ду, амма и дерриге кхочушдеш дац.

ДIахьедархойн дешнашца аьлча, ламазан чоь дIакъовла сацам бинарг набахтин куьйгалхо вара. Низам цалелорна шена аьрзнаш диначарна бекхам бархьама. Амма керисташна шайн дин лелор ца дихкира.

“Къилбаседа Кавказера тутмакхаш Ураза-байрам дIа ма деллинехь, бистхилира тхоьга. Официалера хаамаш эшарна оха ИК-9 тхайн адвокат вахийтира. Цуьнгара хилам бакъбеш жоп схьа ма кхеччинехь, и гIуллакх гIарадаьккхира",- дийцира Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашна гIо даран "Гражданское содействие" программин координаторо - Титиев Оюба.

Ламазан чоь дIакъовларца лелайо манипуляцеш бусулбанийн бакъонашна гIело йар ду, билгалдаьккхира цо. Комитето цу хьолах дерг шен тидамехь латтор ду, амма цхьа хан йалийтина, толлур ду, цу Оренбургерчу набахтехь бусулбанийн хьелаш хийцаделла, ца делла.

"Тешачийн бакъонашна гIело йарах дуьххьарлера дIахьедар дац хIара. Дукхахйолчу набатешкахь йанне йац динан гIуллакх даран чоьнаш. Цхьаццанхьа бусулбанашкара ламазан кузнаш, динан литература дIаэцна меттигаш йу,"- тIетуху Титиевс.

Йукъаралле дина дIахьедарш а, гIаттам а

Набахтийн хьаькамаша бусулбанашна кеп-кепара гIелонаш йарах болу хаамаш регионашкара схьахеза цхьа шо хилла ца Iа. Йуьхьанца Нохчийчуьрчу Iедало тергал дора уьш. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ша боллучу бусалбанийн гIаролча хеташ ву. Иштта, нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди 2017-чу шарахь вистхилира Иркутск мехкан ФСИН урхаллин куьйгалхочуьнга. Рамадан баттахь марха кхаба лерина тутмакхаш гIуданан изолятор чубохкарах хаам хиларца доьзна дара иза.

2019-чу шарахь Соьлжа-гIаларчу кхело нийса лерира шен бакъо къевсина Битаев Сулима - Красноярскерчу №17 йолчу набахтехь хан токхуш волу. Низамза вовшахтоьхначу тобанехь латтарна а, терактехь дакъалацарна бехкевина вара иза. Тутмакхо Iуьйренан спорт ца йеш, ламаз дар, куьйгалло низам дохор санна нисдира, цу бахьанца иза гIуданан изолятор чу ваьккхира. Делах тешачо дIахьедира, Iуьйренан спорт цайар - шен бакъо йу, ламаз дар - шен декхар ду аьлла. Кхел цо бочучунна тIетайра.

Цу кепарчу леларийн бахьана - ницкъахошлахь Нохчийчохь хиллачу  шина тIамах чекхбевлла эскархой хилар ду

И сацам бинчул тIаьхьа ши кIира даьлча, ГIебарта-Балкхарчуьра тутмакхо Черкесов Аслана Кадыровга вистхуьлуш видео-кхайкхам бира. Цу видеочохь набахтин белхалоша ламаз дечарна новкъарло йарна тIеIаткъам бар дийхира цо. И дехар Ночийчоьнан Iедало тергал ца дира.

Дийнахь пхи ламаз цадайтар, ламаз цаэцийтар, Рамадан баттахь марха цакхабийтар чохь бохкучу бусулбанийн уггаре йаккхий проблемаш йу, аьлла билгалдаьккхира шайн дIахьедарехь аналитикин "Гражданское содействие" цхьаьнакхетаралло. Масала, мархийн баттахь тешачара хIума малх дIабуьзча бен ца йуу. Амма набахтин низамца цу хенахь массо садоIуш хуьлу, хIума йаа мегаш дац - дино ма-баххара дерриге лелош болу бусулбанаш меца Iен безаш хуьлу.

2018-чу шарахь "Русь сидящая" проекто зорбанедаьккхира Омскера №9 йолчу набахтин тутмакхан, дагестанхочун Сулейманов Русланан дийцар. ФСИН белхалоша цуьнан КъурIанна тIе когаш бетташ, цуьнан бетах буйнаш детташ хиллера. ТIаьхьо Нохчийчуьра Владимир-махкарчу набахте схьавалийначу Дахтаев Албека арздира, шегара динан атрибуташ, книгаш, ламазан куз дIаэцна, бертаза маж дIа а йаьшна шен аьлла.

Бусулбанашна гIело йар бахьана долуш 2020-чу шарахь Мордоверчу ИК-5 набахтера тутмакхаш гIевттира. Саратов-махкарчу набахтин №1 лазартнехь таIзарш лайначу тутмакхашлахь Кавказан республикашкара бахархой а бара. Gulagu.net проекто йаржийра и видеош, цара федералан тIегIанехь йоккха гIовгIа йаьккхира.

2022-чу шеран бIаьста бакъоларйаран проекто дийцира, Саратов-махкарчу №4 набахтехь чубоьхкинчу бусулбанашна, криминалан субкультуран векалшна йуккъехь дов даларах. Бахьана тешачара Рамадан баттахь марха кхабар дара.

МуьтIахь цахиларна гIело йар

"Набахтешкахь бусулбанийн бакъонашна гIело йаран терго оха йо массийтта шо ду. Цу кепарчу леларийн бахьана - ницкъахошлахь Нохчийчохь хиллачу шина тIамах чекхбевлла эскархой хилар ду...ТIамехь дакъалаьцнарш - галбевлла нах бу, царна реабилитаци йеш цхьа а болх бина бац, цундела цаьраца йоккха агресси йу. Цуьнца доьзна ду ислам дин лелочу тутмакхашна цара мел дийриг",- боху "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас.

Ишттачу дискриминацица къийса хала хилар билгалдоккху цо. ХIунда аьлча, набахтешкара хаамаш арабаха хало ду. Дукхахьолахь цу тайпачу зуламех дерг "Гражданское содействие" комитете хоуьйту шаьш тутмакхаша. Наггахь шайна хуург дуьйцу набахтийн белхалойх цхьаболчара.

"Хьалхо цу кепара зуламаш Iорадахарехь болх беш регионийн йукъараллин Iуналлин комиссийн декъахой бара. ХIинца ОНК урхаллехь ФСИН урхаллехь хилла адамаш ду - [ницкъахойн урхаллийн] хилла белхалой, тIеман пенсионераш. Церан хIун хьежамаш бу - вайна гуш ду",- тIетуху Ганнушкинас.

Хьалхо далийначу дуккхачу масаллашкахь бусулбанийн дискриминаци уьш муьтIахь цахиларна дина таIзар дара

ТIаьхьарчу масех шарахь набахтешкахь динан бакъонашна гIело йарах болу хаамаш наггахь бен ца хаало. Хетарехь, 2000-шерийн йуьххьехь и хьал мелла а хийцаделла. Масала, цхьайолчу набахтешкахь бусулбанашна ламазан чоьнаш схьайиллина. Дукхахболчу волайнхоша шайн хьолах дерг зорбанийн гIирсашлахь Iора ца доккхуш, бакъоларйархошка ца дуьйцуш, дита тарло. ТIаьхьа шайна хIуьттаренаш ца лелайтархьама, хьал ца эшийтархьама, билгалдоккху хаамийн - аналитикин "Сова" центран "Религия в светском обществе" проектан куьйгалхочо Сибирева Ольгас.

“Оренбургерчу набахтера схьахезачу хаамашка ладоьгIча, ламазан чоь дIакъовлар тутмакхаша хьалхо динчу аьрзнашна бекхам беш делла жоп ду. Хьалхо далийначу дуккхачу масаллашкахь бусулбанийн дискриминаци уьш муьтIахь цахиларна, цара аьрзнаш дарна, гIаттамаш барна дина таIзар дара. Тутмакхийн гIелонна лелош набахтийн белхалойн дуккха кхин гIирсаш бу, дискриминаци уггаре гIарайаьлларг йац. Кхинйолчу кепашца тIеIаткъам ца балуш шаьш дисча, йечух тера ду цара иза",-аьлла хета къамелахочунна.

"Набахти ма йу иза"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а Украинера агресси бехказайохуш, массийттуза дIахьедира, цу кепара шаьш ламастийн мехаллийн, бусулбанийн бакъонийн а гIароллехь ду аьлла. Амма Оьрсийчохь бусулбанийн бакъонашна гIело йар республикин Iедалхоша тергал ца до.

"Цара мел дуьйцург, церан пропагандин кхайкхамаш - шалхенаш, моттаргIанаш. Оьрсийчоьнан Конституцино а, кхиндолчу низмаша а синан маршо а, дин лелочийн бакъонаш а кхайкхайо, амма и дерриге лелаш дац. Декларацин дIахьедарш ду уьш, къаьсттина набахтешкахь. Ткъа Кадыровс иза тергал ца до",- боху Францехь вехачу нохчийн йукъараллин жигархочо, Iеламхочо Албаков Шемала.

Цул совнах, цхьана конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шега Къилбаседа Кавказера схьабевлла тутмакхаш набахтешкахь хьийзорах хаттар делча, ша царна цхьанна кепара гIо дан лерина воцийла дIахаийтар.

"Царна шаьш курорте хьовсор ду моьттура? Цара зуламаш дина: адамаш дайъар, нах лечкъабар, къоланаш, машенаш идор. Набатхи ма йу иза. Кисловодскера санатори ма йац",- жоп делира цу хенахь Кадыровс.

  • Оьрсийчоьнан набахтешкахь нахана таIзараш муха до хьалхо Кавказ.Реалии редакцига дийцира Gulagu.net проект йолийначу Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан белхалочо, докторо Миронова Верас а.
  • 2021-чу шарахь девнаш цахилийтаран, анализан Центро "Къилбаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь" цIе йолу тептар кечдира. Бакъоларйархойн хаамашца, ислам дин лелориш набахтешкахь уггаре чIогIа хьийзош бу. Царна таIзараш до, царна йетта йетта, кхечу тутмакхашка гIелонаш йойту.
  • Оьрсийчуьра динийн цхьаьнакхетараллийн хьалханчаша Украинехь боккха тIом болабелчахьана галморзахечу къамелашца мах хадийра хIоьттинчу хьолан - шина агIонна йуккъехь латтарна тIера тIом "беза тIом" бу бахарна тIекхаччалц. Цхьаберш бен ца баьхьира Кремлан агресси йемалйан. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа дийцира: уггаре чIогIа Кремлан идеологина гIортор хилла дIахIиттинарш бусулбанийн урхаллин векалш, Москварчу килсан патриархин куьйгалхой бара. Иудейша, буддисташа, керистан кхечу конфессийн векалша политикин хаамаш хьокъехь хIумма ца олура.
  • Соьлжа-ГIаларчу бусулбанийн кхелахо а, "Нохчийчоьнан дог" маьждиган имам а лаьттина волчу Хийтанаев Мохьмада Ростовн махкарчу бусулбанашна хьалха Украинера тIом "беза тIом" хиларах дуьйцуш къамел дира. Нохчийн Iеламхоша леррина дIахьош йу и пропаганда. Исламца цуьнан догIуш цхьа а хIума доццушехь, боху Кавказ.Реалии редакцица къамеле бевллачу Iеламхоша а, нохчийн жигархоша а. Хийтанаевс шен къамелехь харцдерг дуьйцу аьлла дIахьедина цара, Украинерчу бусулбанийн дахар Оьрсийчуьрчу бусулбанийнчул маьрша ду а олуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG